Нурадилов, Ханпаша Нурадилович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ханпаша Нурадилович Нурадилов
Вина терахь 1924 шеран 6 июль({{padleft:1924|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})
Вина меттиг ГӀачалкъа, ДегӀаста, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь 1942 шеран 12 сентябрь({{padleft:1942|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (18 шо)
Кхелхина меттиг: Волгоградан область, Серафимович, РСФСР, СССР
Пачхьалкх ССРС СССР
Эскаран тайпа дошлой
Дарж сержант[d]
БӀахойн дакъа 5-гӀа гвардин дошлойн дивизи
Куьйгалхо пулемётан взвод
ТӀемаш
СовгӀаташ
Советийн Союзан Турпалхо
Ленинан Орден ЦӀен Байракхан орден ЦӀен Седан орден

Ханпаша Нурадилович Нурадилов (1924 шеран 6 июль, Гӏачалкъа — 1942 шеран 12 сентябрь Серафимович) — Советски Союзан турпалхо. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо. Цо хӀаллаквира пулемётаца 900 сов немцойн салти, 7 пулеметан ларар, схьалецира 14 мостагӀан салти[1].

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ханпаша винера 1924 шеран 6 июлехь ГӀачалкъахь (тахана ДегӀастанан ГӀазгӀумкийн керла кӀоштан «Чаравали» йурт).

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь иза вара 5-гӀа гвардин дошлойн дивизин пулемоьтан взводан куьйгалхо. Захаровка йуьртан уллехь цуьнан пулемётан тобанера иза цхьаъ бен ца висира, и ша а чов йина вара. Амма цо шен пулемоьтаца фашистийн тӀелатар сацийра царех 120 хӀаллак а веш.

1942 шеран январехь Толстой йуьртан уллехь шен хьалха боьлхуш болу накъосташан гӀо деш иза шен пулемётаца царца хьалха вахара цера некъ цӀанбеш. Оцу латарехь цо хӀаллаквира 50 фашист а, 4 пулемоьт а. И хьуьнар бахьнехь цунна йелира ЦӀен Седан орден а, сержантан звани а.

1942 шеран февралехь Шигры йурт схьайоккхуш цуьнан пулемоьтан тобанан накъостий хӀаллакбира. Ша чов йина волушшехь, цо тӀом а бира, 200 гергга фашист а хӀаллаквира. 1942 шеран бӀаьстехь Байрак йурт схьайоккхуш цо хӀаллаквира 300 сов немцойн салти. И хьуьнар бахьнехь цунна йелира ЦӀен Байракхан орден.

1942 шеран 12 сентябрехь Сталинградан областан Серафимович гӀалин уллехь Нурадилов вара пулемоьтан взводан куьйгалла деш. Шена чӀогӀа чов йишашехь цо шен пулемёт ца йитира. Цо хӀаллак йира 250 фашист а, 2 пулемёт а. Оцу динахь иза велира.

1942 шеран 21 октябрехь фронтан газетас «Красная Армия» йазйира Нурадиловн лерина материал:

Доблестный рыцарь нашей Отчизны. Бессмертный герой Кавказа, сын солнца, орел орлов, боец Ханпаша Нурадилов, убивший девятьсот двадцать врагов.

Иза дӀавоьллира Мамаев курган тӀехь.

1943 шеран 17 апрелехь СССР Лакхара Советан Президиуман сацамца Ханпаша Нурадиловн йелира Советски Союзан Турпалхо цӀе[2].

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Виццавар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Х. Нурадилован лерина арахецна СССР почтан марка, 1944 шо
  • Мамаев Курган тӀехь йолу мемориалан комплексехь ду Ханпаша Нурадилован лерина дина мемориалан у;
  • 2008 шеран апрелехь Мини-АтагӀехь (ДегӀастанан ГӀазгӀумкийн керла кӀошт) йеза схьайиллира Х. Нурадилован хӀоллам;
  • 1944 шарахь Х. Нурадилован лерина арахийцира СССР почтан марка;
  • Ханпаша Нурадилован цӀе тиллина Нохчийн пачхьалкхан театран;
  • Нурадилово (хьалха хилла Дауд-отар) — ДегӀастанан Хаси-Эвлан кӀоштехь йолу юрт.
  • Ханпаша Нурадиловех лаьцна 1986 шарахь «Азербайджанфильм» киностудехь йаьккхира исбаьхьалла фильм «В семнадцать мальчишеских лет»[3].

Культура[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ханпаша Нурадилов сурт ду[4] «Сталинградан латар» цӀе йолу панорамехь.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. В памяти поколений // Страна. Ру Архивйина 2008-02-28 — Wayback Machine
  2. Указ Президиума Верховного Совета СССР «О присвоении звания Героя Советского Союза начальствующему и рядовому составу Красной Армии» от 17 апреля 1943 года // Ведомости Верховного Совета Союза Советских Социалистических Республик : газета. — 1943. — 23 апреля (№ 16 (222)). — С. 1
  3. "17 мальчишеских лет"(оьр.). kino-teatr.
  4. Ханпаша Нурадилов на полотне Музея-панорамы «Сталинградская битва»

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

 Нурадилов, Ханпаша Нурадилович. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».