Татаев, Ваха Ахмедович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Ваха Ахмедович Татаев
Татаев, Ваха Ахмедович
Татаев, Ваха Ахмедович
Вина терахь 1914 шеран 15 декабрь({{padleft:1914|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})
Вина меттиг Девлетгирин-Эвл, Нохчийчоь, Терски область, Российн импери
Кхелхина терахь 1977 шеран 13 август({{padleft:1977|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:13|2|0}}) (62 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Корматалла артист, театран гӀуллакххо, депутат, культурин министр
Гражданалла Российн импери Российн импери ССРС
СовгӀаташ
«Кавказ ларйаран» мидал
«Кавказ ларйаран» мидал
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидал
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал

Ваха Ахмедович Татаев (1914 шеран 15 декабрь, Девлетгирин-Эвл, Нохчийчоь, Терски область, Российн импери — 1977 шеран 13 август, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артист (1959), Нохч-ГӀалгӀайн АССР Лакхара Советан депутат, Нохч-ГӀалгӀайн АССР культурин министр (19581976).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жималла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Винера 1914 шеран 15 декабрехь Девлетгирин-Эвлахь. 1929 шарахь иза деша вахара Соьлжа-ГӀалахь йолу рабфаке. Циггахь иза волавелира исбаьхьаллин кхолламаллехь дакъа лаца. 1931 шарахь иза хилира Горячеводскехь клубан куьйгалхо. 1934 шарахь иза хилира Соьлжа-ГӀалара ЧелюскингӀара цӀарах йолу кинотеатран куьйгалхо. 1938 шо кхаччалц иза вара «СевКавКино» куьйгалхон когаметтаниг[1].

1938 шарахь иза хилира Х. Нурадиловн цӀарах йолу Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан драматически театран артист а, директор а. Иза левзина Кац а, Ржевский а сценарийца кхоьллина «Олеко Дундич» спектаклехь коьрта роль, Сурхон роль (М. Гадаевс а, Г. Батукаевс йазйина «Сурхо, Адин кӀант» спектакль), капитан Ибрагимов (Идрис Базоркинс йазйина «Тамара» спектакль), Отелло (Уильям Шекспирс йазйина «Отелло» спектаклехь), инарла Завьялов (Афиногеновс йазйина «Де хьалха» цӀе йолу спектаклехь), кхиераш а.

Цо доккха дакъа лецира ГИТИСехь Нохч-ГӀалгӀайн актёран студи кхуллуш. 19391941 шерашкахь иза вара ша кхоьллина студин студент. Иза тоьллачарех студент вара, цунна лора Островскийн цӀарах йолу стипенди.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом[нисйе бӀаьра | нисйе]

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом бахьнехь цуьнан дешар чекхдаккхар ца нисделира. ТӀом болабелча иза йуха а шен театре схьавеара артистан а, директоран а болх дӀакхехьа. Цу хенахь иза ВКП(б) декъашхо хилира. 1942 шарахь иза Исбаьхьаллин гӀуллакхийн урхаллан куьйгалхо хӀоттира. И болх дӀакхоьхуш а, цо шен артистан болх ца буьтура. «Грозненский рабочий» газетехь Е. Кречетовас йаздира:

« Героя пьесы Сурхо играл Татаев. Этo его дебют в большой ответственной роли. У Татаева хорошие данные. Его Сурхо — порывист и горяч, доверчив и мечтателен. Авторы не дали Сурхо большого разнообразия чувств и, мыслей. Но имеющийся драматургический материал Татаев несет ярко, с достаточной глубиной и силой.

»

Татаевс йира артистийн бригадаш. Оцу бригадаш фронтехь болу а, цига дӀабагӀаз болу а салташна концерташ а лора, спекталеш а гойтура. Оцу концерташкахь Татаевс ша дакъа лоцура. Татаевс боккха агитацин болх бора, артистийн бригадашца фронте воьдура. И болх барна бахьнехь цунна дукха грамоташ а, совгӀаташ а делира.

Нохчий а, гӀалгӀай а цӀера бахар[нисйе бӀаьра | нисйе]

1944 шеран 23 февралехь нохчий а, гӀалгӀай а цӀера бехира. 1944 шарахь иза вара Джамбулан областин театран куьйгалхо а, «Октябрь» кинотеатран куьйгалхо а. 19451948 шерашкахь цо бира Алма-Атинан берийн а, кегирхойн а театран куьйгалхон гӀончан болх. 1948—1951 шерашкахь иза вара Абайн цӀарах йолу Казахийн пачхьалкхан операн а, балетан а академически театран директоран когаметтаниг, 1951 шо дуьйна — Джамбул Джабаевн цӀарах йолу филармонин директоран когаметтаниг[1].

