Сура Ятlар

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьавала оцу: навигаци, лаха

84 Сурат АЛЬ-ИНШИКЪАКЪ /Стигал/ ядар (Маккахь доьссина‚ дерриге 25 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

1. Стигал яьдча‚ 2. Шен Кхиош-кхобуш волчу /Далла/ муьтIахь хилла‚ /и Далла муьтIахь хилар цуна/ хьакъ хилча /и массо хир ду къематдийнахь/‚ 3. Латта дIадаржича /нисдича, тIаьхь мел йолу хIума дIа а яккхина/‚ 4. Шена тIехь мел дерг дIакхоьссина‚ ша десса дисча‚ 5. Шен Кхиош-кхобуш волчу /Далла/ муьтIахь хилла /и Далла муьтIахь хилар цуна/ хьакъ хилча. 6. ХIай адам! Баккъалла а, хьо хьан Кхиош-кхобучунна тIе вахан къахоьгуш ву къахьегарца /валарна тIе вахан‚ я Далла/‚ хьо Цуна дуьхьал кхетар ма ву /я айхьа йинчу Iамална  диканиг ялахь а‚ вониг ялахь а/. 7. Амма и шен тептар шен аьтту куьйга дIаделларг  8. ТIаьхьа цуна хьесап дийр ду аттачу хьесапаца /миза-терза узуш/‚ 9. Шен цIийнан охIлана тIе иза воьрзур ву хазахеташ. 10. Амма и шен тептар шега шен букъатехьахула дIаделларг  11. ТIаьхьа цо кхойкхур ду хIаллакхиларе /велла дIавалар атта дара цунна/‚ 12. Чуваьр ву жоьжахатина. 13. Баккъалла а, иза вара шен цIийнан охIлахь хазахеташ. 14. Баккъалла а, цуна меттара ша /шен Кхиош-кхобучунна тIе/ вухавоьрзур вац. 15. ХIаъ‚ баккъалла а, иза Кхиош-кхобуш волу Дела хилла цунах дерг гуш. 16. ХIан-хIа! Дуй боу Аса малх дIабузуш стигал цIийяларца‚ 17. Дуй боу Аса буьйсанах а‚ цо гулдечух а. 18. Баттах а /дуй боу Аса/ и буьзича /боккха хилла/ 19. Шу ховжар ма ду цхьаьна хьалера кхечу хьале . 20. ХIун ду-те царна уьш ца теша? 21. Шайна тIехь КъурIан доьшуш сужд ца да? 22. ХIаъ! И ца тешаш хилларш /дин/ харцдеш бу-кх. 23. Дела дика хууш ву цара шайгахь хьулдинарг. 24. Кхаъ баккха царна лазош долчу Iазапца‚ 25. Иман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш боцучаьрна  царна хир ю хедар йоцу ял!




Хьажа. кхин

Хьажораш