Мамакаев, Магомет Амаевич

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Магомет Амаевич Мамакаев
Магомед Мамакаев.jpg
Вина

16 декабрехь 1910

Вина меттиг:

ТIехьа-Мартан, Терски область, Российн импери

Кхелхина

2 августехь 1973 (62 шо)

Кхелхина меттиг:

Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, СССР

Корматалла:

яздархо, поэт

СовгӀаташ:

Мамака́ев, Магоме́т Ама́евич (1910 шаран 16 декабрь — 1973 шаран 2 август) — нохчийн яздархо а, поэт а.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Магомет Мамакаев вина 1910 шарахь ТIехьа-Мартанахь ахархон доьзалехь. Цо чекхъяккхира Малхбале къинхьегамхойн Коммунистически университет а, Лакхара литературан курсаш а Москвахь.

1931 шарахь иза хӀоттира «Грозненский рабочий» газетан редакторан когаметтаниг[1][2].

1937 шарахь иза чуьвоьллира Соьлжа-ГӀалан набахтечу. 1940 шарахь иза юха а чуьвоьллира Элистахь волуш хенахь. 1956 шо кхаччалц иза лагерашкахь вара Игаркехь[3].

1960 шарахь иза хилира «Орга» цӀе йолу нохчийн альманахан коьрта редактор.

Кхолларалла[нисъе | нисъе чухулара]

« Суна гергга коьрта дарж — сайн халкъан поэт хилар… Аса байташ язйо цхьаъ бен Ӏалашо йоцуш — оцу байташ нахана бохам хилча гӀо дайтархьам, цера дегнаш хьуьнаре а, дика гӀулкхашка а кхайкхабайта. »

Цуьнан хьалхара произведениш арахийцира 1926 шарахь. «ЧӀегӀардиг» цӀе йолу цуьнан хьалхара байтийн гулам арабелира 1931 шарахь.

Цо язийна байташ:

  • «Пей вино» (1931)
  • «Другу юности» (1934)
  • «Песня о бессмертных» (1937)
  • «Енисею» (1949)
  • «На свет я рождён не в Сибири» (1954)
  • «В кабинете В. И. Ленина» (1959)
  • «Алхан-Чурт» (1959)

Цуьнан поэмаш:

  • «Родные горы» (1928)
  • «Сестра семи витязей» (1932)
  • «Разговор с матерью» (1934)
  • «День моего рождения» (1956)
  • «У могилы Льва Толстого» (1956)
  • «Шашка» (1957)
  • «Гроздья винограда» (1958)
  • «Песнь о бесстрашных» (1958).

Цуьнан хьалхара проза араелира 1956 шарахь («Первый гудок»). 1962 шарахь араелира Мамакаеван хьалхара роман «Революцин мурд». Иза яра Нохчийчохь хилла болу революцин боламех лаьцна. 1968 шарахь араелира цуьнан роман «Зелимхан». Иза яра Зелим обургех лаьцна.

Иосиф Кобзонс лекхира эшар «Ламрой». Оцу эшаран дешнаш яздира Мамомет Мамакаевс, композитор Владимир Евзеров.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. К 100-летию Магомеда Мамакаева. Культура и образование. ИА «Грозный-информ» (24 ноябрь 2010). Архив йина хьалхара хьастачура 31 август 2013. Теллина 21 август 2013.
  2. Ризван Эдильсултанов Вечер памяти классика чеченской литературы М. Мамакаева. Общество. ИА «Чечня Сегодня» (23 декабрь 2010). Теллина 21 август 2013.
  3. Хасан Туркаев «Есть одно только мужество и одна только честь». Публикации > Аналитика. Министерство культуры Чеченской Республики (24 декабрь 2010). Архив йина хьалхара хьастачура 31 август 2013. Теллина 21 август 2013.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]