Сура Нухь

Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
Дехьавала оцу: шавигар, лаха

71 Сурат НУХЬ (Маккахь доьссина‚ дерриге 28 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

  • 1. Баккъалла а, Оха вахийтира шен къомана тIе Нухь: "Кхерам таса хьан къамана цуна тIе лазош долу Iазап дале"‚ аьлла.
  • 2. Цо элира: "ХIай сан къам! Баккъалла а, со шуна билгала волу кхерамча ву-кх:
  • 3. Далла Iибадат де‚ Цуьнах кхера‚ суна муьтIахь хила!
  • 4. /ТIаккха/ Цо гечдийр ду шуна шун къинош‚ тIаьхьатоттур ду шу /Iазап ца деш/ цхьана тоьхначу ханна  Iожалла кхаччалц. Баккъалла а, Делан Iожалла ша еъча тIаьхьа ца таттало‚ шу хууш хиллехь".
  • 5. Цо /Нухьас/ элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, аса кхайкхира /дин/ сан къаме буса а‚ дийнахь а.
  • 6. Амма сан кхайкхамо уьш /динах/ бовдар бен алсам ца даьккхи.
  • 7. Баккъалла а, аса уьш мел кхайкхи Хьоьга шайна гечдан‚ цара шайн пIелгаш шайн лергий чудуьхкара /сан кхайкхар шайна ца хазийтархьама/‚ шайн бедаршца шайн кортош хьулдора /ца хазийтархьама/‚ уьш чIагIбелира /шайн къиной тIехь/‚ курабелира курабаларца.
  • 8. ТIаккха аса цаьрга кхайкхира чIогIа.
  • 9. ТIаккха баккъалла а, аса цаьрга кхайкхира гучахь, аса кхайкхира цаьрга къайлах.
  • 10. Аса элира: "Гечдар деха шаьш Кхиош-кхобуш волчу Деле‚ баккъалла а, Иза хилла дукха гечдешверг.
  • 11. Цо стигал йоуьйтур ю шуна алсам /догIица/.
  • 12. Цо гIодийр ду шуна хьолаца‚ кIенташца‚ хуьлуьйтур ю шуна бошмаш‚ хуьлуьйтур ду шуна хиш-татолаш.
  • 13. Шуна хIун хилла? ХIунда дог ца доху аш Деле /Иза/ лийрарца?
  • 14. Цо кхоьллина шу даржаца /цIа тIадам‚ тIаккха детина цIи хуьлуш‚ тIаккха  даьIахк хуьлуш‚ тIаккха цунна тIе жижиг латош…/.
  • 15. Шуна ца го‚ муха кхоьллира Дала тIеттIа ворхI стигал?
  • 16. Цо хилийтира бутт царна чохь нур хилла‚ Цо хилийтира малх чиркх хилла.
  • 17. Дала шу схьадовлийтира лаьттах орамат /санна кхуьуш/. /Адам лаьттах кхоьллира/.
  • 18. ТIаккха Цо шу юха дIадерзор ду цуьнга /лаьтте/ ‚ схьадохур ду схьадахарца /къематдийнахь/.
  • 19. Дала хилийтина шуна латта кIел куз санна.
  • 20. Шу цуна тIехахула лелийтархьама шайна шуьйра некъаш луьйцуш".
  • 21. Нухьас элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, цара суна Iесалла йи‚ уьш тIаьхьахIоьтти шен бахамо а‚ шен доьзало а шайна эшал бен сов ца яьккхинчунна.
  • 22. Цара йи йоккха мекарло‚
  • 23. Цара элира: "Ма биталаш шайн делий а‚ ма виталаш Вадда а‚ СуваI а‚ ЯгIус а‚ ЯIукъ а‚ Наср а !"
  • 24. /Нухьас доIа дира/: "Цара тилира дукханаш‚ зуламхой сов ма бахалахь тиларций бен".
  • 25. Шайна гIалатех /къинойх/ уьш хича бахийтира‚ тIаккха цIерга бахийтира‚ царна ца карийра Дела воцург гIоьнчий.
  • 26. Нухьас элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахьа ма виталахь лаьттан тIехь цатешачарех цхьа а цIа чохь вехаш верг.
  • 27. Баккъалла а, Ахьа уьш битахь цара Хьан лай тилор бу‚ цара дуьнена бохур бац къинош деш верг‚ цатешаш верг бен.
  • 28. Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахьа гечделахь суна а‚ сан денна-нанна а‚ муъма хилла сан цIачу ваьллачунна а‚ муъма нахана а‚ муъма зударшна а‚ Ахьа сов ма бахалахь зуламхой хIаллакбарций бен!"




Хьажа. кхин

Хьажораш

Долахь болу гlирсаш
Цlерийн ана

Кепараш
Дийраш
Шавигар
дакъалацар
Гlирсаш
Кхечу маттахь дерш