Сура Хазаллаш

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьавала оцу: навигаци, лаха


43 Сурат АЗ-ЗУХРУФ Хазаллаш (Маккахь доьссина‚ дерриге 89 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

Дакъа 1 1. Хьа-мим . 2. Билгалчу жайнаца /дуй боу Аса/. 3. Оха хилийтина цунах Iарбийн КъурIан  шу хьекъале хир дацара-те? 4. Баккъалла а, иза /КъурIан/ жайнан нена чохь ду Тхан гергахь‚ лекханиг а ду‚ хьукаме дерг а ду /ша/. 5. Ткъа Оха шух ца тухуш буьтур бу хьехам шу тIаламза къам хили аьлла? 6. Мел пайхамар вахийтина Оха хьалхалерачашкахь! 7. Цхьа а пайхамар ца веъна цаьрга цара иза сийсаза веш бен. 8. Оха хIаллакбина царех /хьан къамал/ ницIкъаца чIогIа берш  дIадахана хьалхалерчийн масал. 9. Ахьа цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цара аланне а эр ду хьуна: "Уьш кхоьллина Ша везза волчо‚ Ша хууш волчо /Дала/!" 10. Ишттаниг ву Иза хилийтина шуна лаьттах /вижа/ мотт‚ Ша хилийтина шуна цу чохь /лаьттахь/ некъаш  шу нийсачу новкъахь хир дацара-те. 11. Ишттаниг а ву Иза Ша /тIетта/ доссадеш стиглара хи барамехь  Оха денбина цуьнца белла болу мохк. Иштта шу /кешнашкара/ арадохур ду /къематдийнахь/. 12. Ишттаниг а ву Иза Ша массо хIума шиш-шиш кхоьллина‚ Ша хилийтина шуна кеманах а‚ бежнех а шуна тIеховжа хIуманаш 13. Шу дIанисдалийтан церан баккъаш тIехь‚ тIаккха аша хьехадан шайн Кхиош-кхобучун ниIмат шаьш царна тIехь дIанисделча‚ аша алан: "Вонах цIена ву И ша тхуна хIара муьтIахь йинарг‚ тхуна цу тIехь ницIкъ кхочур ма бацара. 14. Баккъалла а, тхан Кхиош-кхобучуьнга дIадоьрзуш ма ду тхо". 15. Цара ма хилийти Цуна Цуьнан лех цхьа дакъа . Баккъалла а, адам билгала керста хили-кх.

Дакъа 2 16. Я Цо лаьцна Ша кхоьллинчух мехкарий‚ ткъа шу хаьржина кIенташца? 17. Царех цхьаннена кхаъ беккхича шаьш Къинхетам болчун масал далийначуьнца  Iаржалой лаьтта цуьнан юьхь‚ халла оьгIазло юхаозаеш /и шена йоI хилар ца дезаш/. 18. Ткъа хазаллашкахь кхиънарг, ша къийсамехь /бакъдолчуьнца/ билгала ца яьлларг (зудастаг хуьлуьйту цара Далла)? 19. Цара хилийти маликаш‚ шаьш Къинхетам болчун леш долу‚ зударий. Уьш /хьоьжуш/ бара-те уьш /маликаш/ кхуллучу хенахь? ДIаяздийр ма ду церан тешалла‚ цаьрга хоттур ма ду. 20. Цара элира: "Къинхетам болчун лиънехьара‚ оха царна /маликашна/ Iибадат дина хир дацара". Царна цуьнца цхьа а Iилма дац. Уьш бац харц луьйш бен. 21. Я Оха жайна делла-те цаьрга цул /КъурIанал/ хьалха уьш цуьнца чIагIбелла болуш? 22. ХIаъ‚ цара элира: "Баккъалла а, тхуна карийна тхан дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лартIахь дIанисделла ду". 23. Иштта ца вахийтира Оха хьоьл хьалха юьртахь цхьа а кхерамча цуьнан зовкх хьоьгучаьра олуш бен: "Баккъалла а, тхуна карийна тхан дай цхьана дина тIехь‚ тхо церан лар тIехь доьдуш ду". 24. Цо /Мухьаммад пайхамара/ элира: "Ткъа со веънехь шуьга шуна шайн дай шена тIехь карийначул мелхо нийсачуьнца‚ /тIаккха харц во аша со/?" Цара элира: "Баккъалла а, тхо шу /элчанаш/ шеца даийтинчун керста ду-кх". 25. Оха чIир ийцира цьаргара. Хьажал хьо‚ муха хили /дин/ харцдиначерийн тIаьхье!

