Леонтьев, Валерий Яковлевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Леонтьев Валерий
blank300.png|1px]]
0px
[[file:blank300.png
Коьрта хаам
Йуьззина цӀе Леонтьев Валерий Яковлевич
Вина терахь 1949 шеран 19 март({{padleft:1949|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (75 шо)
Вина меттиг Усть-Уса, Усть-Усан кӀошт, Коми АССР , РСФСР, ССРС
Жигараллин шераш 1972
Пачхьалкх  ССРС
 Росси
Эшаран аз тенор[d], баритон[d]
Жанраш Диско, поп, данс-поп, поп-рок
Коллективаш «Йилбазмохь», «Кхераме уьйранаш»
Лейблаш Мелоди (1980—1991),
SBI Records (1994),
APEX Records (1995—1996),
Dana Music (1997—1998), Леонтьев Валерийн студи (1999—2008),
Монолит (с 2009) , Каражанера синкъерам (2016)
Бераш: Леонтьева Алина, Леонтьева Александра
Автограф
Автограф
leontiev.ru
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь


Лео́нтьев Вале́рий Я́ковлевич (вина 1949 шеран 19 мартехь, Усть-Уса юртахь, Коми АССР) — советийн а, российн а йишлакхархо, эшарийн автор, актёр. Российн халкъан артист (1996)[1], Ленинан комсомолан совгIатан лауреат (1985), «Даймехкан гIуллакх дарна» 4-гIа тIегIанан (2005) а, Сийлаллин орденан (2009) а, ДоттагIаллин орденан (2014) а кавалер. «World Music Awards», ZD Awards, Оваци, Дешийн Граммофон совгIаташ делла, 1980—2001 шерашкахь российн музыкин рейтингашкахь наггахь а хийца ца лун «Шеран йишлакхархо» а, «Шеран шоу» а номинацешкахь толамхо ву. Кузьмин Николайн нанас вина ваша ву. Леонтьев Валерис лелийна шеран йишлакхархо дарж 11 шарахь моггIара (1980—1991, кхин а 1996 а, 1997 шш.), хилла хийца а ца лун къовсамхо оцу номинацин 21 шарахь (хьалхарчу пхеанна йукъахь 1980—2001 шш.) — ший а рекорд цхьаммо а хIинца а йохийна йац. Пхоьазза даьккхина Российн къоман совгIат «Оваци» оцу йукъахь 1998 шеран «Дийна туьйра» номинацехь а, бархIазза даьккхина «Озан некъ» совгIат оцу йукъахь 2009 шеран «Туьйра» номинаци.

ДIайазйина 20 сов альбом, дукхахъерш царех йохкалора миллионийн тиражашкахь[2]. Прессехь Леонтьев Валерийх олу российн эстрадан «мегаседа» а, «туьйра» а[3][4][5].

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Леонтьев Валерий вина 1949 шеран 19 мартехь Коми АССР Усть-Уса юртахь, даьхнийн лоьрийн, сайшлелорхойн ЛеонтьевгIеран Яков Степановичан а, Екатерина Ивановнин а доьзалехь. Да Яков Степанович схьаваьлла Архангельскан областан поморех, нана — Леонтьева Екатерина Ивановна (ден фамили Клюц) — йина Украинехь. Валерий хилла доьзалехь жимахаверг, цуьнан хилла йоккхаха йолу йиша Майя (1930—2005). Бералла чекхйаьлла Архангельскан областан Холмогорин кIоштан Лакхара Матигораш юртахь [6].

1961 шарахь доьзал дIакхелхира Ийдал тIехь йолчу Юрьевец гIала (Ивановн область), цигахь Леонтьевс ишкол чекхйаьккхира. Генамалхбален университете хIотта гIертарх гIуллакх ца хилира (Валерий океанолог хила лууш вара) таро ца хиларна. ТIаккха цуо 1966 шарахь кехаташ чуделира ГИТИСе, амма дохко а ваьлла йуха схьаийцира.

Юрьевеце йухавеана, ахча даккха гIерташ Валерийс дукха белхаш хийцира — кибирчигийн заводера белхало, шурийн заводан оператор, виетадуцучу фабрикехь чимчаргIан даьтта хьокхург, поштахо, электрик, бедарш тегархо[7].

Цул тIаьхьа йишлакхархо кхелхира Воркута, Ленинградан ломан институтан филиале деша хIоьттира, бухан а, лаьттан бухара гIишлойн а Iилман-талламан институтехь лаборант болхбира.

