Сайтиев, Бувайсар Хамидович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(ДӀасахьажийна кху Сайт КIант Бувайса)
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Wrestling pictogram.svg
Сайтиев Бувайсар Хамидович
Buwaisar Saytiev.jpg
Шех лаьцна
Гражданалла

СССР СССРРосси Росси

Вина де

11 мартехь 1975 (39 шо)

Вина меттиг

Хасу-Эвл

Спортан карьера

1982-2009

Говзалла

паргӀата кепар латархо

Тренер
  • Гашимов С. Р.
  • Ирбаехан В. И.
  • Миндиашвили Д. Г.
  • Бахтуридзе Г. Л.
  • Хачикян С. Г.
Локхалла

183 см

Йозалла

76 кг

Бувайсар Хамидович Сайтиев (1975 шаран 11 март, Хасу-Эвл, ДегIаста, РСФСР, СССР) — нохчийн паргӀата кепар латархо, 5-за Российн чемпион, 6-за Европан чемпион, 6-за дуьненан чемпион, 3-за Олимпиадан чемпион, 7-за Красноярскехь хуьлучу Иван Ярыгин цӀарах йолу турниран чемпион, Российн Сийлахь спортан говзанча (1995 шо).

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Вина Хасу-Эвлахь 1975 шаран 11 мартехь. Лата Ӏама волавелла 6 шо кхаьчча (1982 шо). Цуьна тренерш бара Гашимов С. Р., Ирбаехан В. И. Цунна 13 кхаьчча цуьна да машенахь велира. Цуьна нена дизи шашх виъ кӀант, кхо йоӀ хьалкхиаян. 1989 шарахь СССР спортан мастер хилира и. 1990 шарахь иза деша вахара Новокузнецкехь ойлу спортивны интернате. 1991 шарахь цо беккхира толам СССРн таьххьара кегирхой чемпионатехь.

Хасу-Эвлахь школа чекхйекхича Красноярске вагӀара иза. Цигахь цуьна тренераш бара Миндиашвили Д. Г., Бахтуридзе Г. Л., Хачикян С. Г. 6-за дуьненан чемпион хилира иза (1995 шо, 1997 шо, 1998 шо, 2001 шо, 2003 шо, 2004 шо). Европан чемпионаташкахь толам беккхина цо 1996—2001 шарашкахь а, 2006 шарахь а.

1996 шарахь Бувайсар Атлантехь хиллачу Олимпиадан чемпион хилира. Иза хьалхара нохчий ву Олимпиадан чемпион хилларг, уггаре а къона охьатугӀу латарх чемпион хилларг а ву. 1995 шарахь дуьна 2000 шо кхаччалц цӀкъаа эшна вацар иза.

2000 шарахь лазавар бахьнех Сиднейхь хиллачу Олимпиадехь ийшира Бувайсар. 2004 шарахь Афинашках хилчу Олимпиадехь чемпион хилира иза. 2008 шарахь Пекинехь хилчу Олимпиадехь кхозлагӀа олимпийски медаль яьккхира цо.

5-за ФИЛА дуьненахь массарелла дика латархо ву аьлла билгал ваьккхира иза (1996 шо, 1997, 1998 шо, 2003, 2005 шо). Цо чеккхъяккхина Махачкалахь Пачхьалкхан бизнесан, бакъонан университет. ПаргӀатачу кепар охьатохарехь латарехь Российн гуллайина тобанан куьйгалхо ву иза. Российн Президентан физкультуран а, спортан йолу Кхеташонан дакъашхо ву иза.

Олимпийски чемпион волуш волу Сайтиев Адам цуьнан жима ваша ву.

Цуьна кхо кӀант, цхьа йоӀ ю. Россиин эскаран подполковник ву иза. Иза 183 см лекха ву.

2009 шаран 26 майхь цо элира, ша спорт йита дагахь ву аьлла.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]