Сура Даржораш

Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
Дехьавала оцу: шавигар, лаха

Allah300.png

Ислам

Динах тешар

Аллахl · Товхьид · Шахlада

Парз

lамал · Марха · Закат
Хьадж дар · Гlазот

Исцlарера а декъашхой

Мухаммад · Пайхlамарш диняхь Асхьабаш · Халифы

Диняхь долу гарнаш

Сунниташ · Шииташ
Салафия · Суфизм

Жайняш и бакъонаш

Къуръан · Суннат · Хадисы
Мазхабы · Бакъо · Няlмат

Гlилакх а нехайукъ

Исбаьхьалла · Даздарш
Хиласоьхе · Кханлерде
Мяждигаш · Зудри
Ислам дин довзитар

Ков:Ислам

х · д · н

51 Сурат АЗ-ЗАРИЙАТ Даржошдерш (Маккахь доьссина‚ дерриге 60 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

Дакъа 1 1. Даржош долчех /дуй боу Аса/ даржорах тера. 2. Мохь хьош долчарех /дуй боу Аса/. 3. Лелаш долчарех /дуй боу Аса/ атта. 4. ГIуллакх доькъуш долчарех а /дуй боу Аса/  5. Шуна еш йолу ваIда бакъерг ма ю. 6. Бекхам хIуттур болуш ма бу. 7. Стиглах /дуй боу Аса/ шена /седарчий дIасхьалела/ некъаш долчу. 8. Баккъалла а, шу тайп-тайпачу дашехь ма ду. 9. Iехийна цунах ша Iехвелларг /шайтIано Iехийнарг/ 10. Байина /неIалт аьлла/ харцлуьйш берш. 11. Шаьш жехIаллина чохь гIапал хилларш. 12. Цара хоьтту: "Маца ду бекхаман де?"‚ бохуш. 13. Оцу дийнахь уьш цIарна тIехь питане лоцур бу. 14. "Iовша шайн питна  /олуш/.  ХIара ду и ша аш сихдеш хилларг". 15. Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш бошмашкахь а‚ шовданашкахь а /хир/ бу 16. Оьцуш шаьш Кхиош-кхобуш волчо шайна делларг. Баккъалла а, уьш хилира цул хьалха диканиг деш. 17. Уьш хилира кIеззиг бен доцуш буьйсана шаьш наб яр. 18. ТIаьххьа буьйсана шайна /Деле/ гечдар доьхуш. 19. Шайн дохнана /хьола чохь/ хьакъ долуш доьхучунна а‚ ша /рицIкъах/ хадийна волчунна а. 20. Лаьттахь делилш ду тешна болчаьрна. 21. Шу шаьшкахь а /делилш ду/‚ шуна ца го? 22. Стиглахь ду шун рицIкъ а‚ шуна хир ду аьлларг а. 23. Стигла а‚ латта а Кхиош-кхобучух /дуй боу Аса/ иза бакъ ма ду шу хабар дуьйцуш хилар санна.

Дакъа 2 24. Хьоьга хабар деъний /я Мухьаммад/ ИбрахIиман сийлахь хьешех лаьцна? 25. Уьш чу боьлира цуна‚ цара элира: "Салам!" Цо элира: "Салам", /шега элира цо/: "Ца бевза нах /бу-кх/". 26. Иза /ИбрахIим/ вахара шен нах болчу‚ веара дерстана эса далош /хьешашна дайа/. 27. Цо иза /эса дина‚ цуьнан жижиг/ царна герга хилира‚ элира: "Аша ца доу?" 28. Иза царех кхеравелира. Цара элира: "Ма кхера!" Цара цуна кхаъ баьккхира‚ хьекъале волу кIант /Исхьакъ/ хир ву аьлла. 29. Дуьхьала еара цуьнан зуда чIогIа мохь бетташ‚ цо шен юьхьах тIара деттара‚ элира: "Бер ца хуьлу къена зуда ю-й ша-м!" 30. Цара элира: "Иштта аьлла хьо Кхиош-кхобуш волчо. Баккъалла а, Иза хьукаме верг а ву‚ хууш верг а ву". 31. Цо /ИбрахIима/ элира: "Шун хIун гIуллакх ду‚ хIай даийтинарш?" 32. Цара элира: "Тхо даийтина къинош дечу халкъана тIе. 33. Царна даийта поппаран тIулгаш . 34. Хьо Кхиош-кхобуш волчун гергахь тIаламза болучаьрна билгалдина хилла долу". 35. Оха арабаьхира цу чохь хилла болу муъма нах. 36. Тхуна ца карийра цу чохь /Далла/ муьтIахь болчарех цхьа цIа бен. 37. Оха дитира цу чохь делил лазош долчу Iазапах кхоьруш болчаьрна. 38. Мусагахь а /делил дитира Оха/. Оха вахийтира иза ФирIавна тIе билгалчу бакъонца. 39. Иза /ФирIавн/ вухарвелира шен бIоца‚ элира: "Бозбуанча ву‚ я жинех ву". 40. Оха схьалецира иза а‚ цуьнан эскар а‚ кхоьссира уьш хIоьрда чу‚ иза /ФирIавн/ шен бехкбаккха хьакъ долуш ву /ша элчане иман ца дилларна‚ ша Дела ву бахарна/. 41. Iадашкахь а /делил ду шуна/ Оха бахийтира царна шайн тIаьхье хадош болу мох. 42. Ца юьтуш ша тIе кхаьчна йолу хIума яхка елла хIума йой бен. 43. Самудашкахь а /ду делилш/. Цаьрга элира: "Пайда эца цхьа хан тIекхаччалц". 44. Шаьш Кхиош-кхобуш волчун гIуллакхах дIабирзира уьш‚ уьш схьалецира мохьо шаьш хьоьжуш лаьтташ. 45. Царна ца мегира гIовта а‚ гIоьнчий ца карийра царна. 46. Нухьан къамах а хьалха /хилира делил/. Уьш хилира песакъ къам.

Дакъа 3 47. Стигал Оха юьгIира куьйгашца /ницIкъаца/ баккъалла а, Тхо ницIкъ кхочуш ду. 48. Латта даржира Оха‚ Тхо дика даржош дерш ду. 49. Массо хIуманах Оха кхоьллира шиш‚ аша ойла ер яцара-те. 50. /Элира Нухьас/: "Довда Деле. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву. 51. Ма ве Делаца кхин дела. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву". 52. Иштта ца веъна царел хьалхачаьрга цхьа а элча‚ цара олуш бен: "Бозбуанча ву я жинех ву". 53. Цара вовшашна цуьнца весет дора-те? ХIаъ. Уьш дозанех даьлла къам ду-кх. 54. Вуха вала царех‚ хьуна бехк буьллур бац. 55. Хьехам бе‚ хьехамо пайда бо муъма нахана. 56. Аса ца кхоьллина жинаш а‚ адамаш а Сайна Iибадат дан бен. 57. Суна ца деза цаьргара цхьа а рицIкъ‚ Суна ца деза цара суна даар далар. 58. Баккъалла а, Дела ву рицIкъ луш верг а‚ ницIкъ берг‚ чIогIа верг а. 59. Баккъалла а, зулам диначаьрна /Iазапах/ дакъа ду шайн /хьалха хиллачу/ накъостийн дакъих терра‚ Со сих ма войла цара /Iазап доссон/. 60. Бала бу цатешначаьрна шайна ваIда йина йолчу шайн дийнера.



Хьажа. кхин

Хьажораш

Долахь болу гlирсаш
Цlерийн ана

Кепараш
Дийраш
Шавигар
дакъалацар
Гlирсаш
Кхечу маттахь дерш