Сура Зингаташ

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьавала оцу: навигаци, лаха


27 Сурат АН-НАМЛ Зингаташ (Маккахь доьссина‚ дерриге 93 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

Дакъа 1 1. ТIа-син. ХIорш ду КъурIанан – билгалчу жайнан а аяташ. 2. Шаьш нийса некъ а‚ муъма нахана кхаъ а хилла болу. 3. Уьш бу шаьш ламаз а хIоттадеш‚ закат а луш‚ уьш эхартах а тешаш бу. 4. Баккъалла а, эхартах ца тешаш берш – Оха хазйина царна шайн Iамалш – иштта уьш дIа-схьа уьдуш бу. 5. Уьш бу шайн Iазапан боьханиг шайна хуьлуш дерш‚ эхартахь уьш хир бу тIех эшнарш. 6. Баккъалла а, /хIай Мухьаммад/ хьуна /нуьцкъала а/ дуьйцуш ду КъурIан Ша хьукаме а‚ хууш а волчун гергара. 7. Мусас ма элира шен доьзале : "Суна хааели-кх цIе‚ со шуна тIавогIур ву цунах цхьа хабар дахьаш ‚ я аса шуна бахьар бу цхьа бегаш болу кIогалг – шу дохдала мегара-кх". 8. Иза цига веъча‚ цуьнга кхайкхира: "Декъала хили цIергахь верг а‚ цуна гонахь верг а ‚ вонах цIена ву Дела – Iаламийн Да. 9. ХIай Муса! Баккъалла а, Со веза волу хьукаме волу Дела ву. 10. Охьатаса хьайн Iаса". Шена иза /Iаса/ гича‚ етталуш текхарг санна‚ и /Муса/ дIаведира‚ вуха а ца вирзира. "ХIай Муса! Ма кхера. Ца кхоьру Сан гергахь элчанаш 11. Зулам динарг а бен. ТIаккха цо ша динчу вонна метта диканиг дахь – тIаккха баккъалла а, Со гечдийриг а‚ къинхетам бийриг а ву-кх. 12. Хьан че долла хьан куьйг – ахьа схьадоккхур ду иза кIайделла цхьа а хало а йоцуш‚ ФирIавне а‚ цуьнан къаме а долчу исс /Iаламатийн/ чохь /цхьа Iаламат ду иза/. Баккъалла а, уьш хили песакх нах . 13. Шайга Тхан гучадевлла‚ аяташ деъча‚ цара элира: "ХIара билгала бозбуанчалла ду!" 14. Царна керстаналла дира цара‚ шаьш /дагца/ тешнехь а /уьш Делера хиларах/, зулма дарца а‚ куралла ярца а. Хьажал‚ муха хилла вон леллачийн тIаьхье?

