Сура Мухьаммад
Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
- 47 Сурат МУХЬАММАД
(Мадинатехь доьссина‚ дерриге 38 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.
- Дакъа 1
- 1. Шаьш цатешарш а‚ Делан некъах /нах/ тилийнарш а Цо дIатилина церан Iамалш /цара дуьненахь динчу диканна дуьхьал дуьненахь дикачуьнца бекхам хир бу царна, эхартехь церан Iамалаш хьесапе оьцур яц/.
- 2. Иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а‚ Мухьаммаде доссош хиллачух тешнарш а иза церан Кхиош-кхобушволчуьнгара бакъдерг ду Цо дIаийцина цаьргара церан къинош‚ тодина церан гIуллакх.
- 3. Иза ду цатешнарш тIаьхьахIуттуш хиларна харцдолчунна‚ иман диллинарш тIаьхьахIуттуш хиларна шайн Кхиош-кхобушволчуьнгара бакъдолчунна. Иштта дало Дала нахана шайн масалш.
- 4. Шаьш дуьхьал кхетча цатешначаьрца лагах тоха аш уьш гIелбаллалц ‚ чIагIъе буржолаш тIаьхьа къинхетам бер я дуьхьал мах оьцур тIамо шен муьхь охьабиллалц . Иза Далла лаахьара Цо толам лур бара царна тIехь‚ делахь а шун цхьаберш вакхарца зерхьама /бойту Дала тIемаш/. Делан новкъахь байинарш Цо янне а дIатилор яц церан Iамалш.
- 5. Цо нисбийр бу уьш‚ тодийр ду церан гIуллакх.
- 6. Цо бухкур бу уьш ялсамани чу‚ Ша царна йовзийтина йолчу.
- 7. ХIай иман диллинарш! Аша Далла гIо дахь /Цуьнан гIуллакхна/‚ Цо шуна гIо дийр ду‚ шун ког чIагIбийр бу.
- 8. Цатешнарш хIаллакхилар ду царна‚ Цо дIатилина церан Iамалш.
- 9. Иза царна ца дийзина дела Дала охьадоссинарг Цо дIаяйа церан Iамалш.
- 10. Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьоьжу‚ муха хилла царел хьалхалерачаьрийн тIаьхье? Дала аьтира уьш. /ХIокху/ керстанашна а цуьнах тераниг хир ду.
- 11. Иза Дела иман диллинчаьрийн доладийриг волу дела ду‚ ткъа керстанаш церан доладийриг вац.
- Дакъа 2
- 12. Баккъалла а, Дала бухкур бу иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а бошмашка ‚ шайн бухахула хиш лелаш долчу. Ткъа цатешнарш /кIеззиг/ зовкх хьоьгур ду /кху дуьненахь/‚ дуур ду бежнаша ма дуу /тIаккха жоьжахатин/ цIе ю царна чохьIайла.
- 13. Мел юрт‚ шаьш хьо шена чуьра ара ваьккхина хьан юьртал (Маккал) мелхо нуьцIкъала йолуш йолу‚ хIаллакьйина Оха‚ ма ца хилира царна цхьа а гIоьнча.
- 14. Ша Кхиош-кхобушволчуьнгара билгалона тIехь верг тера ву ткъа шен Iамалан вониг шена хазахетачух‚ шайн дезаршна тIаьхьахIоьтинчух?
- 15. /Делах/ кхоьручаьрна хир ю аьлла йолчу ялсаманин масал: цу чохь татолаш ду /чам а‚ хьожа а/ ца хийцалучу хих а‚ шен чам ца хийцалучу шурин татолаш ду‚ молучаьрна чIогIа чомехь долчу чагIаран татолаш ду‚ цIеначу мозан татолаш а ду. Царна цу чохь массо стоьмех /стоьмаш/ бу‚ шаьш Кхиош-кхобушволчуьнгара гечдар а ду. Уьш /ялсаманин дай/ тера бу-й гуттар цIергахь болчарех /жоьжахатин дайх/ шайна кхахкина хи малош болчу тIаккха цо церан чуьйраш хадош болчу?
- 16. Царех хьоьга ладугIурш бу шаьш хьо волчуьра ара ма баьллинехь цара олура шайгахь Iилма долчаьрга: "ХIун элира цо /Мухьаммада/ хIинца хьалха?" Уьш бу Дала шайн дегнашна тIе мухIар тоьхнарш‚ шайн дезаршна тIаьхьабаьлларш.
- 17. Шаьш нисбелларш а Цо совбехира нийсачу некъаца‚ Цо делира царна /Делах/ кхерар.
- 18. Уьш хьоьжур бу-й сахьте иза шайна дарх цIеххьана. Цуьнан /цхьацца/ шартIаш ма деъна. Мичара хир бу царна иза шайна деъча шайн хьехам? /Цо гIо дийр дац царна тIаккха/.
