Нохчийн Пачхьалкх Нохчийчоь

Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
Дехьавала оцу: шавигар, лаха
Нохчийн Пачхьалкх
Нохчийчоь
Noxčiyn Qoman Bayraqh.jpg Херо Нохчийн
Нохчийн Байракх Нохчийн Херо

Меттиг гар: 43°20′00″ к. ш. 45°40′00″ м. г. / 43.333333° к. ш. 45.666667° м. г. (G) (O)

2000px-Europe Location Chechen.png
Map of Chechnya.png
Дай кхайкхаман илли: ««Іожалла я маршо»»
Кхайкхаман илли: «Іожалла я маршо» (ладогlа )
Кхоллайелла 7500 эзар шо хьалха (Нохь пайхамар хенахь)
Маьрша йаьлла хан 27 Эрх бутт 199 шо (оцу Оьрсех)
Пачхьалкха коьрта мотт Нохчийн мотт.
Коьрта шахьар Джовхар-гӀала
Яккхийра шахьарш Гуьмсе, Мартан, Шела, Орга-ГІала
Куьйгаллийн барам Пхьарленан пачхьалкх
Паччахь Куьйгалхо
Пачхьалкха дин Ислам
Аре
• Деригге латта →
• % хина тlехле. →
155-гlа ю дуьненан чохь
17 600 км²
0.3
ДЧС (НЭТ)
  • Деригге

$30.884.000 мл.
ДЧС (дозалла)
  • Деригге (2009)
  • Цхьан адаман цlарах

$30.884.000  (400-гl)
$25,73 [1]  (330-гl)
Дакъошца йолу къома цlераш нохчо, нохчи, нохьарчий [2]
Ахча Нахар
Мохакеман юкъаралла Оьрсаша йохийна [3]
Дуьнена машан цlераш .com .org .info
ISO ишар 001 CE, NOH
Зlен ишар +(007928), (+7)
Сахьатан аса +4
  1. Цхьан стаган кхочуш долу ахча 25,73 $
  2. нохьех схьадойла долун дела олу нохьарчий - нохчий, дуккха нохьарчий бохург ду иза.
  3. Оьрсаша йохийна Вай Моха кеман юкъаралла, массо хlума гlаскхаш йохийна дlаяккхина, кхин тlе вай адам хlаллак деш бу

Нохчийн Пачхьалкх Нохчийчоь - Къилбседа Кавказехь а йолуш, Европийн къилб-малхбалехьар мохк бу. Къилбседа-малхбалехьа Российца, къилбехьа Гуьржехац, къилбседа-малхбалехьа Российца, къилбседехьа юха а Российца дозанаш ду. Пачхьалкхан йерриге йоккхалла 17 600 км. Пачхьалкхан латта мехка хьолаца лаьмнийн а, арен декъашка декъалуш ду. Уггаре лекха бохь Тебул-Мате лам (Тебулос-Мта) (4512м) лам бу. Махкахь дуккхах долу лаьмнаш юькъа хьаннех дойла ду. Коьрта хиш: Терк, Соьлжа, Орга, 1асса, Марта, Къоьзан-1ам. 1аламан-лаьтта бахам: Мехк-даьтта, газ, деши, дети.

Чулацам

Нах а, бахархой а

Нохчийн Пачхьалкхехь 2010 шарахь 1,269,000 адам дехаш дар. Бахархойн йоккъалла Нохчех кхоллалуш ю (99%). Кхин долу къаьмнаш: Туркой (0,1%), ногlий (0,6%), суьйлий (0,2%), жуьктий (0,1%). Нохчийн а, оьрсийн а меттанаш пачхьалкхан меттанаш ду, иштта: Ӏаьрбойн, ингалсан меттанаш даьржина ду. Дукхахболу бахархой бусулба бу (Сунниташ 99%). Дахаран юкъера дохала: божарий 69-73, зударий 70-87.