Дакъа 2 15. Оха делира Давуде а‚ Сулеймане а Iилма. Цу шиммо элира: "Хастам бу Далла‚ Ша тхо даздинчу Шен дукхах болчу муъма лел. 16. Сулеймана ийцира Давудан ирс‚ цо элира: "ХIай нах! Тхуна Iимийна олхазарийн мотт‚ тхуна делла массо хIуманах /ниIматаш/. Баккъалла а, иза билгала дозалла ду". 17. Гулдира Сулейманна цуьнан эскар жинех а‚ адамех а‚ олхазарех а долу  тIаккха иза (эскар) дийкъира (могIаршкахь). 18. Уьш зингатийн боьрана тIе кхаьчча‚ элира /цхьана/ зингато: "ХIай зингаташ! Чудолалаш шайн баннашна‚ шу хьеша ма хьешахьара Сулеймана а‚ цуьнан эскаро а‚ шайна ца хууш". 19. Иза вела къежира цуьнан /зингатан/ дешах‚ элира: "Сан Дела‚ ахьа суна таро лолахь хам бан Хьайн ниIматана‚ Айхьа суна а‚ сан дена а делла долчу‚ Хьо шена реза волу‚ дика Iамал ян а‚ со дIатохалахь Хьайн къинхетамца дикачу лешна юкъа". 20. Иза волавелира олхазарш леха‚ тIаккха элира: "Суна хIуттут хIунда ца го‚ я йоцучарех хили иза? 21. Аса Iазап дийр ма ду цунна чIогIа Iазап‚ я аса урс хьокхур ма ду цунна‚ я суна цхьа билгала делил дахьар ма ду цо". 22. Жимма хан ялийтина /еъначу хIуттуто/ элира: "Суна хиира‚ хьуна ца хиънарг‚ аса деъна хьуна Сабаъара бакъболу хаам. 23. Баккъалла а, суна карийна /цхьа/ зуда‚ ша царна тIехь паччахьалла деш йолу‚ цуна делла массо хIуманах /паччахьалла‚ ниIмат‚ беркат‚ хазалла и. дI. кх./‚ цуьнан сийлахь-йоккха Iарш а ю (хаза кечбийна маьнга). 24. Суна карийна иза а‚ цуьнан къам а сужд деш малхана‚ Дела а витина‚ хазйина царна шайтIано шайн Iамалш‚ цо дIатилина уьш /нийсачу/ новкъах  уьш нис ца ло. 25. Цара сужд хIунда ца до-те Далла‚ Ша Iорадоккхуш волчу хьулделларг стигланашкахь а ‚ латтахь а ‚ Шена хууш волчу аша къайладоккхург а‚ аша дIахьедориг а? 26. АллахI ву‚ кхин дела вац‚ Иза воцург‚ сийлахь-йоккхачу Iаршан Да Ша волу". 27. Цо /Сулеймана/ элира: "Вай хьовсур ду‚ бакъ лийна-те хьо‚ я хьо хилла-те харцлуьйчарех? 28. Хьада‚ хIара сан кехат эций дIагIо‚ царна хьалха кхосса иза‚ тIаккха царна юьстахвала‚ хьажа‚ цара хIун жоп лур ду". 29. Цо элира: "ХIай‚ элийн тоба‚ баккъалла а, кхаьчна соьга сийлахь долу кехат. 30. Баккъалла а, иза ду Сулейманера‚ цо /дуьйцу-кх/: "Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца. 31. Шу лакхадовла ма гIерта сол‚ суна тIе дуьйла мукIара а хилий (Дела цхьаъ веш)".

