Людовик XIV

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Людовик XIV
Louis XIV
Louis XIV (Mignard).jpg
Вина

5 сентябрехь 1638

Вина меттиг:

Сен-Жермен-ан-Ле, Франци

Кхелхина

1 сентябрехь 1715 (76 шо)

Кхелхина меттиг:

Версаль, Франци

Корматалла:

64-гӀа Францин паччахь

Гражданалла:

Франци Франци

Да:

Людовик XIII

Нана:

Анна Австрийская

Зуда:
  • Мария Терезия Австрийская
  • Франсуаза де Ментенон
Бераш:

1-ра зудчунах:
кӀенти:

йоӀари:

  • Анна-Елизавета
  • Мария-Анна
  • Мария-Тереза

шортта къоталг1а дина бераш, царах цхьадераш т1елаьцна

Куьг таӀор

куьг таӀор

Людовик XIV де Бурбон, (вича цунна цӀе елира Луи́-Дьёдонне́ «Дала велла», фр. Louis-Dieudonné), иштта цунах олура «малх-паччахь» (фр. Louis XIV Le Roi Soleil), иштта Сийлахь-воккха Людовик (фр. Louis le Grand), 1638 шаран 5 сентябрь, Сен-Жермен-ан-Ле — 1715 шаран 1 сентябрь, Версаль) — Францин а, Наваррин а паччахь 1643 шаран 14 май дуьйна. Иза паччахь вара 72 шарах — Европин исторехь массарелла а дукха.

Людовик XIV жима волуш хенахь
Людовик XIV жима волуш хенахь
Людовик XIV статуя Версалехь
Шарль Лебренс диллина сурт. Канцлер Сегье. 1660 шо.
Жан-Батист Кольбер
Жак Савари
Николя де Ларжийерс диллина сурт. Людовик XIV шен доьзаллаца
Мадмуазель де Блуа а, Мадмуазель де Нант а

Зударш а, бераш а[нисъе | нисъе чухулара]

  • (1660 шаран 9 июнь дуьйна, Сен-Жан де Люц) Мария-Терезия (1638—1683), Испанин инфанта
    • Сийлахь-воккха Людовик Дофин (1661—1711)
    • Анна-Елизавета (1662—1662)
    • Мария-Анна (1664—1664)
    • Мария-Тереза (1667—1672)
    • Филипп (1668—1671)
    • Луи-Франсуа (1672—1672)
  • (1684 шаран 12 июнь дуьйна, Версаль) Франсуаза д’Обинье (1635—1719), маркиза де Ментенон
  • Езар Луиза де Ла Бом Ле Блан (1644—1710), герцогиня де Лавальер
    • Шарль де Ла Бом Ле Блан (1663—1665)
    • Филипп де Ла Бом Ле Блан (1665—1666)
    • Мария-Анна де Бурбон (1666—1739), Мадемуазель де Блуа
    • Людовик де Бурбон (1667—1683)
  • Езар Франсуаза-Атенаис де Рошешуар де Мортемар (1641—1707), маркиза де Монтеспан (7 бера):
    • Луиза-Франсуаза де Бурбон (1669—1672)
    • Луи-Огюст де Бурбон, Герцог Мэнский (1670—1736)
    • Луи-Сезар де Бурбон (1672—1683)
    • Луиза-Франсуаза де Бурбон (1673—1743), Мадемуазель де Нант
    • Луиза-Мария-Анна де Бурбон (1674—1681), Мадемуазель де Тур
    • Франсуаза-Мария де Бурбон (1677—1749), Мадемуазель де Блуа
    • Луи-Александр де Бурбон, Граф Тулузский (1678—1737)
  • Езар (1678—1680) Мария-Анжелика де Скорай де Руссиль (1661—1681), герцогиня де Фонтанж
  • Езар Клод де Вен (1638 гергга — 8 сентября 1686), Мадемуазель дез Ойе
    • Луиза де Мезонбланш (1676—1718)

Людовик XIV васт массийн культурехь[нисъе | нисъе чухулара]

Людовик XIV ву Александр Дюмас язйина «Кхо мушкетер» книган коьрта историн персонажах цхьаъ.

