Нохчийн Республика Ичкери

43°20′ къ. ш. 45°40′ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Нохчийн Республика Ичкери
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: ««Ма̇ршуо йє Јо̇жалла»»
Пачхьалкхан Шатлакхан Илли

Официалан мотт Нохчийн мотт.
Коьрта гӀала Джовхар-гӀала
Йаккхий гӀаланаш Гуьмсе, Мартан, Шела, Устрада-ГІала
Бахархой
 • Мах хадор 1 200 000 стаг
Ахча Нахар

Нохчийн Республика Ичкери — Къилбседа Кавказехь а йолуш, Европин къилб-малхбалехьар мохк бу. Къилбседа-малхбалехьа Российца, къилбехьа Гуьржийчоьца, къилбседа-малхбалехьа Российца, къилбседехьа юха а Российца дозанаш ду. Пачхьалкхан йерриге йоккхалла 17 600 км. Пачхьалкхан латта мехкан хьолаца лаьмнийн а, арен декъашка декъалуш ду. Уггаре лекха бохь Тебул-Мате лам (Тебулос-Мта) (4512м) лам бу. Махкахь дуккхах долу лаьмнаш юькъа хьаннех дойла ду. Коьрта хиш: Терк, Соьлжа, Орга, Ӏасса, Марта, Къоьзана Ӏам. Ӏаламан-лаьтта бахам: Мехк-даьтта, газ, деши, дети.

Ичкери

Нах а, бахархой а

Нохчийн Пачхьалкхехь 2010 шарахь 1,269,000 адам дехаш дар. Бахархойн йоккхалла Нохчех кхоллалуш йу (99%). Кхин долу къаьмнаш: Туркой (0,1%), ногIий (0,6%), суьйлий (0,2%), жуьктий (0,1%). Нохчийн а, оьрсийн а меттанаш пачхьалкхан меттанаш ду, иштта: Ӏаьрбойн, ингалсан меттанаш даьржина ду. Дуккхах болу бахархой бусулба бу (Сунниташ 99%). Дахаран йукъера дохала: божарий 69-73, зударий 70-87.

Ӏаламан хӀоттам

Ӏаламан-хӀоттам хьокъехь Нохчийчохь ерриге географийн шораллаш йу. Къилбседехьара йекъа аренаш, бакъ йолу гӀамарашка йоьрзий, буьрса мехашца гӀуьтту. Къилбехьа гӀод йукъалца горга шарахь бешаш боцуш ша лаьтта. Лаьмнашкахь Ӏа шийла хуьлу, аьхке гӀехь.

Дитташ а бецаш

Ӏаламан-хӀоттам тайп-тайпан хиларо Ӏаламан бахам гойту. Пачхьалкх ехаш йу тайп-тайпан хьаннашций, бецашций. Амма, Российца 1994 шарахь бола беллачу тӀамо, дуккха нагахь бен ца хуьлу бецаш, хьаннаш хӀаллак йина. Мехала дитташ: Поп, поп-наж. Лаьмнашкахь а аренашкахь а Нохчийчохь бен ца йолу дуккха бецаш йу.

Эркаш

Даккхий эркаш: Терк, Соьлжа, Орга, Шара-Орга, Гиха, Хул-Хуло, Хьач-хи, Яьсса, Марта, Бас, Гумс, Ваштара, БургӀалт, Ивги, Шалажа, Нитхи, Рошни, Мичиг-Хи, Искерга, Марта, Ӏаьс-хи.

Акхарой

Пачхьалкхан акхарой дуьне чӀогӀа дехаш ду. ГӀа долу хьаннашкахь Нохчийн сира берзалой лела. Иштта кхиа: черчи, чагIалкхаш, акха цицигаш, налаш, сайш. Даккхий а, кегий а олхазараш: аьрзу, хьаргӀа, селасат, атйокх, гӀаргӀули, гӀургӀаз, къора кхокха.

Пачхьлкхан кеп а, балалуьтту тобанаш а

Дийна цlе - Нохчийн Пачхьалкх Нохчийчоь. Пачхьалкхан кеп: Паччахьан Пачхьалкх. Мохк 16 кlоштане бекъна бу. Коьрта гlала: Джовхар-гӀала. Тlехьара бlе шарахь Нохчийчоьс шен йозуш ца хилар шозза метта хlоттийна. Къоман дез денош: Мархa дастар, Пачхьалкх йозуш йацаран де: 26 лаьхьанан бутт 1990 шо, Толаман де: 6 турс-седан бутт 1996 шо. Пачхьалкхан куьйгалхо Паччахь, НПН-ан Низамца Паччахь премьер-министр а волуш Тlема-Ницlкъийн коьрта Куьйгалхо ву. Нохчийн Пачхьалкхан йозуш ца хилар кхаъ пачхьалкхо къобал дина: Къилбаседа Кипран Туркойн Республика - (1992 шо), Гуьржийн Пачхьалкх - (1994 шо), АфхIанхойн Бусулба Пачхьалкх - (2000 шо). Пачхьалкхан коьрта балалуьтту тобанаш: Вайнехан Халкъа Куьйгаллийца йолу тоба, Маьрша Нохчийчоь, Нохчийн Дуненайукъара Фонд-Нохь, НПН-ан йозуш цахилар лар йаран АССАМБЛЕЙ.

Кхоор

Карахь йолчу хенахь Пачхьалкхан кхооран хьал дацаре дина. Россица болу тlамал хьалха Нохчийчоь индустроально-аграрни Пачхьалкх йара. Амма, Россис дозанаш къовлар, кхооран дика ца декха делира. Дуккхах йолу сурсаташна кхианаш йара: мехк-даьттадакхара, мехк-даьттакхехкоран, дагоран, хьайбанаш лелорн, хьун лелоран, юьрта бахам. Ахча-Нахар. Йохк эцаран коьрта накъостий: Азербайджан, Гуьржийчоь, Туркойчоь, Росси.

Нохчийн Пачхьалкхан Куьйгалхой

Суьрташ

Билгалдахарш

Хьажа кхин а

Хьажоргаш