Сура Къолам

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьавала оцу: навигаци, лаха

68 Сурат АЛЬ-КЪАЛАМ Къолам (Маккахь доьссина‚ дерриге 52 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

Дакъа 1 1. Нун . Дуй боу Аса къоламца а‚ цара /маликаша/ яздеш долчуьнца а: 2. Хьо ма вац Делан къинхетамца жинийх. 3. Баккъалла а, хьуна ма ю хадалур йоцу ял. 4. Баккъалла а, хьо ма ву сийлахь-доккхачу гIиллакхна тIехь. 5. ТIаьхьа гур ду хьуна‚ царна а гур ду‚ 6. Мила ву шух питане лаьцнарг . 7. Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобуш волу хьан Дела  Иза ву дика хууш верг шен некъах тилавелларг‚ Иза ву дика хууш верг нийсачу новкъахь берш. 8. Хьо муьтIахь ма хилалахь /дин/ харцдеш болчаьрна. 9. Уьш лууш бара хьо кIеда хила  тIаккха шаьш кIеда хила. 10. Хьо муьтIахь ма хилалахь массо /харц/ дуйнаш дуккха боуш сийсаза волчунна‚ 11. /Массо/ луьйш волчунна‚ меттанаш дIасхьа кхуьйхьуш волчунна‚ 12. Дикачу /хIуманна/ новкъарло еш волчунна‚ къинош деш дозанах ваьлла волчунна‚ 13. Къизачунна‚ цул совнаха а шен дуьнена валар шеконехь долчунна /да мила ву ца хууш/. 14. Шен хьал дара‚ кIентий а бара але /муьтIахь ма хилалахь цуна/. 15. Шена Тхан аяташ дийшича цо элира: "Хьалхалерачийн туьйранаш ду хIорш". 16. Оха шен меран тIе васт дуьллур ду цуна. 17. Баккъалла а, Оха зийр уьш‚ Оха цхьаьна бешан дай зерах терра: цара дуй биира‚ шаьш цуьнан стоьмаш туьйдур бу Iуьйранна ‚ аьлла‚ 18. "Дала мукъалахь" ца элира цара. 19. ТIаккха цуна /бешана/ го тесира хьо кхиош-кхобуш волчу хьан Делера го тосуш долчу ‚ уьш наб еш болуш. 20. Iуьйранна /егана/ Iаржъелла карийра иза. 21. Iуьйранга баьлча вовшашка кхийкхира цара: 22. "Шайн беша гIо‚ шаьш стоьмаш бохур белахь"‚ аьлла. 23. Уьш болабелира меллаша вовшашка луьйш: 24. "Тахана шуна тIе /шун беша/ цхьа а мисканиг ма вогIийла /стоьмаш буьхуш/". 25. Iуьйранна новкъа белира уьш шайн дагахь /мисканиг/ духа тоха ницIкъ болуш. 26. Иза шайна /егна/ гича‚ цара элира: "Баккъалла а, вай тиладелла‚ 27. ХIаъ‚ вай /и стоьмаш/ боцуш дисина". 28. Царех кхечарел Iедале волчо элира: "Аса ца аьллера шуьга: аш /Далла/ хастам бинехьара"‚ аьлла? 29. Цара элира: "Вонах цIена ву-кх и вай Кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, вай хили-кх зуламхой". 30. Уьш вовшашна бехкаш бохуш дуьхьал бийлира. 31. Цара элира: "Ма бала бу вайна: вай дукха тIехдевлира". 32. Вай Кхиош-кхобуш волчу вай Дала вайна цул дикачуьнца хийцо а тарло. Баккъалла а, вай Кхиош-кхобуш волчу вайн Далла тIедирзина ду-кх". 33. Иштта ду Iазап‚ ткъа эхартан Iазап вуно доккха ду уьш хууш хиллехь.

Дакъа 2 34. Баккъалла а, /Делах/ кхоьручаьрна шаьш Кхиош-кхобуш волчу Далла гергахь ниIматийн бошмаш ю. 35. Ткъа Оха хуьлуьйту /Далла/ мукIар болу нах къинош дечарех тера? 36. Шуна хIун хилла? Аш муха хьукам до? 37. Я шуна жайна ду‚ аш цу чохь доьшуш? 38. Баккъалла а, шуна цу /жайна/ чохь долуш аш мел хоржург? 39. Я шуна Тхоьца биъна дуйнаш бу къематде кхаччалц‚ баккъалла а, шайна аш дина хьукам хир долуш? 40. Хатта цаьрга‚ мила ву царех и чIагIдешверг. 41. Я церан накъостий бу? Схьабалабе цара шайн и накъостий шаьш бакълуьйш хиллехь. 42. Оцу дийнахь настарш ерзина хир ю ‚ уьш кхойкхур бу суждане  царна мугар дац‚  43. БIаьргаш охьадахна‚ сийсазалла тIейоьжна. Цаьрга суждане кхойкхуш дара уьш могуш болуш . 44. Вита Со суо хIара хабар харцдеш волчуьнца. Оха схьалоцур бу уьш кIез-кIеззиг царна ца хуучухула. 45. Аса хан лур ю царна. /Церан мекарлонна дуьхьал/ Сан мекарло чIогIа ю-кх. 46. Я ахьа цаьрга мах боьху уьш декхарша кIелбитина болуш? 47. Я цаьргахь гушдоцург /девзаш Iилма/ ду цара дIаяздеш? 48. Собар де хьуо Кхиош-кхобуш волчу хьан Делан хьукамна‚ ма хилалахь чIеран накъостах тера: цо /Деле/ кхийкхира ша /чIеран кийрахь пашмаллица/ гатвелла волуш. 49. Ша Кхиош-кхобуш волчун ниIмат шех ца кхиънехьара иза кхоьссина хир вара /чIеран кийрара/ ара сийсаза а хилла. 50. Ша Кхиош-кхобуш волчо хаьржира иза‚ цо хилийтира иза дикачарех. 51. Цатешаш берш кийча бу шайн бIаьргашца хьо хIаллак ван шайна хьехам хезначул тIаьхьа‚ цара олу: "Баккъалла а, иза жинийх ву-кх". 52. Иза-м бац массо Iаламна хьехам бен.




Хьажа. кхин

Хьажораш