Сура Екъаялар

Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
Дехьавала оцу: шавигар, лаха


82 Сурат АЛЬ-ИНФИТIАР Ядар (Маккахь доьссина‚ дерриге 19 аят).

Ша сов къинхетаме а, къинхетаме а волчу Делан цIарца.


1. Стигал едча ‚

2. Седарчий охьдегча‚

3. ХIоьрдаш /шайн йисташ дIаяьлла вовшех ийна/ цхьа хIоьрд хилча‚

4. Кешнаш тIекIел девлача /белларш хьалгIовтийта/‚ 

5. /ТIаккха/ хии сина ша хIун хьалхадаьккхи‚ хIун тIаьхьатаьтти.

6. ХIай адам /хIай керста/! Стено марздина хьуна хьан сийлахь Кхиош-кхобучунна Iесалла ян?

7. Иштта ву Иза Ша хьо кхоьллина‚ тIаккха нисвина‚ /хьан массо меже/ вовшашца йогIуш йина волу.

8. Шена луучу суртехь хьо дIатарви Цо.

9. ХIан-хIа! Шу харц деш ма ду бекхам хирг хилар /къемат дийнахь/.

10. Баккъалла а, шуна тIе хIоттийна лардархой ма бу‚

11. Сийлахь хилла‚ яздеш долу.

12. Царна хаьа аш дийриг.

13. Баккъалла а, диканаш /шена чохь массо хIума долу/ наIим цIе йолчу ялсаманехь хир бу.

14. Баккъалла а, къинош динарш жоьжахатехь хир бу.

15. Цу чу гIур бу уьш‚ /цуьнан йовхо Iовшур ю цара/ бекхаман /къемат/ дийнахь.

16. Цунах къайлабер ма бац уьш.

17. Хьуна стено хаийтина‚ иза хIун бекхаман де ду?

18. ТIаккха а хьуна стено хаийтина‚ иза хIун бекхаман де ду?

19. Оцу дийнахь сино синан цхьанне хIуманна тIехь дола дийр дац. ГIуллакх оцу дийнахь хир ду Делан.

Хьажа. кхин

Хьажораш

Долахь болу гlирсаш
Цlерийн ана

Кепараш
Дийраш
Шавигар
дакъалацар
Гlирсаш
Кхечу маттахь дерш