Сура Хьарчор
81 Сурат АТ-ТАКВИР ДIахьарчор (Маккахь доьссина‚ дерриге 29 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.
1. Малх дIахьарчича‚ 2. Седарчий охьадегча‚ 3. Лаьмнаш /шайн меттигашкара/ дIадоладелча‚ 4. Пхора эмкалш Iу воцуш йисча‚ 5. Акхарой гулъйича ‚ 6. ХIоьрдаш дагийна‚ царех цIе хилча‚ 7. Синош /шайн дуьненахь хиллачу догIмийн чу/ дIадерзича ‚ 8. Дийна йолуш дIайоьллина /кешна чу/ хиллачу йоIе хаьттича, 9. ХIун къа бахьанехь иза йина хилла аьлла. 10. /Нехан Iамалш тIеяздина/ тептарш дIаделлича‚ 11. Стигал /уьстагIан цIока доккхуш санна/ схьаяккхича‚ 12. Жоьжахати дIалатича‚ 13. Ялсамани /Делах кхоьруш хиллачаьрна/ герга ялийча 14. /И массо хIума хилча тIаккха/ сина хуур ду ша хIун деъна . 15. ХIан-хIа! Дуй боу Аса дIасхьалелачу седарчех /шаьш хиллачу меттигера дIатилаш хиллачу/‚ 16. /Буьйсана гучудолуш стигалхула/ дIасхьалелаш‚ тIаккха дIахьуллеш долчу седарчех а‚ 17. Буьйсах а‚ иза Iаржъелча‚ 18. Iуьйренах а‚ иза садаIа йолаелча 19. Баккъалла а, иза /КъурIан/ сийлахь долчу элчанан дош ма ду‚ 20. НуьцIкъала долчу Шегахь чIогIа Iарш йолчун /Далла/ гергахь‚ 21. /Шена кхин маликаш/ муьтIахь долчу‚ цигахь ша тешаме долчу. 22. Ма вац шун накъост /Мухьаммад/ жиних /цхьаболчу керстанашна ма моьтту/. 23. Цуна и /Джабраил малик/ ма гира серла еллачу анахь /стиглан арахь/. 24. И ма вац шега къайлахь /нахана ца гуш долу/ доуьйтачу вехьех хIумма эшадеш /нахах хьулдеш‚ ца дуьйцуш/. 25. И /КъурIан/ ма дац /цхьаболчу керстанашна ма метта/ тIулгашца эккхочу шайтIанан дош. 26. Шу мича гIош ду /цу КъурIанна инкарло еш/? 27. Иза беккъа хьехам бу Iаламашна‚ 28. Шух ша нисвала луучунна. 29. Шуна луур-м дац Iаламийн Да ша волчу Далла ца лаахь.