Муниципалан кӀошт

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Муниципа́лан кӀошт[1] я муниципалан гуо[2] — шена тIехь бахархой беха билгалдаьккхина административан-мехкан дакъа. Иза хила тарло гIала, юрт, масех юрт я юртийн кIошт.

Россехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Россехь муниципалан кӀошт — цхьаьна тайпана муниципалан кхоллам бу, меттигера урхаллин меженийн кеп ю, цуо цхьаьнатуху масех г1алийн а, яртийн а нах беха меттигаш, хила тарло, йукъара латташ цхьаьнатоьхна ярташна йукъара латта а.[3]

Муниципалан кӀоштан административан центр ю нах беха меттиг, иза билгалйоккху меттигерчу Ӏадатийн чоьтаца а, хӀора муниципалан кхолламан Ӏедалан меженахь хӀоьттинчу социалан инфраструктурица а.

«Муниципалан кӀошт» кхетам йукъабаьлла 2003 шеран 6 октябрехь «Российн Федерацехь меттигера урхалла кхолларан йукъара принципех» цӀе йолчу № 131-ФЗ Федералан закон тӀеэцначул тӀаьхьа.

Муниципалан кӀошташ кхоьллина РСФСР 1920—1950-гӀа шерашкахь кхоьллинчу РФ субъектийн административан-мехкан хӀоттаман гуран чуьра административан кӀоштийн дозанашкахь. Цхьаццанхьа кӀоштийн латташ тӀехь кхоьллира гӀалин гуонаш, иза дира я областан (мехкан, республикин, гуон) куьйга кӀелара гӀалийн (масала Москвохан область) административан кӀошташ пайденна дӀайохуш, я административан кӀошташ юьтуш церан дозанашкахь гӀалин гуонаш кхуллуш (масала Магаданан область). Свердловскан областехь цхьайолчу административан кӀоштех кхоьллира шишша муниципалан кхоллам: муниципалан кӀошт а, гӀалин гуо а. Перман махкахь муниципалан кӀошташ кхоьллира цхьайолчу мехкан маьӀна долчу гӀаланашкахь.

Муниципалан кӀоштан бакъонаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

«Российн Федерацехь меттигера урхалла кхолларан йукъара принципех» цӀе йолчу Федералан законан 15-гӀа статьяхь билгалбаьхна муниципалан кӀоштийн тӀегӀанехь бан беза меттигерчу Ӏедалийн белхаш. Уьш бу, уггар хьалха, кӀоштахь медицина а, дешар а хилийтар, ярташ коммуникацешна тӀетесна хилийтар, архиваш, библиотекаш кхоллар. Муниципалан кӀоштийн декхар ду кӀоштахь автомобилан некъаш латтор а, уьш дахкар а, транспортца нехан хьашташ кхочуш дан а, хӀусамашкара а, промышленностан а кхьаллеш утилизаци ян а, уьш тоян а. Муниципалан кӀошт декхарехь ю йукъараллин низам латто шен муниципалан кӀоштехь муниципалан полицица.

Таханлерчу дийнахь дукхахйолу муниципалан кӀошташ, кӀоштахь бюджетан доладеш ю, оцу йукъахь йу йарташ: кӀоштан йукъара шен бюджет йоцу, харжийн смети бен йоцу ярташ а. Законаца, муниципалан кӀошто шена чуйогӀучу яртийн бюджетан тоам нисбо, муниципалан кӀоштан бюджетан бахаман чоьтех.

Барам[нисйе бӀаьра | нисйе]

2010 шеран 1 январехь Россехь яра 1829 муниципалан кӀошт[4], 2011 шеран 1 январехь — 1824 муниципалан кӀошт[5], 2012 шеран 1 январехь — 1821 муниципалан кӀошт[6], 2013 шеран 1 январехь — 1817 муниципалан кӀошт[7], 2014 шеран 1 январехь — 1815 муниципалан кӀошт[8].

