Татабанья

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ГӀала
Татаба́нья
Tatabánya
Сурт
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
47°34′30″ къ. ш. 18°24′30″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Мажаройчоь
Медье Комаром-Эстергом
Мэр Чаба Шмидт
Истори а, географи а
Майда 91,43 км²
Центран локхалла 167 ± 1 метр
Сахьтан аса UTC+1
Бахархой
Бахархой 67 043 стаг (2014)
Луьсталла 765,48 стаг/км²
Официалан мотт Мажарийн
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код 34
Поштан индекс 2800

tatabanya.hu (венг.)
Картин тӀехь
Татаба́нья картан тӀехь
Татаба́нья

Татаба́нья[1] (маж. Tatabánya, нем. Totiserkolonie) — Мажаройчоьнан къилбаседа-малхбузера гӀала, Комаром-Эстергом медьен административан йукъ. Бахархой 67 043[2] стаг (2014).

Географи а, транспорт а[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀала лаьтта ломан Герече а, Вертеш а цӀе йолчу шина дукъан атагӀехь Будапештан 55 километр къилбаседа-малхбузехь. ГӀалахула чекхдовлу Будапешт — Вена цӀерпоштнекъ а, автомагистраль а (M1, E-60, E-75). ЦӀерпоштахь Будапеште кхочу цхьаьна сахьтахь гергга.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Монумент Турул

ХӀинца Татабанья лаьттачохь хилла кхоъ историн эвла — Альшогалла, Фельшёгалла, Банхида. Уггаре шираниг царех — Банхида — дуьххьара хьахийна 1288 шарахь.

XVI бӀешарахь область дӀалаьцна хилла туркоша, туркойх маьрша йаллачулла тӀаьхьа XVII бӀешо чекхдолуш адам кӀезиг хиларна немцойн а, словакийн а бахархой балийна кхуза баха. 1787 шарахь Альшогаллехь ваьхна 580 стаг, Фельшёгаллехь — 842.

ЦӀеххьана бахархой тӀекхета буьйлабелла XIX бӀешеран хьалхарчу декъехь, гӀалин йисташкахула кӀора карийча. Шахташна гергахь керла эвла йиллира, цӀе Татабанья тиллира.

ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлчи мехкан коммунистийн правительство индустриализаци йаран программа тӀеийцира, цуьнца дагахь бара масех жима мажарийн гӀалинех йаккхий индустрийн йаккъаш йан. 1947 шарахь историн кхо эвла а, шахтёрийн посёлок Татабанья а цхьаьнатоьхна Татабанья гӀала йира, цигахь йолийра йаккхий масштабан гӀишлошйар. Альшогалла, Фельшёгалла, Банхида гӀалин кӀошташ хилира. Кхин а кхо шо даьлчи гӀалинах Комаром-Эстергом медьен коьрта шахьар хилира.

Шийлачу тӀеман заманара гӀишлошъяран кӀошташ
Селиман хьех
Альшогаллера килса

ГӀалин экономикин бух хилира металлурги, кӀора баккхар, йеза машенашйар. XX бӀешеран 80-гӀачу шерашкахь бахархойн барам 80 000 стагал сов белира.

90-гӀа шерашкахь коммунистийн правительство йоьжначул тӀаьхьа, йезачу а, маьӀдадаккхаран а промышленностийн экономикин роль цӀеххьана охьаелира, гӀалара дикка нах дӀабахара. ГӀалин экономикин структура чӀогӀа хийцайелира, хӀинца гӀалин бахархой балхахь бу электрийн дакъош дарехь, дӀакъовлу гӀирсаш кечбеш, наштар тодеш; ткъа кхин а сервисехь а, махлелорехь а. 90-гӀа шерашкара экономикин къоьлла дӀайаьлла, тахана Татабанья — динамикаца кхуьуш гӀала йу.

Дешар[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀалахь 2 колледж а, 10 йуккъера а, 16 йуьхьанцара а ишкол йу. 1992 шарахь дуьйна болх беш йу Таханенан экономикин университет.

Спорт[нисйе бӀаьра | нисйе]

Татабаньяхь дукха еза спорт, гӀалахь йина дуккха а спортгӀишлош — футболан стадион, къевлина а, йиллина а бассейнаш, масех спортан гӀаланаш а, залаш а.

Татабаньяхь йу 1910 шарахь кхоьллина футболан команда, иза ловза мажарийн хьалхекъовсаран лакхарчу лигехь. 2006/2007 шеран чемпионатехь командо 12 меттиг йаьккхира. Иштта Татабаньяхь йу гӀарайаьлла божарийн гандболан команда «Татабанья-Карбонэкс».

Сийлаллаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Монумент Турул. Иэс, гойту Татабаньян хӀост тӀиера легенда хилла олхазар Турул, хӀоттийна гӀалин тӀехуларчу лам боьххьехь.
  • Селиман хьех. Герече лаьмнашках йу.
  • Ломан даккъаш Герече а, Вертеш а. Хьаннаш йевлла шунаш чӀогӀа хаза ду, Ӏалам дезархой оьху цига.

ДоттагӀий-гӀаланаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Географический энциклопедический словарь: географические названия / Под ред. А. Ф. Трёшникова. — 2-е изд., доп. — М.: Советская энциклопедия, 1989. — С. 471. — 210 000 экз. — ISBN 5-85270-057-6.
  2. Ежегодное издание «Административная Венгрия», Центральное Статистическое Бюро, 2014.
  3. http://nado.znate.ru/%D0%93%D1%80%D0%BE%D0%B7%D0%BD%D1%8B%D0%B9 Архивйина 2019-02-03 — Wayback Machine