Сайтиев, Адам Хамидович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Wrestling pictogram.svg
Адам Хамидович Сайтиев
Шех лаьцна
Гражданалла

СССР СССРРосси Росси

Вина де

12 декабрехь 1977 (36 шо)

Вина меттиг

Хасу-Эвл, ДегӀаста, РСФСР, СССР

Говзалла

паргӀата кепар латархо

Йозалла

76 кг, 85 кг

Сайти́ев, А́дам Хами́дович (1977 шаран 12 декабрь, Хасу-Эвл, ДегӀаста) — нохчийн паргӀата кепар латархо, Российн Сийлахь спортан говзанча (2000), 3-за Российн чемпион (1999, 2000, 2002), 3-за Европан чемпион (1999, 2000, 2006), 2-за дуьненан чемпион (1999, 2002), Олимпиадан чемпион (2000).

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Цунна 11 кхаьчча цуьнан да машенахь велира. Цуьна нена дизи шашх виъ кӀант, кхо йоӀ хьалакхиаян. 1996 шарахь иза Красноярске дӀавахара. 1997 шарахь иза 69 кг кхаччалц йозаллин категорехь Российн чемпион хилира. Цу шарахь иза Российн вовшахтоьхна тобана юкъаязвира. 1998 шарахь цо толам беккхира Иван Ярыгинан сий деш яш йолу турнирехь, дуьненан Кубкехь 2-гӀа меттиг а яккхира, Европан чемпионатан борзан медаль а яккхира. 1999 шарахь иза хилира 76 кг кхаччалц йозаллин категорехь Российн а, Европан а, дуьненан а чемпион. 2000 шарахь 85 кг кхаччалц йозаллин категорехь цо беккхира 3-гӀа толам Российн чемпионатехь а, 2-гӀа — Европан чемпионатехь а.

2000 шарахь Сиднейхь хилла йолу XXVII Олимпиадехь Адам Сайтиев финале кхечира шен дуьхал летачарна цхьаа бал дӀа ца луш. Цо бен финалехь цӀена толам ца беккхира.

2002 шарахь иза дуьненан чемпион хилира, 2006 — Европан чемпион.

Доьзалла[нисъе | нисъе чухулара]

Иза ву 3-за Олимпиадан чемпион хилла волу Бувайсар Сайтиеван жима ваша.

СовгӀаташ[нисъе | нисъе чухулара]

  • Силаллийн Орден (2001)
  • ДоттагӀалин Орден (2004).

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]