Муниципалан гуо[нисйе бӀаьра | нисйе]

2012 шарахь Москвохахь кхоьллина 125 муниципалан гуо. Иштта Петарбухехь бу 81 муниципалан гуо. 2014 шарахь Севастополехь кхоьллина 10 муниципалан гуо.

Доминикин Республикехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Доминикан Республикехь муниципалан кӀошт (испан. distrito municipal) — муниципалитет[en], лаьтта цхьааннал сов гӀалийн центрех[en].

Ирландехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ирландехь 2014 шеран «Пачхьалкхан урхаллин меттигерчу меженийн хийцамех»[en] законаца 2014 шеран 1 июлехь кхоьллина муниципалан кӀошташ (инг. municipal district) хьалха хиллачу гӀалин советан меттана пачхьалкхан урхаллин меттигерчу меженийн системан дакъа санна. Ирландера муниципалан кӀошт — шолгӀачу тӀегӀанера административан дакъа ду, графаллал лахара, Дублинан кӀошт а, кхин а кхоъ йисина Голуэй, Дублин, Корк гӀалийн советаш а дӀаяьхчхьа. Йиъ муниципалан кӀоштех (Клонмел, Дроэда, Слайго, Уэксфорд) — гӀалийн кӀошташ олу (боро кӀошташ; инг. borough district), Лимерик а, Уотерфорд а — метрополитенийн кӀошташ (инг. metropolitan district)[9].

Канадехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Канадехь муниципалан кӀошт (инг. municipal district (M.D.)) — Альбертан провинцехь йуьртан муниципалитетан[en] тайпана йу, урхалла до хоржучу кхеташоно[10]. Канадан статистикин гӀуллакхо лелайо 64 муниципалан кӀошт[en] Альбертехь а, 12 муниципалан кӀошт Керлачу Шотландехь а дагардаран областаш санна лелайо уьш статистикин Ӏалашонна[11]. Манитоба провинцера Флин-Флон гӀалин 1933—1946 шерашкахь иштта хилла муниципалин кӀоштин статус[12].

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Л. П. Кураков, В. Л. Кураков, А. Л. Кураков. Муниципальный район // Экономика и право: словарь-справочник. — М.: Вуз и школа, 2004.
  2. Л. П. Кураков, В. Л. Кураков, А. Л. Кураков. Муниципальный округ // Экономика и право: словарь-справочник. — М.: Вуз и школа, 2004.
  3. А. К. Голиченков. Муниципальный район // Экологическое право России: словарь юридических терминов.. — М.: Городец, 2008.
  4. Росстат. База данных показателей муниципальных образований. Характеристика субъектов Российской Федерации по типам муниципальных образований и видам муниципальных учреждений на 1 января 2010 года.Кеп:Ref-format
  5. Росстат. Распределение муниципальных учреждений по типам муниципальных образований на 1 января 2011 года. Архивйина 2013-06-28 — Wayback Machine
  6. Росстат. Распределение муниципальных учреждений по типам муниципальных образований на 1 января 2012 года. Архивйина 2013-02-27 — Wayback Machine
  7. Росстат. Распределение муниципальных учреждений по типам муниципальных образований на 1 января 2013 года. Архивйина 2014-10-17 — Wayback Machine
  8. Росстат. Распределение муниципальных учреждений по типам муниципальных образований на 1 января 2014 года. Архивйина 2019-07-11 — Wayback Machine
  9. Local Government Reform Act 2014 (инг.). Department of the Environment, Community and Local Government (2014). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 15 февраль. Архивйина 2015 шеран 24 сентябрехь Архивйина 2014-06-02 — Wayback Machine
  10. Types of Municipalities in Alberta (инг.). Government of Alberta. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 15 февраль. Архивйина 2015-02-15 — Wayback Machine
  11. Interim List of Changes to Municipal Boundaries, Status, and Names: From January 2, 2012 to January 1, 2013 (инг.). Statistics Canada (2013). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 15 февраль.
  12. Gordon Goldsborough. Manitoba Municipalities: Flin Flon (инг.). Manitoba Historical Society (2015 шеран 1 январь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 15 февраль.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]