Ӏаламан хӀоттам

Ӏаламан-хӀоттам хьокъехь Нохчийчохь ерриге географийн шораллаш ю. Къилбседехьара йекъа аренаш, бакъ йолу гӀамарашка йоьрзий, буьрса мехашца гӀуьтту. Къилбехьа гӀод юкъалца горга шарахь бешаш боцуш ша лаьтта. Лаьмнашкахь Ӏа шийла хуьлу, аьхке гӀехь.

Дитташ а бецаш

Ӏаламан-хӀоттам тайп-тайпан хиларо Ӏаламан бахам гойту. Пачхьалкх ехаш ю тайп-тайпан хьаннашций, бецашций. Амма, Российца 1994 шарахь бола беллачу тӀамо, дуккха нагахь бен ца хуьлу бецаш, хьаннаш хӀаллак йина. Мехала дитташ: Поп, поп-наж. Лаьмнашкахь а аренашкахь а Нохчийчохь бен ца йолу дуккха бецаш ю.

Хиш

Даккхийра хиш: Терек, Сунжа, Аргун, Шароаргун, Гехи, Хулхулау, Аксай, Мартан, Баас, Гумс, Ямансу, Ярык-су, Шалажа, Нетхой, Рошня, Мичик, Искарг хи, Хортанга, Асса, Чемульга.

Акхарой

Пачхьалкхан акхарой дуьне чӀогӀа дехаш ду. ГӀа долу хьаннашкахь Нохчийн сира берзалой лела. Иштта кхиа: черчи, чхьахалгаш, акха-цицигаш, акха хьакхарчий, сайш, акха говраш. Даккхий а кегий а олхазараш: аьрзо, хьаргӀа, селасат, оттйокх, гӀарагӀуле, гӀургӀаз, къор кхокха.

Пачхьлкхан кеп а, балалуьтту тобанаш а

Дийна цlе - Нохчийн Пачхьалкх Нохчийчоь. Пачхьалкхан кеп: Паччахьан Пачхьалкх. Мохк 16 кlоштане бекъна бу. Коьрта гlала - Джовхар-гlала. Тlехьара бlе шарахь Нохчийчоьс шен йозуш ца хилар шозза метта хlоттийна. Къоман дез денош: Марх дастар, Пачхьалкх йозуш яцаран де: 26 лаьхьанан бутт 1990 шо, Толаман де: турс-седан бутт 1996 шо. Пачхьалкхан куьйгалхо Паччахь, НПН-ан Низамца Паччахь премьер-министр а волуш Тlема-Ницlкъийн коьрта Куьйгалхо ву. Нохчийн Пачхьалкхан йозуш ца хилар кхаъ пачхьалкхо къобал дина: Туркойн Пачхьалкх Къилбаседа Кипр - (1992 шо), Гуьржийн Пачхьалкх - (1994 шо), АфхIанхойн Бусулба Пачхьалкх - (2000 шо). Пачхьалкхан коьрта балалуьтту тобанаш: Вайнехан Халкъа Куьйгаллийца йолу тоба, Маьрша Нохчийчоь, Нохчийн Дуненаюкъара Фонд-Нохь, НПН-ан йозуш цахилар лар яран АССАМБЛЕЯ.

Кхоор

Карахь йолчу хенахь Пачхьалкхан кхооран хьал дацаре дина. Российца болу тlамал хьалха Нохчийчоь индустроально-аграрни Пачхьалкх яра. Амма, Российс дозанаш къовлар, кхооран дика ца декха делира. Дуккхах йолу сурсаташна кхианаш яра: мехк-даьттадакхара, мехк-даьттакхехкоран, дагоран, хьайбанаш лелорн, хьун лелоран, юьрта бахам. Ахча-Нахар. Йохк эцаран коьрта накъостий: Азербайджан, Гуьржех, Турций, Россий.

Нохчийн Пачхьалкхан Куьйгалхой


Карда тlехь гойту нохчийн латта

15 б1ешарахь нохчийн къоман хиллачу латтан сурт!

Билгалдаккхар

Хьажа кхин а

Хьажоригаш

Долахь болу гlирсаш
Цlерийн ана

Кепараш
Дийраш
Шавигар
дакъалацар
Гlирсаш
Кхечу маттахь дерш