Сура Буьйса
|
||||||||||||||||
92 Сурат АЛ-ЛАЙЛ Буьйса (Маккахь доьссина‚ дерриге 21 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.
1. Буьйсанах дуй боу Аса /цо Iалам боданца/ дIахьулдеш‚ 2. Дийнах а дуй боу Аса‚ иза серладаьлча. 3. Ша стаг а‚ зуда а кхоьллинчуьнца а дуй боу Аса. 4. Баккъалла а, шун дIагIертарш тайп-тайпана ду-кх! 5. Амма ша /сагIа/ делларг а‚ /Делах/ кхийринарг а‚ 6. Ша уггар хазниг /бусулба дин/ бакъдинарг 7. Оха цуна аттадийр ду аттачунна /ялсаманийна/ тIе /водар/. 8. Амма ша пис хилларг‚ /дуьненан/ хьал лехнарг а‚ 9. Ша уггар хазниг харцдинарг 10. Оха цуна атта дийр ду халачунна /жоьжахатина/ тIе (водар). 11. Иза хьалха воккхур вац цуьнан бахамо иза кIелвисча. 12. Баккъалла а, Тхуна тIехь бу нийса некъ /иза билгалбаккхар/. 13. Баккъалла а, Тхан ду тIаьхьарниг а‚ хьалхарниг а /эхарт а‚ дуьне а/. 14. Аса кхерам тесина шуна алу кхуьссучу цIарца. 15. ЧугIур вац цуна уггар даькъазниг бен‚ 16. Ша /дин/ харцдина хилла волу, /цунах/ дIавирзина волу. 17. Цунах генаваьр ву уггар /Делах/ кхоьруш верг‚ 18. Шен бахам ша цIанвалан /закатна, сагIина/ луш верг‚ 19. Цхьаннегара шена бекхамна дикана ца лоьхуш ‚ 20. Уггар лакхахь волчу ша Кхиош-кхобучун юьхь езар бен . 21. Таьхьа реза хир ву иза /Дала ялсаманехь шена деллачу ниIматашна/.