Хьакка

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эвла
Хьакка
оьрс. Хаккой
Сурт
42°52′54″ къ. ш. 45°40′29″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Шуьйтан
Йуьртан меттиг Шуьйтан
Корта Сулейманов Али Адамович
Истори а, географи а
Йиллина 1978
Хьалхара цӀерш ЦӀогун
Бахархой
Бахархой 30[1] стаг (2012)
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код (871 35)
Поштан индекс 366406
ОКАТО 96228822004
sp-shatoy.ru
Картин тӀехь
Хьакка картан тӀехь
Хьакка
Хьакка картан тӀехь
Хьакка
Хьакка картан тӀехь
Хьакка

Хьакка (оьрс. Хаккой) — Нохчийчоьнан Шуьйтан кӀоштан эвла йу.

Шуьйтан йуьртан меттиган йукъайогӀу[2][3].

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эвла йу ЧӀаьнта-Орга хина аьрро агӀона йистехь.

Уллера нах беха меттигаш йу: къилбаседехьа — Лакха-Варанда, къилба-малхбалехьа — Шуьйта, къилбехьа — Вашандара, малхбузехьа — Суьжа[4].

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нохчийн тайп Хьаккой ду Шуотой тукхамна йукъа догӀуш. Дуккха а болу йаздархоша йаздарехь Хьаккой а Шуотой цхьаъ бу. Хьаккой баха охьахоьвшина эзар шо хьалха Хьаккой мохк олучу латтана дозана тӀаьхь. Хьаккой тайпана йу цӀенна нохчийн тайпана хила хьакъ йолу билгалонаш — бӀоьвнаш, латта, ламан аре — Хьаккой лам. Ше бахаллехь бу Хьаккой лам Шуьйтара охьа Дочу-Борзе кхаччалца беха, шинна а агӀора ду охьадогӀуш хиш — ЧӀаьнта-Орга аьрру агӀонагахь ишта аьтту агӀонагахь Шара-Орга.

Дайшкара дийцарехь Хьаккой хилла Орстхой тукхамца тӀеман барт йуккъахь, ишта олуш хилла цара Хьаккой баьхкана Шема олучу меттера схьа.

Хьаккой тайпана меттигаш йу Шуьйта гӀала а Хьакка а, Нохчийчоьнан Шуьйтан кӀоштахь, ламанчоьнна йукъахь а йолуш.

Ламанчоь йу уггаре а йеха туогӀе Кавказехь, иза йу Нохчийчоьнна йуккъахь.

Ширчу заманахь хилла Ламанчоь йоккха некъан зӀе. Цу йуккъола лелаш хилла дуккха а пачхьалкхашкара нах Гуьржийн махка, Суьйлий махка, ишта ХӀирийн махка а. Къаьстана Шуотой аре хилла, Дарйалехь санна, некъан зӀе латташ Европера Азе ишта Оьрсичура Кавказ ара. Оьрсийн пачхьалкха хьадалчий ишта мах лело нах а лелаш хилла XVIII векехь тӀаьххьалца.

Шуотой хилла къаьсташ оьзда гӀиллакхца, къинхетамца, хьаша-да тӀеэцарца, шаьш делла дош лардарца а.

Вайнаха дайшкахь дуьйна Шуотойх олуш хилла Эли.

Кавказ тӀом чекхбала герга кхаьчначу хенахь, тӀеман йуьхь бӀе шарашкахь карош а йоцучу заманчохь, къизаллин барам боцу гяур мостагӀ, массо а Дала чу са кхоьллина хӀума тарца а цӀарца а йийна дӀа йоккхуш, ишта хьаннаш а хьоькхуш кхаьчна Ламанчоьнна герга схьа.

Инглис пачхьалкха истори йаздархочо Джон Фредерик Баддели ше книжки тӀаьхь «Оьрсаша Кавказ йаккхар 1720—1860»[5] аьлла нохчех лаьцна:

«Нохчийчоьнан дукхох йолу меттиг хилла йуькъа хьун йолуш… Хьун мел лаьтта, лаьттана Нохчи къар цалуш… Нохчаша духкуш цахилла мостагӀашна шай сий[5]

Барам боцу Евдокимовн эскаро Ламанчоьн коьвне тӀом болийначу хенахь, Хьаккой тӀемалошна догӀуш дара инглис истори йаздархочо аьлла дешнаш.

