Тодакх

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Тодакх
Тодакх
Тодакх
Ӏилманан классификаци
Халкъашна юккъера Ӏилманан цӀе

Otis tarda (Linnaeus, 1758)

Бухара тайпанаш
  • Otis tarda dubowskii
  • Otis tarda tarda
Ареал
сурт

     Преимущественно оседлая популяция      Преимущественно перелётная популяция

     Преимущественно зимовки
Ларяран статус
Status iucn3.1 VU ce.svg Находятся в уязвимом положении
Уязвимые
IUCN 3.1 Vulnerable : 106002760
Wikispecies-logo.svg
Викихаамашкара
систематика
Commons-logo.svg
Суьрташ
Викигуламехь
ITIS   176419
NCBI   73107
EOL   915364

Тодакх — ( en. Grote trap, Otis tarda ). Оьрсаша "Дрофа" олу тодакхах. Доккха олхазар ду иза. Корта а, гIорта а овкъаран басахь ю цуьнан. Букъ хьаьрса бу, пурхалхьаша Iаьржа сизаш - тIедарчий а долуш. ЧукIело сира ю, тIемаш кIай ду Iаьржачу месийн йист а йолуш. Боьршачу тодакхан лог кIел Iаьржа мас ю.

  • Тодакхаш хин тогIешкахь а, буц-аренашкахь а, хьаннийн йистошкахь а хуьлуш ю. Адамаш кIезиг лелачу меттехь до цара баннаш, жимма лаьттах кIаг а боккхий, буха хIума а ца юьллуш. Тойна апрель баттахь доккху. ХIоа шиъ я кхоъ до тодакъо. Баьццара бос а болуш, Iаьржа тIедарчий а долуш хуьлу цуьнан хIоьаш. Тойна доккхачу хенахь нIаьна юххехь ца соцу. Тойнахь Iеш йолу тодакх шен басца бецех дIаоьй хуьлу. Цундела адамийн а, акхаройн бIаьрг тIе ца кхуьу цунна. КIорнеш кхианчул тIаьхьа гIеранашца хуьлу тодакхаш. Лаьттара хьала гIовттар хала ду церан. ГIевттина евллачул тIаьхьа йовдар чехка ду. Генна хьалий, охьий кхочуьйтуш ластабо цара тIам. ХIаваэхь могIа бой ца йоьлху уьш. Даар соьналлаш а, садолу хIумнаш а, бецан хIу а ду. Уьш Iаламехь кIезиг йолу дела, царна таллар дихкина.

Суьрташ[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажа. кхин[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]