Сура Гlовттор

Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
Дехьавала оцу: шавигар, лаха

Allah300.png

Ислам

Динах тешар

Аллахl · Товхьид · Шахlада

Парз

lамал · Марха · Закат
Хьадж дар · Гlазот

Исцlарера а декъашхой

Мухаммад · Пайхlамарш диняхь Асхьабаш · Халифы

Диняхь долу гарнаш

Сунниташ · Шииташ
Салафия · Суфизм

Жайняш и бакъонаш

Къуръан · Суннат · Хадисы
Мазхабы · Бакъо · Няlмат

Гlилакх а нехайукъ

Исбаьхьалла · Даздарш
Хиласоьхе · Кханлерде
Мяждигаш · Зудри
Ислам дин довзитар

Ков:Ислам

х · д · н

75 Сурат АЛЬ-КЪИЯМА Къемат /де/ (Маккахь доьссина‚ дерриге 40 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.

Дакъа 1 1. ХIан-хIа! Дуй боу Аса къематденца. 2. ХIан-хIа! Дуй боу Аса бехкаш бохучу сица. 3. Адамна моьтту-те Оха янне гулйийр яц шен даьIахкаш? 4. ХIаъ! НицIкъ болуш ду /Тхо/ цуьнан пIелгаш /гулдина‚ вовшехтоьхна/ дIанисдан. 5. ХIаъ‚ луур ду адамна харц лен шен хьалхахь /къематдийнахь кIелхьара валархьама/. 6. Хоьтту цо /цавешаш/ маца хир ду и къематде?  7. БIаьрса /хьере хилла/ дIатохаделча. 8. Бутт лаьцича /шен нур дIадихьна‚ бода хилча/. 9. Малх а‚ бутт а вовшехтоьхча. 10. Эр ду адама оцу /къемат/ дийнахь: "Мичахь ю дIавадан меттиг?" 11. ХIан-хIа! ДIавадан меттиг ма яц! 12. Хьуо Кхиош-кхобучунна тIе ю оцу дийнахь дIанисвалан меттиг. 13. ДIадуьйцур ду оцу дийнахь адаме цо хьалхадаьккхинарг а‚ цо тIаьхьатаьттинарг а. 14. ХIаъ‚ тIаккха адам ша шена тIехь теш хир ду-кх /массо межено тешалла дийр ду ша диначунна тIехь/. 15. Шен бехказлонаш цо мел кхиссича а /къабал йийр яц уьш/. 16. Хьан мотт ма хьавзабе цуьнца /Джабраил малико хьайга КъурIанан аяташ доьшучу хенахь/ цуьнца сих валархьама /хьайна дагахь ца дисаран кхоьруш, хIай Мухьаммад/. 17. Баккъалла а, Тхуна тIехь ду иза гулдар а /хьан дагчохь/‚ иза дешийтар а /хьан маттаца/. 18. Оха иза доьшуш тIаьхьахIотта цуьнан дешарна. 19. ТIаккха Тхуна тIехь ду иза билгалдаккхар а. 20. ХIаъ! Шу ма дезаш ду сиханиг . 21. Аш дуьтуш ма ду тIаьхьарниг /эхарт/. 22. Цхьа яххьаш хир ю оцу дийнахь екхаелла‚ 23. Шаьш Кхиош-кхобучуьнга хьоьжуш. 24. Цхьа яххьаш хир ю оцу дийнахь мархаелла 25. Шайна тIехь боккха ницIкъ бина хьуна хеталуш. 26. ХIан-хIа! /Са озина доккхуш/ и лаге кхаьчча, 27. Эр ду: "Мила ву  иза юхадерзор дерг /тодеш/?" 28. Хуур ду /адамна/ хIара /дуьненах/ дIакъастар дуйла. 29. /Са юьзаш ветталуш/ ност ностарх кхетар ю. 30. Хьуо Кхиош-кхобучуьнга хир ду оцу дийнахь /нах/ дIалахкар /шаьш йинчу Iамалах бекхам эцан/.

Дакъа 2 31. Бакъ ца дора /адамо хIара дин/‚ ламаз а ца дора. 32. Амма харцдира‚ /ламаз дарах/ вухавелира. 33. ТIаккха шен доьзална тIе воьдара кура боларца. 34. Ма бала бу хьуна‚ ма бала бу! 35. ТIаккха ма бала бу хьуна‚ ма бала бу! 36. Моьттуш ду-те адамна ша эрна /тIе декхарш а ца духкуш/ дуьтур ду? 37. Иза /адам/ дацара ткъа /хилла/ тIадамах /зудачунна чу кхоьссинчу стеган хих/? 38. ТIаккха детана цIи хилира цунах. ТIаккха Цо кхоьллира /цунах адам/‚ нисвира иза /шен меженашца/. 39. ТIаккха цунах Цо хилийтира шиъ: боьрша стаг а‚ зуда а. 40. Ткъа Иза ницIкъ кхочуш вац белларш денбан?




Хьажа. кхин

Хьажораш

Долахь болу гlирсаш
Цlерийн ана

Кепараш
Дийраш
Шавигар
дакъалацар
Гlирсаш
Кхечу маттахь дерш