Дакъа 3 26. ИбрахIима аьллера шен дега а‚ шен къаме а: "Баккъалла а, со цIена ву аша шена Iибадат дечух. 27. Со кхоьллинчунна бен /дийр дац аса Iибадат/‚ баккъалла а, Цо со нисвийр ву". 28. Иза хилийтира цо шен тIаьхьенехь бухадуьсуш долу дош  уьш бухаберза там бара-кх . 29. ХIаъ‚ Аса бахам белира хIокхарна а‚ церан дайшна а цаьрга бакъдерг а‚ билгала элча а валц. 30. Шайга бакъдерг деъча‚ цара элира: "ХIара бозбуанчалла ду‚ баккъалла а, тхо цуна керста ду". 31. Цара элира: "ХIара КъурIан доссинехьара шинне юьртара сийлахь-веззачу стаге" . 32. Ткъа уьш бу хьан Кхиош-кхобучун къинхетам буьйкъуш берш? Оха бийкъина царна юкъахь церан бахам дуьненан дахарехь‚ царех цхьаберш вовшийн тIехь даржашца лакха бехина‚ царех цхьаболчаьрга шайна вакхарга гIуллакх дайтархьама. Хьан Кхиош-кхобучун къинхетам дика бу цара гулдешдолчул. 33. Нах /берриге/ цхьа уммат ца хилахьара Оха хилийтина хир ма дара Къинхетам болчунах цатешаш болчаьрна церан цIеношна датон тхевнаш а‚ ламеш а‚ уьш шайна тIебовлуш болу. 34. Церан цIеношна неIарш а‚ маьнганаш а /датох хуьлуьйтура бара Оха/ уьш шайна тIетовжуш болу. 35. /Кхин/ хазаллаш /дашо/ а /лур яра Оха царна/. Иза дерриге а  дуьненан дахаран хIума бен ма яц. Эхарт хьан Кхиош-кхобучун гергахь /Делах/ кхоьручаьрна ю.

Дакъа 4 36. Къинхетам берг хьехьорах гIапал хилларг  Оха тIекхуссу цуна шайтIа и цуна ца къесташ накъост а хуьлий. 37. Баккъалла а, цара /шайтIанаша/ дIатилабо уьш /шайн накъостий  адамаш нийсачу Делан/ некъах‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду. 38. Ша тхуна тIе кхаччалц‚ тIаккха эр: "Декъаза ма вала со! Суна а‚ хьуна а юккъехь малхбален а‚ малхбузен а юкъан геналла хиллехьара-кх! Ма вон накъост хили-кх /суна шайтIанах/". 39. Банне а пайда /шу дохкодавларх/ хир бац шуна тахана /къематдийнахь/‚ аш зулам дина. Баккъалла а, шу Iазапехь цхьана хир ду. 40. Ткъа ахьа хозуьйту къораволчунна‚ нийсачу новкъа вуьллу бIаьрсадоцург‚ ша билгалчу тилар чохь хилларг? 41. Оха хьо дIакхалхийчи а  баккъалла а, Оха цаьргара чIир оьцур йолуш ма ю. 42. Я Оха гайтанне а гойтур ма ду Оха царна ваIда йинарг  баккъала а Тхо царна тIехь ницIкъ кхочуш ма ду. 43. Ахьа схьалаца хьайга вехьеца делларг. Баккъалла а, хьо нийсачу новкъахь ма ву. 44. Баккъалла а, иза /КъурIан/ хьехам бу хьуна а‚ хьан къаме а‚ тIаьхьа хоттур ду шуга . 45. Ахьа хаттал Оха хьоьл хьалха элчанех баийтинчаьрга: "Оха хилийтиний-те Къинхетам беш верг воцург /кхин/ делий цара шайна Iибадат деш ?"

