Эрзашкара цициг

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Эрзашкара цициг
Эрзашкара цициг
Ӏилманан классификаци
Дуьне: Дийнаташ
Тип: Хордови
Класс: Декха дийнаташ
Тоба: Акхарой
Доьзал: Цицкаш
Бухара доьзал: Жима цицкаш
Тайп: Цицкаш
Куц: Эрзашкара цициг
Латинан цӀе
Felis chaus
Schreber, 1777
Ареал
сурт
ITIS 183802
NCBI 61376

нох. Эрзашкара цициг (лат. Felis chaus) олу. Акха цициг ду иза а. Когаш тӀехь жимма лекхо ду иза. ДегӀан дохалла 50-90 см. ЦӀога 20-30 см. Лергаш тӀехь чо бу ирах бахана. ДегӀа тӀехь морсо чо бу. Бос можо-мокха бу. ДегӀ лахара сирло ду, букъ мокха бу. Букъа тӀехула таьӀно мокха сизаш ду.

Уьш хуьлу меттиг: Къилбехьара Ази, Афганистан, Иран, Юккъера Ази, Гергара Малхбале, Африкан цхьана декъехь, Малхбале Закавказехь Копет-Дагахь, Мургабски оазисашкахь, Вахшу, Пянджу, Аму-Дарья,Сыр-Дарья лахенашкахь. Вайн республикерчу Шелковской районехь хуьлуш ду и тайпа цицигаш. Церан лелар буькъчу эрзашлахь, коьллин кондаршлахь бецийн, шочан тоьлгашкахь, хӀурдан йистошца, хин тогӀешкахь ду.

Ижо буьйсанна лоха цара. Дийнахь а лела уьш ижонна тебаш. Акха нӀаьнеш, котамаш, акха бедаш, гӀезаш, лекъаш кхин долу олхазарш доу цара. Олхазарийн тойнеш а дохадо, кӀорнеш а йоу. Боларахь лела иза долалой. Дечиг тӀе хьала а долу. Ша ор даккхар к1езиг хуьлу цуьнан. Цхьогалан, кхин долчу экхано д1атесна бен схьалоцу цо. Январь-март баттахь оре дог1у иза. К1орнеш апрелехь-июнехь йо. КӀорнеш 2-10 хуьлу.

Хьажа. кхин[нисъе | нисъе чухулара]

Вайн махкан акхарой

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]