Эмбарго

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эмбарго

Эмба́рго (испан. embargo) — лацар, бехкамбар, embargar — бахам лацар, эмбарго; дуьхьалояр, новкъарлояр, схьадаьлла лат. imbarricare — дуьхьалояр, новкъарлояр.

  1. пачхьалкхо кхечу пачхьалкхашна ца магадар чудан йа арадаккха пачхьалкхера деший йа кхечу пачхьалкхийн валюта, шакепара товараш — герз, керла технологеш, кхин а;
  2. пачхьалкхан Ӏедало шайн порташ чу кхечу пачхьалкхийн кеманаш дахкийта, йа шайн порташкара кхечу пачхьалкхийн кеманашна арадовла ца магадар;
  3. кӀеззиг йа юьззина йохк-эцар сацаяр билгалчу пачхьалкхашца ВКЪКХ лаамца йа кхечу пачхьалкхашна юкъарчу цхьанакхетараллин ВКЪКХ Устав дохадарна йа кхин гӀуо болх барна та1зар дархьама оцу пачхьалкхана.

Эмбаргон Ӏалашо хила тарло репрессалеш яр кхечу пачхьалкхана дуьхьал, лаам цунна экономикин зие а дина шеш боххург дайта.

Пачхьалкхашна йукъара къаьмнийн уьйранийн практикан эзар шеран истори ю, дуккха а масалаш ду йохк-эцар ца магорехь. Тайп-тайпана исторехь а, хӀинца а эмбарго хӀотторо таро ло оцу гӀирсан арахьара йохк-эцаран гӀуллакхийн цхьацца бахьнашца классификаци ян.

Санкцийн Ӏаткъаман субъектаца эмбарго дукхаха дерг хьажийна ю пачхьалкхана (я масех пачхьалкхана) дуьхьал, амма наггахь хила тарло персонификацин амал, иза йозуш йац йолчу а, вехачу а пачхьалкхех (масала, эмбарго терроран кхолламашна дуьхьал).

Официалан тӀегӀанца йохк-эцаран эмбарго лело тарло официалан амал, хила тарло гӀара ца йоккхуш а.

Ца магоран барамца билгалъяккха мега юьззина йа кӀеззиг эмбарго. Юьззина эмбарго кхето мегар ду массо а агӀора ца магоран дуьхьалонаш яр пачхьалкхашна йукъара арахьара йохк-эцар лелорехь, йукъара яха мегар ду цхьайолу гуманитаран программаш кхочушъяран Ӏалашо. КӀеззиг эмбарго яьржина цхьайолчу агӀонашна йа арахьара йохк-эцаран объекташна. КӀеззиг эмбарго ян тарло экспортан юкъаметтигашкахь а, импортан операцешкахь а, цуьнца цхьаьна хила тарло тайп-тайпана санкцийн комбинацеш.

Экспортийн а, импортийн а сурсатийн йохк-эцаран эмбаргон кепаш

Эмбаргон хӀума Санкцийн пачхьалкх-инициатор Эмбарго йина пачхьалкх
Экспорт Пачхьалкхо мага ца до арадаккха товараш шайн дозан тӀиера Пачхьалкхана санкцеш йо шайн дозанал товараш ара ца дахийта
Импорт Пачхьалкхо мага ца до чудан товараш шайн дозан тӀе Пачхьалкхана санкцеш йо церан дозан тӀе товараш ца дахийта
Экспорт а, импорт а Пачхьалкхо мага ца до арадаккха шайн дозанал, чудан шайн дозан тӀе Пачхьалкхана санкцеш йо церан дозан тӀе товар дан а, церан дозан тӀиера товар арадаккха а

Эмбаргон классификаци юкъадалочу ца магоран деклараци яран мотивацийн кепаш.

  1. Политикин амалан эмбарго.
  2. Экономикин амалан эмбарго.
  3. Пачхьалкхан къоман кхерамазалла латто Ӏалашон эмбарго.
  4. Пачхьалкхийн лаьттан дозанашца болу къийсамаш ца хилийтаран эмбарго.
  5. Пачхьалкхан гражданийн могашалла ларъяран Ӏалашон эмбарго.
  6. Экологин амалан эмбарго, йо пачхьалкх кхечу пачхьалкхан экологин политикин йа дийнаташца дика ца хиларна реза ца хилар гайтархьама.

Хьаьжа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Викидошаман логотип
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «эмбарго»

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Эмбарго // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Глаженков К. Есть ли жизнь после эмбарго? // Маслоделие и сыроделие. — № 5. — С.10-11.
  • Милосердов В. В. Санкции, эмбарго продовольствия, импортозамещение // Экономика сельского хозяйства России. — 2014. — № 11. — С.13-20.
  • Ассортиментная матрица Санкт-Петербурга после продовольственного эмбарго // Хлебопродукты. — 2015. — № 1. — С.69.
  • Степанов А. С. «Моральное эмбарго» 1939 г.: нарушенное сотрудничество СССР и США в области авиастроения // Вестник Санкт-Петербургского университета. Серия 2. История. — 2004. — № 1-2. — С.26-39.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Эмбарго. dictionary-economics.ru. — Понятие слова в Экономическом словаре. ТӀекхочу дата: 21 мартехь 2012. Архивировано 26 майхь 2012 года.
  • Эмбарго. feb-web.ru. — Понятие слова в Толковом словаре русского языка в 4 томах. Т. 4. — 1940. ТӀекхочу дата: 21 мартехь 2012. Архивировано 26 майхь 2012 года.
  • Эмбарго. dic.academic.ru. — Понятие слова в словаре „Академик“. ТӀекхочу дата: 21 мартехь 2012. Архивировано 26 майхь 2012 года.