Сура Инжир
Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
95 Сурат АТ-ТИН Инжир (Маккахь доьссина‚ дерриге 8 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.
1. Инжирах а дуй боу Аса‚ зайтунах а‚ 2. Синин олучу ламах а дуй боу Аса‚ 3. ХIоккху тешаме йолчу гIалах а /Макках/ дуй боу Аса‚ 4. Оха кхоьллира адам уггар хазачу хьолехь. 5. ТIаккха Оха дIаверзина иза уггар бухарчу хьоле /къанлой‚ тишлой. Муъма стеган Iамал эшало иза къона хиллачу замане хьаьжча‚ Дала цуьна ял ло Шен дашца/: 6. Иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а боцурш царна ю хедар йоцу ял. 7. Стено харцдойту хьоьга /хIай керста/ цул тIаьхьа а дин? 8. Ткъа Дела вац уггар хьукам нийса деш верг ?