Дакъа 3 32. Цо /Билкъисо/ элира: "ХIай элийн тоба! Сацам бе суна сан гIуллакха тIехь. Со ца хилла-кх сацам беш гIуллакхан‚ шух дагайолуш бен". 33. Цара элира: "Вай ницIкъ болуш а ду‚ чIогIа хьуьнар долуш а ду‚ гIуллакх хьоьгахь ду-кх‚ хьажахь-ткъа‚ хIун омра до ахьа". 34. Цо элира: "Баккъалла а, паччахьаша шаьш юьртана чубаьхкича‚ йоха йо иза‚ цуьнан охIлах сийлахь берш сийсаза боху цара. Иштта до цара. 35. Баккъалла а, аса дохьуьйту царна /Сулеймангара/ совгIат‚ тIаккха хьожур ю‚ стенца буха боьрзу бахийтинарш". 36. Иза /Билкъисо ваийтинарг/ Сулейман волчу веъча‚ цо /Сулейманас/ элира: "Со даьхница хьоле во аша? Дала суна делларг дика ма ду Цо шуна деллачул а‚ делахь а шу шайн совгIатаца даккхийдеш ду-кх. 37. Вухаверза царна тIе‚ тхо догIур ду царна тIе эскарца‚ шеца уьш лалур боцчу‚ Оха арабохур бу уьш цу чуьра /шайн махкара/ сийсаза хилла‚ уьш кIелбуьсур бу". 38. Цо /Сулеймана/ элира: "ХIай элийн тоба! Шух муьлха вогIур вара суна тIе цуьнан /Билкъисан/ таж яхьаш‚ уьш суна тIе бахкале мукIар а хилла?" 39. Жинех уггар нуьцкъал долчо (Iифрито) элира: "Со догIур ду хьуна тIе цуьнца‚ хьо хьан меттигера хьалагIаттале. Со цу тIехь нуьцIкъала а‚ тешаме а ду". 40. Шегахь жайнан Iилма долчо элира: "Со догIур ду хьуна тIе цуьнца‚ ахьа бIаьрган негIар тохале". Шена иза /Билкъисан Iарш – маьнга/ гича‚ шена хьалхахь лаьтташ‚ цо /Сулеймана/ элира: "ХIара сан Кхиош-кхобучун дозаллех ду‚ Цо со зерхьама‚ баркалла олу аса я инкарло йо. Баркалла аьлларг  цо шен дуьхьа олуш ду‚ инкарло йинарг  баккъалла а, сан Кхиош-кхобург хьал долуш а ву‚ сийлахь а ву". 41. Цо элира: "Хийцам бе цуьнан Iарша тIехь‚ вай хьовсур‚ евзий цунна иза‚ я хир ю-те иза и ца евзачарех. 42. Иза /Билкъис/ еъча элира /цуьнга/: "Иштта ю-й хьан Iарш?" Цо элира: "Иза йолчух тера ю хIара". /Сулеймана элира шена Билкъисехь Iилма дуйла хиъначул тIаьхьа/: "Тхуна Iилма деллера цунначул /Билкъисал/ хьалха‚ тхо муьтIахь хилира /Далла/". 43. Иза /Билкъис/ юхатуьйхира /цхьана Далла Iибадат дарах/‚ цо иза а витина кхечунна Iибадат даро . Баккъалла а, иза ма яра ца тешачу къамах. 44. Элира цуьнга: "Чуйола гIалина!" Шена иза гича‚ цуна моттаделира иза алссам хи ду‚ цо шен настарш гучаехира. Цо /Сулеймана/ элира: "Баккъалла а, иза гIала ю къегинчу аьнгалех йина". Цо /Билкъисо/ элира: "Со Кхиош-кхобушверг‚ бакъалла а аса зулам ма дина сайна ‚ мукIар хили со Сулейманаца цхьаьна Далла  Iаламийн Дена".

Дакъа 4 45. Оха вахийтира Самудашка церан ваша Салихь‚ Далла Iибадат де‚ аьлла  уьш‚ ши тоба а хилла‚ къийсабала буьйлабелира. 46. Цо элира: "ХIай сан къам‚ шу хIунда сихло вониг /дарца/ диканиг /дарал/ хьалха? Гечдар дехахьара аша Деле‚ шух къинхетам бан там бара". 47. Цара элира: "Хьо а‚ хьоьца берш бахьанехь тхуна вон билгалонаш хааелла". Цо элира: "Шун дакъа (диканиг я вониг) Далла гергахь ду. ХIаъ‚ шу ду-кх питане лоьцуш долу къам". 48. Цу гIалахь хиллера исс стаг‚ лаьттахь боьханиг даржадеш волу‚ диканиг а ца деш. 49. Цара элира: "Вовшашна дуйнаш баа Делаца‚ вай буьйсана войур ву иза а /Салихь/‚ цуьнан доьзал а‚ аьлла тIаккха эр вай цуьнан верасе : "Тхо дацара цуьнан доьзал хIаллак хуьла чохь ‚ тхо бакълуьйш ма ду". 50. Мекарло йира цара мекарлонца‚ Оха йира /церан мекарлонан дуьхьал/ мекарло мекарлонца‚ царна ца хууш. 51. Хьажал‚ муха хилла церан мекараллин тIаьхье: Оха этира уьш а‚ церан къам а  берриге. 52. ХIорш ду церан цIенош‚ доьхна лаьтташ‚ цара зулам дина хиларна. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх ша хууш долчу къомана. 53. Оха кIелхьарабехира иман диллина хилларш‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш. 54. ЛутI а /вахийтира Оха шен къомана тIе/‚ цо шен къоме ма элира: "Боьханиг леладо ткъа аша? Шуна гуш ма ду и! 55. Шу оьху ткъа божарашна тIе безамца‚ зударий буьтий? ХIаъ‚ шу ду-кх жехIал къам". 56. Ца хилира цуьнан къоман дала жоп‚ шаьш алар бен: "Арабаха ЛутIан доьзал шайн юьртара. Баккъалла а, уьш ма бу цIанбала гIерташ болу нах". 57. Оха кIелхьара ваьккхира иза а‚ цуьнан доьзал а‚ цуьнан /цхьа/ зуда йоцург  цуьнан кхоллам бухаюьсучарех хилийтира Оха. 58. Оха доьттира царна тIе догIа  вон хилира шайна кхерам тесначаьрна догIа.

