Сура Билгало
|
||||||||||||||||
98 Сурат АЛЬ-БАЙЙИНА Билгала делил (Мадинатехь доьссина‚ дерриге 8 аят). Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца.
1. Ца хилира жайнан охIлах а‚ мушрикунех а болу кератсанаш къасталуш /шаьш тIехь хиллачу динах/ шайга къеггина делил далц 2. Делера элча /Мухьаммад пайхамар/‚ ша доьшуш /царна/ цIена долу хьарчораш . 3. Царна чохь мехала долу яздинарш а /жайнаш/ долуш. 4. Шайга жайна доссинарш бекъа ца белира шайга къеггина долу делил деъначул тIаьхьа а бен‚ 5. Цаьрга омра-м ца динера /деккъа/ Далла Iибадат де аьлла бен‚ шаьш цIандеш Цуна дин‚ /бакъ долчунна ИбрахIиман а‚ Мухьаммадан а динан/ тIе тижаш‚ ламаз хIоттаде‚ закат ло аьлла бен. Иза ду нийса долу дин. 6. Баккъалла а, жайнан охIлах а‚ мушрикунех а болу и керстанаш жоьжахатин цIергахь хир бу‚ гуттар цу чохь лаьтташ. Уьш вон халкъ ду-кх. 7. Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а уьш дика халкъ ду-кх! 8. Церан бекхам шаьш Кхиош-кхобучун гергахь Iадн цIе йолчу ялсаманин бошмаш ю-кх‚ шайн бухахула лелаш татолаш а долуш‚ цу чохь уьш гуттар лаьтташ‚ Дела реза хили царна‚ уьш а хили Цуна реза. Иза ду ша Кхиош-кхобучух кхоьруш хиллачунна дерг.