Сура Вовшийн лебар
Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
|
||||||||||||||||
64 Сурат АТ-ТАГIАБУН Вовшийн Iехабар (Мадинатехь доьссина‚ дерриге 18 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.
- 1. Далла тасбахь деш деш ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цуна ду паччахьалла‚ Цуна бу хастам а. Иза ву массо хIуманна тIехь ницIкъ кхочуш берг а.
- 2. Иза ву шу кхоьллинарг. Шух ву цатешаш верг а‚ шух ву тешаш верг а /Делах/. Дела аш деш дерг гушдерг ву.
- 3. Цо кхоьллира стигланаш а‚ латта а бакъонца‚ Цо хIоттира шун куц‚ тIаккха хаздира шун куцаш. Цунна тIе ду /чакхенан/ дIадерзар.
- 4. Цуна хаьа стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Цуна хаьа аш къйладоккхург а‚ аш дIахьедориг а. Дела ву хууш верг дегнашкахь дерг.
- 5. Шуьга ца деара хьалха цатешаш хиллачаьрийн хабар? Цара Iевшира шайн гIуллакхийн бала‚ царна лазош долу Iазап а ду.
- 6. Иза ду цаьрга богIуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца‚ тIаккха цара олуш хиларна: "/Вай санна/ наха дуьхкур ду вай нийсачу новкъа?" Цара керста дира /уьш Дала баийтар/‚ уьш дIабирзира /цу элчанех а‚ бакъдолчу иманах а/. Дела уьш ца хиларх а волу: Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву.
- 7. /Делах/ цатешна хилларш моьттуш бу шаьш дендийр дац. Ахьа ала: "ХIаъ‚ со Кхиош-кхобучу сан Делаца дуй боу аса: дендийр ма ду шу‚ тIаккха шуьга дуьйцур ма ду аш деш хилларг. Иза Далла атта ду".
- 8. Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ Оха доссинчу нурах а /КъурIанах/. Дела аш дийриг сов дика хууш верг ву.
- 9. Цхьана дийнахь Цо гулдийр ду шу гуламан /къемат/ дийне. Иза ду вовшех Iехадаларан де . Милла велахь Делах тешаш дика Iамал еш Оха цIанвийр ву иза шен къинойх‚ вохуьйтур ву бошмийн чу‚ шайн бухахула татолаш а лелаш долчу. Цу чохь уьш гуттар а лаьтташ. Иза сийлахь-боккха толам бу-кх!
- 10. Цатешна хилларш а‚ Тхан аяташ харцдина хилларш а уьш цIеран /жоьжахатин/ дай бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!
- 11. Цхьа а бохам хир бац Делан пурбанца бен. Милла велахь Делах тешаш Цо нисдийр ду цуьнан дог. Дела массо хIума хууш верг ву.
- 12. Далла муьтIахь хила‚ элчана а муьтIахь хила. Шу дIадерзахь /иманах/ Тхан элчанна тIехь-м билгала дIакхачор бен дац.
- 13. АллахI ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Далла тIе товжийла муъма нах.
- 14. ХIай иман диллинарш! Баккъалла а, шун зударех а‚ доьзалех а шуна мостагIий берш а бу‚ царех ларлолаш. Шу /церан/ бехках довлахь‚ товахь‚ аш гечдахь баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.
- 15. Баккъалла а, шун бахам а‚ шун доьзал а питна ду. Ткъа Дела Цуьнан гергахь сийлахь-йоккха ял ю!
- 16. Шу Делах кхералаш шайн ницIкъ мел кхочу‚ аш ладогIалаш /шайга Дала дечу омре/‚ шу муьтIахь хилалаш /Дала бохучунна/‚ аш харжаш е дикачуьнца /сагIа доккхуш/ шайн синошна. Шен синан бIаьрмацагаллех Iалаш хилларг уьш бу баккхийбедар берш.
- 17. Аш /духа лург/ Далла лахь хаза декхар Цо масийттаза алсам даьккхина духадерзор ду иза шуна‚ шуна гечдийр а ду. Дела баркалле а ву‚ дукха собаре ву /Шех тешначарна оьгIазе воцуш/.
- 18. Къайлахь дерг а‚ гучахь дерг а хууш верг а ву /Иза/‚ Ша веза верг а‚ хьукаме верг а ву.