Сура Тlех лекха

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьавала оцу: навигаци, лаха

87 Сурат АЛЬ-АIЛЯ Вуно лекханиг (Маккахь доьссина‚ дерриге 19 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

1. Хастае вуно лекха волчун‚ хьо Кхиош-кхобуш волчун цIе! 2. Ишттаниг ву Иза Ша кхоьллина‚ /массо хIума шен-шен меттиге/ дIанисйина волу‚ 3. Ишттаниг а ву Иза Ша /массо хуманан/ барам бина‚ /адам/ нийсачу новкъа диллина волу‚ 4. Ишттаниг а ву Иза Ша /шун бежнашна/ дежийлаш схьадаьхна волу. 5. Цо хилийтина царех /сен еллачул тIаьхьа/ якъаелла Iаржаелла яраш. 6. Оха хьуна /хIай Мухьаммад/ доьшур ду /КъурIан/‚ хьуна дицлур дац иза 7. Далла лиънарг бен! Баккъалла а, Иза хууш ву гучахь дерг а‚ къайлахь дерг а. 8. Оха аттадийр ду хьуна аттадолчунна /тIаьхьа хьо хIотта/. 9. Хьехам бе /КъурIанца/‚ хьехамо пайда бахь! 10. Дагалоцур ду хьуна /и КъурIан/ /Делах/ кхоьруш волчо. 11. Цунах хийрваьрву хьуна декъазаваьлларг. 12. Иза ву хьуна вегар верг йоккхачу цIаргахь. 13. ТIаккха иза лийр вац цигахь‚ дийна а хир вац. 14. Ваккхийвиди /закат луш/ ша цIанвелларг‚ 15. Ша Кхиош-кхобуш волчун цIе хьехийнарг‚ тIаккха ламаз дийнарг. 16. ХIаъ! Аш дуьненан дахар хоржу! 17. Ткъа эхарт дика а‚ мелхо а буха юьсуш ма яра! 18. Баккъалла хIара ду-кх хьалхалерчу жайнашкахь дерг а‚ 19. ИбрахIиман а‚ Мусан а жайнашкахь дерг а.




Хьажа. кхин

Хьажораш