1929 шарахь арахийцира фильм «Эчиг тутмӀаьжиг». Иза яра Дюмас язйина «Виконт де Бражелон» книгица яккхина. Оцу фильмехь Людовик а, цуьна шал вина ваша роль левзира Уильям Блэкуэлл. Луи Хэйвард левзира шина вешина роль 1939 шарахь яккхина фильмехь «Эчиг тутмӀаьжиг йолу стаг». Ричард Чемберленс левзира и роль 1977 шарахь яккхина фильмехь, Леонардо Ди Каприос — 1998 шарахь. Французаш 1962 шарахь яккхина оцу фильмехь и роль яра Жан-Франсуа Поронехь.

1966 шарахь Роберто Росселлини яккхира биографин телефильм Людовик жима волучу хенах лаьцна «Людовика XIV дарже кхачар». Иштта цунахь лаьцна ю Жерара Корбьё режиссёрс яккхина фильм «Паччахь хелха волуш ву». Оцу фильмехь гойтуш ю Ӏедалан а, исбаьхьаллин а юкъаметтиг. Людовик XIV ву «Ватель» цӀе йолу Ролан Жоффес хӀоттина драмин коьрта персонажах цхьаъ.

Цу хенахь хилларш гойту Нин Компанеецс 1996 шарахь яккхина жима сериалехь «Паччахьан некъ». Иза ю историн драма Франсуаза Шандернагор книги яккхина «Паччахьан аллей: Франсуаза д’Обинье, маркиза де Ментенон, Францин паччахьан зудчуна дагалецамаш». Людовик XIV ролехь вара Дидье Сандр.

«Анжелика а, паччахь а» фильмехь Людовикан ролехь вара Жак Тожа. Людовик иштта гучуволу оцу сериалан хьалхара шина фильмехь: «Анжелика — маликийн маркиза» и «Исбаьхьалле Анжелика».

1993 шарахь Роже Планшонс яккхира биографин фильм «Луи, паччахь-бера» Людовик XIV жима волучу хенах лаьцна.

ХӀинцалера российн кинематографехь Людовик XIV роль левзира Москван Керла драматически театран артист Дмитрий Шиляев Олег Ряскован фильмехь «Паччахьан ялхо».

Людовик XIV лаьцна Францехь хӀоттина мюзикл «Малх-паччахь».

«ГӀоринарг: Юконера Иван мультфильмехь» Людовик гайтина жима волучу хенахь.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Людовикан амалаш а, ойланаш а йовза тоьллачарех хьост ю цо язйина «Oeuvres». Иза арахецан Парижехь «Grimoird а, Grouvelle а» издательствехь (П., 1806).

  • Saint-Simon, «Mémoires complets et authentiques sur le siècle de Louis XIV et la régence» (П., 1829—1830; нов. изд., 1873—1881);
  • Depping, «Correspondance administrative sous le règne de Louis XIV» (1850—1855);
  • Moret, «Quinze ans du règne de Louis XIV, 1700—1715»(1851—1859); Chéruel, «Saint-Simon considéré comme historien de Louis XIV» (1865);
  • Noorden, «Europä ische Geschichte im XVIII Jahrh.» (Дюссельд. и Лпц., 1870—1882);
  • Gaillardin, «Histoire du règne de Louis XIV» (П., 1871—1878);
  • Ranke, «Franz. Geschichte» (т. III и IV, Лпц., 1876);
  • Philippson, «Das Zeitalter Ludwigs XIV» (Б., 1879);
  • Chéruel, «Histoire de France pendant la minorité de Louis XIV» (П., 1879-80);
  • «Mémoires du Marquis de Sourches sur le règne de Louis XIV» (I—XII, П., 1882—1892);
  • de Mony, «Louis XIV et le Saint-Siège» (1893);
  • Koch, «Das unumschränkte Königthum Ludwigs XIV» (с обширной библиогр., В., 1888);
  • Кох Г."Очерки по истории политических идей и государственного управления" С.-Петербург, издание С. Скирмунта, 1906 г.
  • Гуревич Я. «Значение царствования Л. XIV и его личности»;
  • Дюма А. Людовик XIV и его век. М.: «Издательство Альфа-книга», 2011. — 780 с. (Полное издание в одном томе).
  • Ле Мао К. Людовик XIV и парламент Бордо: весьма умеренный абсолютизм // Французский ежегодник 2005. М., 2005. С. 174—194.
  • Трачевский А. «Международная политика в эпоху Людовика XIV» ("Ж. М. Н. Пр., 1888, № 1-2).

Хьажоарагаш[нисъе | нисъе чухулара]

1000HA.png