Сура Шахьар

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьавала оцу: навигаци, лаха

90 Сурат АЛЬ-БАЛАД ГIала (Маккахь доьссина‚ дерриге 20 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

1. ХIан-хIа! Дуй боу Аса хIоккху гIалах /Макках/. 2. Хьо /хIай Мухьаммад/ хьанал ву-кх цу гIалахь! 3. Дех /Адамах/ дуй боу Аса‚ цо дуьнена ваьккхиначух а /цуьнан доьзалах  нахах/: 4. Оха кхоьллина адам халонгахь . 5. Цуна метта-те шена тIехь цхьаннена ницIкъ кхочур бац? 6. Цо олу: "Аса дуккха даьхни хIаллак дина ". 7. Цуна метта-те ша цхьаннена гина вац? 8. Оха цуна ши бIаьрг ца бина? 9. Мотт а‚ ши балда а /ца дина/? 10. Оха нисвина иза /дикачунна а‚ вочунна а тIе боьдучу/ шина новкъа. 11. Ирхо яхьан хьала ца гIирти иза. 12. Хьоьга стено хаийтина‚ иза хIун ирхо яхьар ду? 13. Лай азат ваккхар ду. 14. Я хIума яор ду мацалла йолчу дийнахь 15. Шен гергара долчу боберана‚ 16. ЧIогIа къоьлла йолчу мискачунна. 17. ТIаккха /иза дахь/ хир ву иза иман диллинчарех а‚ вовшашка собаре хила олуш весет диначарех а‚ вовшашка къинхетаме хила олуш весет диначарех а. 18. Уьш бу аьтту агIонан /ялсаманин/ дай. 19. Тхан аятех цатешнарш  уьш бу аьрру агIонан /жоьжахатин/ дай. 20. Царна хир ю /шен неIарш царна тIехь/ къевлина цIе.




Хьажа. кхин

Хьажораш