Дакъа 5 46. Оха вахийтинера Муса Тхан аяташца ФирIавне а‚ цуьнан элашка а‚ цо злира: "Баккъалла со Iаламийн Ден элча ву". 47. Иза /Муса/ шайга веъча Тхан аяташца‚ уьш царех /аятех/ бийлира. 48. Оха ца гойту цаьрга цхьа а аят иза шел хьалхадаханчул мелхо доккха долуш бен. Оха схьалецира уьш Iазапаца  уьш бухабоьрзур бацара-те /шайн тиларх/. 49. Цара элира: "ХIай бозбуанча! Деха тхуна хьан Кхиош-кхобучунга хьан гергахь Цуьнан ваIда хилларг  баккъалла а, тхо нислур ма ду /оха иман дуьллур ма ду и Iазап дIадаьккхича/. 50. Оха ай ма диннехь шайна тIера Iазап  цара барт бохийра. 51. Кхийкхира ФирIавнас шен къаман юккъехь‚ элира: "Ткъа сан дац Мисран паччахьалла, хIара хиш суна /сан гIалин/ бухахула лелаш долу? Шуна ца го /сан сийлалла/? 52. Я со дика вац хIокхал ‚ ша заIип волчу‚ талкхо /мотт тийсалуш/ волчу? 53. Кхуьссинехьара цунна тIе дашон чIуг‚ я деънехьара цуьнца цхьана маликаш /цунах/ хуттаделла". 54. /Дукха/ дайа карийра цуна шен къам  уьш цуна муьтIахь хилира. Баккъалла а, уьш хилира песакъ нах. 55. Цара Тхо оьгIаздаьхча  Оха цаьргара чIир ийцира  хина буха бахийтира уьш берриге а. 56. Уьш хилийтира Оха хьалхабахна‚ масал хилла тIаьхьабогIучаьрна. 57. Марьяман кIантах масал далийча хьан къам цунах (масалх) дийлира /хазахетта/. 58. Цара элира: "Тхан делий дика бу я иза ву?" И /масал/ ца далийра цара къийсамна бен. ХIаъ‚ уьш /харц/ къуьйсуш къам ду. 59. Иза-м веккъа лай бен вац‚ Оха ниIмат делла цуна‚ Оха хилийтина цунах масал Исраилан кIенташна. 60. Тхуна лууш далхьара шун метта маликаш хуьлуьйтура дара Оха лаьттахь‚ /шу хIаллакдина/ тIаьхьа дуьсуш. 61. Баккъалла а, иза /Iиса пайхамар/ сахьтан /къемат ден/ Iаламат ду‚ ахьа янне а шеко ма елахь цуьнгахь‚ Суна тIаьхьавазалахь. ХIара бу /хьуна/ нийса некъ. 62. Данне а шайтIано юьстах ма дохийла шу /бакъдолчух/. Баккъалла а, иза шуна билгала млстагI ма ду. 63. Iиса веъча билгалонашца цо элира: "Со веъна шуьга хьекъаллица /хьекъал дахьаш/‚ шуна шайца хилпало йолу цхьадерш билгалдаха а. Делах кхералаш‚ суна муьтIахь а хилалаш. 64. Баккъалла а, Дела Иза ву сан Эла а‚ шун Эла а‚ Цуна Iибадат делаш. ХIара бу /шуна/ нийса некъ". 65. Хилпало хилира тобанийн царна юккъехь. Ма /боккха/ бала бу зулам диначаьрна лазаме долчу дийнан Iазапах. 66. Уьш хьожий-те шайга цIеххьана сахьт даре бен и шайна хаа ца леш? 67. ДоттагIий оцу /къемат/ дийнахь вовшийн мостагIий хир бу /Делах/ кхоьруш боцурш.