Казахстанан куьйгалхос рогӀера совгӀат дала иза хьалхатоттуш цунна иштта характеристика йелира:

« За время работы в учреждениях искусства Казахстана Татаев показал себя компетентным специалистом с глубокими знаниями, он принимал активное участие в подготовке и воспитании творческих работников, пользовался уважением и авторитетом. Татаев прилагал все усилия в удовлетворении эстетических нужд трудящихся республики, в их концертном обслуживании, в пропаганде среди населения казахского искусства, в подготовке национальных кадров.

»

Беркате къинхьегам бахьнехь цунна йелира масийтта мидал а, дукха грамоташ а, мехале совгӀаташ а. Иза хержира Алма-Атана цхьана райсоветан депутат. ЦӀера веккхина стаг оцу метта харжара инзаре хӀума дара цу хенахь[1].

Республика меттахӀоттаяр[нисйе бӀаьра | нисйе]

1957 шарахь цӀадиризнчул тӀехь иза хилира Нохч-ГӀалгӀайн республикин меттахӀоттайаран Организационни комитетан культурин а, искусстван а гӀуллакхийн урхаллан куьйгалхо. 1958 шарахь иза хӀоттира Нохч-ГӀалгӀайн республикин культурин министр. 20 шарахь Татаевс бира и болх. Культура йуха меттахӀоттаян йезар — адамаш а, хӀусамаш а, ахча ца тоьара. Духа хан йалале болх бан йолайелира театраш, филармони, библиотекаш, музейш, музыкин школаш, кхийолу культурин учреждениш. ХӀора шарахь ГИТИСе, ЛГИТМИКе, Вагановски хореографин училище деша бохуьйтура похӀме кегирхой. Республикин кхолламе тобанаш йара пачхьалкхан тоьллачарна йуккъехь. Цара дика гойтура вайн республика йеррига Союзехь а, кхоьчу пачхьалкхашахь а[1].

Нохч-ГӀалгӀайн филармонис заза деккхира Татаев республикин культурин министр волуш хенахь. Филармонехь болх беш бара республикехь бевзаш болу артисташ — Марьям Айдамирова, Умар Димаев, Шита Эдисултанов, Валид Дагаев, Султан Магомедов. Цул совнах, кхузахь болх беш бара йерриг Союзан бевзаш болу артисташ — Махмуд Эсамбаев а, Муслим Магомаев а.

Соьлжа-ГӀалин филармони йара пачхьалкхахь уггар йевзаш йолучарех цхьаъ. Йерриг Союзера телефонаш а йеттара, телеграммаш а кхоьхьийтара шайга вайн филармонин артисташ бахкита бохуш. Кхано Нохч-ГӀалгӀайн филармоне болх бан бехкира Иосиф Кобзон, Юрий Антонов, Ирина Понаровская, Катя Семенова, Александр Барыкин, кхибераш а. Шен хьалхара «Нохч-ГӀалгӀайн Сийлахь артист» цӀе Соьлжа-ГӀалахь йаьккхира Иосиф Кобзонс а, Юрий Антоновс а. Иштта и цӀе йелчарна йуккъехь бара эшархо Павел Лисициан, композитор Оскар Фельцман, кхибераш а. Муслим Магомаеван йелира «ЧИАССР Халкъан артист» цӀе[1].

Шен белхалон балхан аьтто бан гӀерташ Татаевс хӀора шарахь шен белхалошна 10-12 квартира йоккхура, царна силаллийн цӀераш йаккха гӀертар, цера алапаш тӀетогӀа гӀертар.

1958 шарахь Татаев хаьржира Нохч-ГӀалгӀайн АССР Лакхара Советан депутат хаьржинера. 1959 шарахь цунна йелира ЧИАССР Халкъана артист цӀе. 1961 шарахь цо чекхйаьккхира ГИТИС, 1962 шарахь — ЦК КПСС Лакхара партин школа.

1976 шарахь иза пенсе вахара. Цул тӀаьхьа цхьа шо далале, 1977 шеран 13 августехь иза велира.

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • «Кавказ ларйаран» мидал;
  • «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидал;
  • «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал;
  • Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артист (1959);
  • дукха мехале совгӀаташ, дипломаш.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Гапаев Абдула. Ваха Ахмедович Татаев // Вайнах : журнал. — 2005. — № 2. — С. 45-46.
  • Сулумова Дэти. Больше полувека — в сфере культуры! // Вести республики : газета. — 2013. — № 131(2064). — С. 3.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]