Йазйина Ӏуьллучу истори тӀера схьа[6] ишта «Нохчийчоь Кавказан тӀеман чаккхенгахь» цӀе йолу книжки тӀера[7]: «Дочу-Борзехь „Аргунское“ цӀе йолу саьнгар йина а ваьлла, Евдокимовн эскаро долийна шен тӀелатарш Ламанчоьн лакхенца. Оьрсаша схьа йаккха Ӏалашо хоттийна меттиг хилла Кавказехь уггаре а халачех цхьаъ. Хьала ЧӀаьнта-Органца Ӏуьллуш хилла беркате Шуьйтан аре, и схьайаккхарца хилла доьзна Кавказан кхи дӀа долу тӀеман хьал. 4 июлехь 1858 шарахь уггаре а ницкъ болу пачхьалкхан цхьабӀе шовзткъе итт эзар сов долу оьрсийн эскарах къастийна тоба, шайна хьалха волуш Евдокимов, кхаьчна хӀинца Зонах эвла лаьттача схьа. Имаматан коьрта меттиг Ведана тӀелата гӀерташ санна сурт а хоттийна, 8 июлехь 1858 Евдокимовн эскаро болийна цӀеххьана къиза тӀом, йаккхий тоьпаш а йетташ. Шуотойх висна ца хилла шибӀе герга тӀемало а, доккхох долу тӀемалойн дакъа Имаман омраца Ведан агӀо дӀадигна хилла. Хьалха Оьрсаша Ӏаьнан заманашкахь бина ца хилла Кавкзехь ишта беха а хала а тӀом. Оьрсийн эскар эша герга кхаьчна хилла, амма Оьрсашка йаккхий тоьпаш а керла йукъа йевла массех патарма буьллуш йолу таьпаш а, ишта метр сов деха долу цхьамза а хилар бахьана долуш бевлла Шуотой йуха. Оьрсаша сацош ца хилла Ламанчоьн лакхенца тӀелатрш, хьаннаш а хьоькхуш оьхуш хилла уьш хьала.

30 июлехь 1858 шарахь, массех дийнахь йаккхий таьпаш а йитташ бехха тӀом а бина йаьккхина оьрсаша Хьакка гӀала схьа[6][7]

9 августехь 1858 шарахь генерал-лейтенант Евдокимовс йан йолийна, оьрсийн эскаро схьайаьккхина Хьакка-гӀала лаьттинчохь, Шуьйта цӀе йолу саьнгар.

Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бахархойн дукхалла
1990[8]20022012[1]
472730

Суьрташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Паспорт Шатойского муниципального района на 1 января 2012 года
  2. Сельские населенные пункты Шатойской сельской Администрации (Шатойский район) Архивйина 2012-02-11 — Wayback Machine
  3. Закон Чеченской Республики от 29.08.2011 № 30-РЗ «О внесении изменений в некоторые законодательные акты Чеченской Республики» Архивйина 2018-11-11 — Wayback Machine
  4. Карта Чечни Объём 8 МБ.
  5. 1 2 Д.Ф. Баддели. Завоевание Кавказа русскими. 1720-1860:. — 2011.
  6. 1 2 А.А. Айдамиров. Хронология истории Чечено-Ингушетии:. — 1991.
  7. 1 2 Ш.А. Гапуров, А.М. Израйилов, Р.А. Товсултанов. Чечня на завершающем этапе Кавказской войны (Страницы хроники Русско-горской трагедии ХӀХ века):. — Нальчик: ЭЛЬ-ФА, 2007.
  8. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  9. А.В. Комарова, А.П. Ипполитова, Н.И. Воронова. Сборник сведений о кавказских горцах:. — Тифлис, 1868.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Оьрсийн маттахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нохчийн маттахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]