Сура Детта цlи

Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
Дехьавала оцу: шавигар, лаха

Allah300.png

Ислам

Динах тешар

Аллахl · Товхьид · Шахlада

Парз

lамал · Марха · Закат
Хьадж дар · Гlазот

Исцlарера а декъашхой

Мухаммад · Пайхlамарш диняхь Асхьабаш · Халифы

Диняхь долу гарнаш

Сунниташ · Шииташ
Салафия · Суфизм

Жайняш и бакъонаш

Къуръан · Суннат · Хадисы
Мазхабы · Бакъо · Няlмат

Гlилакх а нехайукъ

Исбаьхьалла · Даздарш
Хиласоьхе · Кханлерде
Мяждигаш · Зудри
Ислам дин довзитар

Ков:Ислам

х · д · н

96 Сурат АЛ-IАЛАКЪ ЦIийн улх (Маккахь доьссина‚ дерриге 19 аят) . Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

1. Деша хьо Кхиош-кхобуш волчун цIарца‚ Ша /Iаламаш/ кхоьллина волчу! 2. Цо адам кхоьллина цIийн улхах /детана цIийх/. 3. Деша! Хьо Кхиош-кхобург ву уггар комаьрша верг. 4. Иза ву Ша Iамийнарг /адам/ къоламца. 5. Цо Iамийра адамна цуна ца хуург. 6. ХIан-хIа! Баккъалла а, адам тIехдолу /Делан дозанех/ 7. Ша шена гуш хьал долуш хиларца . 8. Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобучуьнга ду /массаран/ дIадерзар. 9. Хьуна гиний /хIай Мухьаммад/ и новкъарло еш верг /Абу-ДжахIал/ 10. Лена /Мухьаммад пайхамарна/ цо ламаз деш? 11. Гиний хьуна и /шена новкъарло йийриг/ нийсачу новкъахь хиллехь? 12. Я /Делах/ кхерарца омра деш хиллехь? 13. Хьуна гиний и /ша пайхамарна новкъарло еш волу Абу-ДжахIал/‚ /Дела/ харцвеш хиллехь‚ /бакъдолчух/ дIавирзинехь? 14. Цуна ца хиъна-те Далла гуш дуйла? 15. ХIан-хIа! И ца сацахь‚ Оха дIаозор ву иза кIужалца /жоьжахате/‚ 16. Харц йолчу‚ къинехь йолчу кIужалца! 17. Цо /гIо луьйхуш/ кхойкхийла шен гуламе . 18. Оха кхойкхур ду забанияташка . 19. ХIан-хIа! Цо бохург ма де ахьа /хIай Мухьаммад/‚ /Далла/ сужд де‚ /Цуна/ герга гIо /Iамал ярца/.

Хьажа. кхин

Хьажораш

Долахь болу гlирсаш
Цlерийн ана

Кепараш
Дийраш
Шавигар
дакъалацар
Гlирсаш
Кхечу маттахь дерш