Оьздангалла

Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
Дехьавала оцу: шавигар, лаха

Таркхойн Шовхала Нохчийчуьра бу боху к1ентий ша волчу хьошалла кхайкхина хилла. 1уьйранна уггаре дуьра кхача хьалха биллийтина цо хьешашна. Хьеший, яаеззачул х1ума а кхаьллина, д1абевлла. Делкъехь уггаре чаьмза юург хьалха йиллийтина, тохара санна, хьешо юъчул х1ума а йиъна, д1абевлла уьш. Суьйранна уггаре чомехь пхьор хьалха диллина хьешашна. 1уьйранна а, дел-къехь а санна, к1еззиг х1ума а йиъна, уьш д1абевлча, Шовхала хаьттина: - Ма тамашийна х1ума ду шена гинарг. Дуьра а, чаьмза а, чомехь а хиларх, цхьатерра бен ца йиъна-кх аша... Эвтархойн Ахьмада жоп делла: - Хьан шуьнехь чомаш хержа даьхкина дац тхо. Нехан шуьнехь къонах а верстар вац, нехан хьаьвди т1ехь дин а берстар бац.




Хьажа. кхин

Хьажоригаш

Долахь болу гlирсаш
Цlерийн ана

Кепараш
Дийраш
Шавигар
дакъалацар
Гlирсаш
Кхечу маттахь дерш