Тушети

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Тушети

თუშეთი


Карта
Тушети
Тушети

Тушѐти (гуьрж. თუშეთი) — къилбаседа-малхбален Гуьржийчоьнан историн а, географин а ломан область.

Регион, цунна юкъахь къоман парк Тушети, юкъатоха кховдийна ЮНЕСКОн дерриг дуьненан тӀаьхьенан испискан[1].

Географин хьал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Административан агӀора Тушетино дӀалоцу КӀахети регионан Ахметан муниципалитетан къилбаседа дакъа.

Областо дӀалоцу Ӏаьндийн Койсу эркан а, и хи кхуллуш долчу Пирикитан а, Гомецаран а Алазанин лакхенашкара ломан боьра.

Тушети къастийна ю КӀахетех къилба агӀора, малхбузера Боккха Барбало бохь (3294 м) тӀиера малхбалера Шавиклде (3578 м) кхаччалц, Коьрта Кавказан дуькъан декъаца. Шена тӀехула, 1980-гӀа шарахь биллина автомобилан шоссе ПшавелиАбано(ингалс.) дукъ даккхарОмало чекхболу Абано дукъ даккхаро (2850 м), уьйр латтайо Тушетин таханлера уггаре йоккха эвлан Омалон кӀоштан юкъца Ахметаца.

Меттиг, климат, латта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Доккхаха долу лаьмнашна тIехь гуттаренна а лайш ду, дисинчарна тIаехь ло ца хуьлу чIогIа йовха ца хилчи. Дерзина лекха тархаш айаделла дум ассо а агIора, хьаннаш а йац, коьллаш а ца хуьлу наггахь бен. Климат луьра ю, чIогIа хийцалуш а ю меттиге хьаьжжина. лаьтта бархI баттахь, гурахь а, бIаьста а чIогIа мехаш хуьлу, доцца аьлчи, Ӏалам башха дика дац оцу меттиган бахархошна, церан амалехь а, гIиллакхехь а гуш ю уьш бехачу лаьттан климат.

Латта кхузахь кIезиг леладо, деккъа даьхний ду бахархойн бахам, Iа дахделча церан хьал дика ца хуьлу. Оцу меттигехь беха шуой а, тушинаш а алсама реза бу шайн дахарна, церан амал а ю кIеда пхийнчул, цара дIалоцу кхин а лакхара Кавказан ломан акъареш. Пхийн хьена доцу латто ялта кIезиг даларна цара гуьржашца тIаргIа хуьйцу ялтан дуьхьала.

Галерей[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]