Сура Малх

Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
Дехьавала оцу: шавигар, лаха

91 Сурат АШ-ШАМС Малх (Маккахь доьссина‚ дерриге 15 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

1. Малхах дуй боу Аса‚ цуьнан лепарах а. 2. Баттах а дуй боу Аса‚ иза цу /малхана/ тIаьхьахIуттуш /кхеташ иза дIабуьзча/. 3. Динах а дуй боу Аса иза цо /малхо/ къагош. 4. Буьйсанах а дуй боу Аса‚ цо и /малх/ дIахьулбеш. 5. Стигланах а дуй боу Аса‚ и хIоттинчух а /Делах/. 6. Лаьттах а дуй боу Аса‚ иза даржинчух а /Делах/. 7. Сих а дуй боу Аса‚ иза дIанисдинчух а /Делах/. 8. Цо /Дала/ кхетийна и /са/ къа дарах а‚ /Делах/ кхерарах а. 9. Декъала хили и /са дика Iамалш ярца/ цIандинарг. 10. Декъаза хили и /са вон Iамалш ярца/ хьулдинарг. 11. Харцдира /Делан дин/ самудаша шаьш тIех тиларца. 12. Сихвелира царех уггар декъазниг /Дала яийтинчу эмкална урс хьакхан/. 13. Элира цаьрга Делан элчано /Салихьо/: "ХIара Делан эмкал ю. Цуна хи далар шуна тIехь ду ". 14. Цара иза харцвира‚ цу /эмкална/ урс хьекхира. Шаьш Кхиош-кхобучо церан къа бахьанехь уьш хIаллакбира  /цу хIаллакбарехь/ цхьанисбира‚ 15. Цуьнан тIаьхьенах Иза ца кхоьру.




Хьажа. кхин

Хьажораш

Долахь болу гlирсаш
Цlерийн ана

Кепараш
Дийраш
Шавигар
дакъалацар
Гlирсаш
Кхечу маттахь дерш