Дакъа 5 59. Ахьа ала /хIай Мухьаммад/: "Хастам бу Далла‚ салам ду Цуьнан лешна‚ Цо хаьржина хиллачаьрна. Дела тоьлу‚ я цара /Цуьнца/ лаьцна накъостий тоьлу? 60. Я Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг‚ шуна стиглара хи а даийтинарг /тоьлу/? Оха ялийтина цуьнца /догIица/ бошмаш‚ шайца хазалла а йолуш‚ аша ма долуьйтара дацара цуьнца /цу хица/ дитт‚  /я кхин/ дела ву АллахIаца? ХIаъ‚ уьш ду къам‚ ша юьстахгIерташ /бакъдолчух/. 61. Я Ша латта хилийтинарг чIагIо хилла‚ юккъехула татолаш динарг‚ цу тIехь лаьмнаш динарг‚ шина хIоьрдан юккъехь дуьхьало йинарг‚ я /кхин/ дела ву АллахIаца? ХIаъ‚ царех дукхахберш ца хууш бу-кх. 62. Я Ша жоп луш верг шена гIело хиллачунна иза Шега кхайкхича‚ и зулам дIадоккхушверг‚ шу хуьлуьйтушверг лаьттан дай  я /кхин/ дела ву АллахIаца? КIеззиг ду-кх шу кхетарг. 63. Я Ша шу нисдешверг аренан а‚ хIоьрдан а боданашкахь‚ Ша мох бохуьйтушверг кхаъ хилла /догIа дарна/ Шен къинхетамал хьалха  я /кхин/ дела ву АллахIаца? Лакха ваьлла Дела цара /Шеца/ накъост лацарх. 64. Я Ша кхоллар долошверг ‚ тIаккха иза карладоккхург ‚ шуна рицIкъ луш верг стиглара а‚ латтара а  я /кхин/ дела ву АллахIаца? Ахьа ала: "Даладе шайн делил‚ шаьш хиллехь бакълуьйш". 65. Ала: "Ца хаьа стиглахь волчунна а‚ лаьттахь волчунна а къайлахьдерг Дела воцчунна". Царна хаалур дац шаьш маца юха дендийр ду. 66. ТIекхиъний церан хаарш эхартана? ХIаъ‚ уьш шеконехь бу цунах. ХIаъ‚ уьш цунах бIаьрса дайна бу. 67. Элира цатешначара: "Тхох а‚ тхан дайх а латта хилча‚ тхо арадохур долуш ду-й /кешнашкара/? 68. ЧIагIо йинера хIокхунца тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха а. Иза-м хьалхалерачийн туьйранаш бен дац". 69. Ахьа ала: "Лела лаьттахула‚ хьажа‚ муха хилла къинош диначеран тIаьхье". 70. Ахьа са ма гаттаде царна‚ ма хила халонехь цара ечу мекарлонех. 71. Цара олу: "Маца хир ю и ваIда шу бакълуьйш хиллехь". 72. Ахьа ала: "Тарло герга хила шуна цхьацца аша сихдеш дерш". 73. Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобушверг дозалла долуш ма ву нахана тIехь‚ делахь а царех дукхахболчара баркалла ца олу-кх. 74. Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобушверг Ша хууш ву-кх церан дегнаша хьулдеш дерг а‚ дIахьедориг а. 75. Дац цхьа а къайлахдерг стиглахь а‚ лаьттахь а билгалчу жайна чохь /яздина/ доцуш. 76. Баккъалла а, хIокху КъурIано дуьйцу Исраилан кIенташна церан шена чохь хилпало йолчух дукхадерш. 77. Баккъалла а, иза нийса некъ бу‚ къинхетам а бу муъма нахана. 78. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо кхиэл йийр ю царна юкъахь Шен хьукамца. Иза сийлахь-везаверг а ву‚ хууш верг а ву. 79. Хьо тIетовжа Далла. Баккъалла а, хьо билгалчу бакъдолчунна тIехь ма ву. 80. Баккъалла а, ахьа /хIумма а/ хозуьйтур дац беллчарна‚ ахьа хозуьйтур дац кхайкхар къора болчарна уьш юхабевла а дIабевдича. 81. Хьо ма вац нисбешверг бIаьрса доцурш шайн тиларах. Ахьа хозуьйтур ду деккъа Тхан аятех тешаш болчарна – тIаккха уьш бу мукIар берш . 82. Царна дош тIедоьжча‚ Оха лаьттан кийрара схьадоккхур ду царна бежана‚ цо цаьрца къамел а ден долу. Баккъалла а, нах хилла Тхан аятех ца тешаш.