- 19. Хьуна хаалахь‚ кхин дела вац ша АллахI бен‚ гечдар деха хьан къина а‚ муъма божаршна а‚ муъма зударшна а. Дела хууш ву шун дIасхьаийдир /дийнахь/‚ шун чудерзар а /буьйсана/.
- Дакъа 3
- 20. Иман диллинчаьра олу: "Сурат доьссинехьара". Хьукаме долу сурат доссича‚ цу чохь тIом хьахийча‚ хьуна ги шайн дегнашкахь цамгар ерш хьоьга хьоьжуш шена вала хорша енарг санна. Царна мелхо таме дара
- 21. МуьтIахь хилар а‚ хаза дош а /там бара цаьргара хьуна хила/. ГIуллакх сацаделлачу хенахь уьш Деле бакълийча дика дара-кх царна.
- 22. Шу хила мега шаьш /иманах/ дIадирзича боьханиг даржадеш лаьттахь‚ гергарлонаш тоьдуш?
- 23. Уьш Дала шайна неIалт аьлларш бу‚ тIаккха къора бина Цо уьш /бакъдерг ца хозуш/‚ бIаьрсаза а бина /бакъдерг ца гуш/.
- 24. КъурIанах ойла ца йо цара‚ я церан дегнашкахь догIанаш ду?
- 25. Баккъалла а, шаьш хьалха хиллачунна /керстаналлина/ тIе бухабирзинарш шайна нийса некъ билгалбаьллчул тIаьхьа шайтIано хаздина царна /шайн боьха гIуллакхаш/‚ цо дагакхуьссуш ду царна /Делан некъах тилар/.
- 26. Иза ду цара аларна Дала доссош дерг /КъурIан/ ца дезаш хиллачаьрга : "Тхо муьтIахь хир ду шуна цхьадолчу гIуллакхашкахь". Далла хууш ма ю церан къайленаш.
- 27. Муха /хир ду церан хьелаш/ уьш маликаша дIакхалхинчу хенахь‚ цара царна етташ яххьийх а‚ баккхийх а?
- 28. Иза ду уьш Дела оьгIузвоккхучунна тIаьхьахIоттарна‚ Иза реза хилар царна ца дезарна тIаккха Цо дIаяйа церан Iамалш.
- Дакъа 4
- 29. Шайн дегнашкахь цамгар йолучаьрна меттана-те Дала цIаьллига цIа шайн мостагIалла /гуча/ ара йоккхур яц?
- 30. Тхуна лиъча Оха гайтина хир бара уьш хьуна тIаккха хьуна бевзина хир бара уьш шайн билгалонашца. Хьуна бовзанне а бовзур бу уьш дешан аьзнашца . Дела хууш ву-кх шун Iамалш.
- 31. Оха зенне зуьйр ду шу Тхуна шух джихIад кхочуш дийраш а‚ собар дийраш а бовзалц‚ Оха зуьйр ду шун хабарш а.
- 32. Баккъалла а, цатешнарш а‚ Делан некъах /нах/ тилинарш а‚ шайна нийса некъ билгалбаьллачул тIаьхьа элчанца мостагIалла лелинарш а цара хIумма зен дийр ма дац Далла‚ тIаьхьа Цо дIайойур ю церан Iамалш.
- 33. ХIай иман диллинарш! Далла муьтIахь хила‚ Делан элчана муьтIахь хила‚ шайн Iамалш ма яйа.
- 34. Баккъалла а, цатешнарш‚ Делан некъах /нах/ дIатилинарш‚ тIаккха керста хьолехь белла берш Дала цIеллига цIа гечдийр дац царна.
- 35. Шу ледар ма довлалаш‚ машаре /керстанаш/ ма кхайкхалаш‚ шу хьалахь /нуьцIкъала/ долуш‚ Дела шуьца ву шуна‚ Цо эшор яц шуна шун Iамалш.
- 36. Баккъалла а, дуьненан дахар ловзар а‚ сакъерар а ду. Аш иман диллахь‚ шу /Делах/ кхерахь Цо шуна лур ю шун ял‚ доьхур дац шун даьхний а /деккъа закат даккхар бен/.
- 37. Цо шуьга /дерриге даьхний/ доьхуш делхьара‚ шуна тIевирзина и доьхуш‚ шу бIаьрмац хир дара‚ Цо гуча йоккхур яра шу /динехь йолу/ мостагIалла.
- 38. ХIай шаьш кхойкхуш дерш Делан новкъахь харж ян шух бIаьрмацаза (пис) верг шена бIаьрмацаза (пис) ма ву. Дела хьал долуш ма ву‚ шу пекъарш ма ду. Шу духадовлахь /иманах/ Цо хийцор ду шу шу доцу кхечу къамаца‚ тIаккха уьш хир бац шух тера.