Хьун

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Данера гӀаш долу хьун
шуьйра гIа долу хьун. Эрмалойчоь, Дилижан
Таиландера догӀан тропикан хьун
Сьерра-Невада КалифорниН къилбаседера лаьмнашкара баганан хьун
Чилин къилба дакъан барамехь йолу Вальдивн хьун
Попан хьун (Fagus sylvatica) с ярко выраженными ярусами

Хьун — дукха йа кӀезиг эрзаш дитташ долу меттиг, диттийн йукъаш ораматаш йолуш, цуна хӀоттам коьллаш, бӀаьцаш, чураш а жӀаьлинускалш а кхин а.[1]

Хьуьнан структура[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ладамен ораматийн биологин башхаллех а, церан хенах а, билгалчу физико-географин хьолах а доьзна хьуьнхахь кхуьу масех тӀегӀа ораматаш. ТӀегӀанаш — дика хаалуш дозанца къастийна ораматийн болх бен меженийн концентрацин ана ю. ТӀегӀанаш ян тарло цхьаьнца йа шинца, кхин сов а кепашца. Хьуьнхахь хуьлу тӀегӀанаш[2]:

Попан хьун (Fagus sylvatica) дика къаьсташ йолчу тӀегӀанашца
  1. Дитташ. Хьуьнан бохь — тӀеттӀа кхетна диттийн цхьаьна кондарш. Барамера асан хьаннашкахь хила тарло шиъ кхаччалц хьунан бохь, тропикийн хьаннашкахь — диттийн пхиъ тӀегӀа. ТӀуьна тропикийн хьаннашкахь ю чӀогӀа лекха диттийн тӀегӀа.
  2. Коьллаш. Лаьтта лохачу диттийн коьллех.
  3. Бецан йа бецан-коьллийн.
  4. Корсаман[2].
  5. Хьуьнан йодар — «хьуьнхарчу латтан тӀехь органиках дисина чкъор»[3] (БСЭ). Иза лаьтта охьаэгначу гӀашшах, геннех, зазанех, стоьмех, чкъорах, кхин а ораматех дисинчух, дийнатийн боьхаллех, дакъанах, кхоьбийн а, нӀаьвцицигийн а чкъорах. Хьуьнан йодарехь масех миллион яхархо хӀора квадратан метр тӀехь хуьлуш меттиг а нисло, цхьалханашна а, бактерешна а тӀиера дехкашка а, кегийра декха дийнаташка кхаччалц. Цундела хьуьнан йодар уггар луьста дахар долу тӀегӀа ю[4]. Еллачу ораматех дисина чкъор делла чкъор ду[5]. Хьуьнан йодаран роль чӀогӀа ладаме ю, цуо кхочушйо хӀара функцеш:
    1. Хьена латта кхоллало меттиг.
    2. Хино дӀадахьарах а, датарх а латта лардар.
    3. Латтан хинан а, хӀаваан а раж латтаяр.
    4. Латтан хьун кхиийтаран хьал.
    5. Ораматаш декха элементаш гуллало меттиг[3].
  6. Хьуьнан латтан бухара тӀегӀа лаьтта хьуьнан латтан а, цуьнан дуккха а йолу яхархойн а ораматийн ораман системех[6], царна йукъахь ю фауна, жӀаьлин нускалаш, микроорганизмаш.

Хаало тӀегӀанера доцу ораматашхьерчаш а, текхаш а долу ораматаш а, эпифиташ а[7].

Коьрта компонент ю дитташ. Коллаш а, дийна латтан чкъор а ца хила тарло луьста баххьаш долчу хьуьнхахь. Дийна латтан чкъор йукъайогӀу йолуш йолу корсамаш, бецан ораматаш, коллаш[8].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Лес // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  2. 1 2 Хьун — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.  Архивировано из источника 14 апреля 2013
  3. 1 2 Хьун — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 
  4. Лес — Энциклопедия Кольера
  5. Хьун — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 
  6. Энциклопедия лесного хозяйства. — М.: ВНИИЛМ, 2006. — Т. 2. — С. 38. — 416 с. — ISBN 5-94737-023-9.
  7. Хьун — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 
  8. Энциклопедия лесного хозяйства. — М.: ВНИИЛМ, 2006. — Т. 2. — С. 38, 45. — 416 с. — ISBN 5-94737-023-9.