Дакъа 7 83. /Ахьа хьахаде/: оцу дийнахь Оха гулйийр ю хIора умматах Тхан аяташ харцдеш хиллачух цхьа тулгIе  уьш дIа-схьа нисбийр бу . 84. ТIаккха уьш /хьесап дечу меттиге/ беъча‚ /Дала/ эр ду: "Аша харцдира Сан аяташ? Шу ма дацара шайгахь /уьш харцдан/ Iилма долуш а‚ хIун Iамал еш хиллера шу?" 85. ТIедуьйжира царна тIе /Iазап бакъхиларан/ дош цара шайгара зулам далийтарна ‚ уьш бист ца хуьлу . 86. Царна ца го-те Оха хилийтина хилар буьйса‚ шайна чохь садаIан‚ де а серладаккха . Баккъалла а, цу чохь билгалонаш ма ю тешаш долчу къомана. 87. Оцу дийнахь сур локхур ю  кхоьрур ву стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а Далла лиънарг воцург . Массо а Цуьнан тIе вогIур ву мукIар а хилла. 88. Хьуна гур ду лаьмнаш‚ хьуна шаьш Iуьллуш ду моьттуш  амма уьш дIа-схьа лелаш хир ду мархаш санна  Делан кхоллар ду иза‚ Ша массо хIуманна хьукам динчу. Баккъалла а, Иза аша дийриг дика хууш верг ву-кх. 89. Дикачуьнца веънарг  цуна цул диканиг /ша деъначух/ хир ду‚ уьш кхерамах оцу дийнахь маьрша хир бу. 90. Вочуьнца веънарг  юьхь цIарга ерзийна хир ю цуьнан. Аша еш хиллачу Iамалашца бен бекхам хир бу-й шуна? 91. Суна омра дина хIокха /Макка/ гIалин Дена Iибадат де аьлла‚ Ша иза хьарам йина йолчу‚ Цуьнан ду массо хIума а. Суна омра дина со мукIар хиллачех хила‚ аьлла. 92. КъурIан деша аьлла а‚ нисвелларг /цу КIуръана тIе/ иза нислуш ву шена. /Нах иманах/ тилошболчунга ахьа ала: "Со кхерам тосучарех ву ". 93. Ахьа ала: "Хастам бу Далла. Цо гойтур ду шуна Шен аяташ  тIаккха шуна уьш девзар ду. Хьан Кхиош-кхобург ма вац цара дечух гIапал ".



Хьажа. кхин [нисйé]

Хьажораш [нисйé]