Дакъа 7 68. ХIай Сан лай! Кхерам бац шуна тахана‚ шу гIайгIане хир дац. 69. Тхан аятех иман диллина хилла берш‚ бусулба хилла берш. 70. ЧугIо ялсамане шу а‚ шун зударий /чIогIа/ даккхидедаш а хилла. 71. Царна тIехьийзар ма бу /кегий къонахий/ дашон хедаршца а‚ кедашца а. Цигахь синошна мел дезарг хир ду‚ бIаьргашна Iебарг а хир ду. Шу цигахь гуттар лаьттар ду. 72. Иза ялсамани ю шуна ирсана кхаьчна аша йина хилла Iамалш бахьанехь. 73. Шуна цигахь стоьмаш а бу дуккха а‚ аша царех буур а бу. 74. Баккъалла а, къинош динарш жоьжахатин Iазапехь гуттар а лаьттар бу. 75. И царех айдийр дац‚ уьш цу чохь /диканах/ догдиллина /хьере/ хир бу. 76. Оха зулам ца дина царна‚ делахь а уьш хилира /шайна/ шаьш зуламхой. 77. Цара кхойкхура: "ХIай /жоьжахати/ долахь ерг ! Далийтахьара тхо хьан Кхиош-кхобучо" Цо элира: "Шу лаьттар ду /ца луш/". 78. Тхо деънера шуьга /дуьненахь/ бакъдолчуьнца‚ делахь а шух дукхох болчаьрна бакъдерг ца дийзира. 79. Я цхьа гIуллакх цхьалхадаьккхи цара /Маккин керстанаша элчанна дуьхьал/? Баккъалла а, Тхо ду /гIуллакхаш/ цхьалхадохурш /Оха хIаллакбийр бу уьш/. 80. Я царна метта-те Тхуна ца хозу церан къайле а‚ шабар-шибар а. ХIаъ‚ Тхан элчанаш /маликаш/ цаьргахь яздеш лаьтташ бу. 81. Ахьа ала: "Къинхетам болчунна доьзалхо хилча‚ со цхьалгIа ву-кх Iибадат дечарех". 82. Вонах цIена ву стигланийн а‚ лаьттан а Да‚ Iаьршан Да‚ цара дечу /харц/ сипатах. 83. Бита уьш къийса /харцдолчуьнца/ а‚ ловза а‚ шайна ваIда йина йолчу шайн /къемат/ денца цхьаьнакхетталц. 84. Иза ву стиглахь а Дела‚ лаьттахь а Дела‚ Иза хьукаме верг а‚ хууш верг а ву. 85. Декъала ву Шена стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла дерг‚ Цуьнгахь ду сахьт хIоттаран Iилма а‚ Цуьнан тIе дIадерзор ду шу а. 86. Цара Иза воцуш шайга кхойкхучаьрийн долахь дац шапаIат а‚ ша бакъдолчуьнца тешалла а диначуьнгахь бен /и шаьш деш долу тешалла/ шайна хууш. 87. Ахьа цьарга хаьттича‚ уьш хьан кхоьллина аьлла‚ цара эр ма ду: "Дала". Муха Iехабина уьш /шайтIанаша/! 88. Цуьнга /Мухьаммад пайхамара Деле/ элира: "Везан Дела‚ хIара къам иман дуьллуш ма дац". 89. ДIаверза царех (уьш хьйца санна во ма хила цаьрца)‚ ала: "Машар !" ТIаьхьа хуур ду царна.



Хьажа. кхин

Хьажораш