1972 шеран 9 апрелехь Воркутара шахтерийн а, гIишлошйархойн а Оьздангаллин гIалахь хилира Леонтьев Валерийн дуьххьарлера солон концерт. Оццу шарахь Сыктывкарехь цуо толам баьккхира регионан ковсамехь «Песня-72 (Эшар-72» («Къилбаседера карнавал» эшарца). Къовсамехь толам баьккхича Москвохара «Виноградов Георгийн эстрадан говзалла кхолараллин пхьолгIехь» дешарца совгIат дуора. Амма йишлакхархочо дешар чекх ца даьккхира, 1973 шарахь йухавирзира Сыктывкаре, цигахь солист болх бира меттигерчу филармонехь, «Эхо» («Йилбазмохь») тобан солист хилира цунах. 1978 шарахь Ленинградан оьздангаллин институт дуьхьала а воцуш дешаран декъехь чекхйаьккхина[8]. 1979 шарахь Леонтьев Валерий дехьаваьлла Горьковн филармони барт бина, цара Ялте шайолу союзан къийсамашка вогІийтар ву аьлла. Рождественски Робертан байташца Тухманов Давида йазйина «Памяти гитариста» цІе йолу 12 минотан баллада лакхарна Леонтьевн хьалхара совгІат делира шайолу пачхьалкхан гойтуш болчу къийсамехь. Кхин дІа а болхбира Тухмановца: «Ненаглядная сторона» Шаферан Игоран байташца, «Там в сентябре» Дербенев Леонидан байташца (дуьххьала телеэкран тІехь «Музыкин киоск» программехь), кхин а. Тухмановн «Танцевальный час на солнце» цІе йолчу эшаро Леонтьевн деара хьалхара совгІат «Дешин Орфей» фестивалехь (Болгари. 1980)[8].

1982 шеран 28 июлера 1995 шо кхаччалц болхбира Ворошиловградан (хІинца Луганскан) филармонехь эстрадан жанран солист-вокалист, «Эхо» цІе йолу вокалан-гІирсан ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхо. Нийсса оцу хенахь делира Ленинан комсомолан совгІат (1985), ткъа 1987 ш. Леонтьев Валерийн Украинин ССР хьакъдолу артист дарж делира.

80-гІа шерашкахь болабелира Паулс Раймондаца болу белхан мур, уггар жигара 1984-1986 («Зеленый свет», «Гиподинамия», «Годы странствий», «Затмение сердца», «Исчезли солнечные дни», кхин а), ПЮКЗ «Россихь» йолчу Паулсан «Святая к музыке любовь» цІе йолчу программехь дакъалацар. «Прощание с мамой» цІе йолчу эшаро дІаболийра болх Квинт Лорица. ХІора шарахь кечйора керла эшарийн программаш, церан премьераш хилара Ленинградехь «Октябрьски» концертан залехь, ткъа 80-гІа шерийн йуккъахь Москохахь ПЮКЗ «Росси»: «Я просто певец» (1982), «Бегу по жизни» (1984), «Наедине со всеми» (1985), «Звездный сюжет» (1986), «Признание» (1987), «Мне кажется, что йа еще не жил» (1990), кхин а. Генара схьайогІу театрех йолчу ойланаш валийра Леонтьев рок-операн балхе. Иза лууш, маса леларна ПЮКЗ «Россехь» хилира премьера «Джордано» (1988, муз. Квинтан, байт. В. Костровн, реж. В. Дружининан) опера, цу чохь Леонтьевс ловзийра кхоъ тайп-тайпана ролаш: Джорданон, Забарчин, ШайтІан[8].

1991 шарахь Леонтьев Валерийн The World Music Awards цІе йолу совгІат делла уггар дика йишлакхархо а, ССРС эшарш йохкарехь хьалхе лелош а ву аьлла.

Дагахь лаьтташ хилира «Полнолуние» («Бутт бузар») цІе йолу шоу шен къегина костюмашца, лазеран эффекташца, балетца (хелхаран тоба «Тодес»). Иза хІоттийра ПЦКЗ «Россихь» 1993 шарахь (реж. А, музыкин автор а Гарнизов Алексей), лерира уггар дика шеран шоу. Художника А. Гримма йира йоккха беттан макет, иза беллалора — чухула сурташ хуьттура «Дешин бІешо», «Хин бухлара дахар», кхин а. Бохам, аьшнаш, забар ша-ша кепара йукъанисйеллера эшаршкахь «Казанова», «Золотая рыбка» («Дешийн чІара) (ший а Н. Зиновьевн байташца), «Воздуха глоток» (Са даІар) (байташ Ю. Гаринан), кхин а.[8]

1997 шарахь АЦШ-хь композитор Ю. Чернявскица «По дороге в Голливуд» («Голливуде боьдучу новкъа») а, «Санта-Барбара» а альбомаш йазйина[8].

1998 шеран 28 мартехь Москохан йуккъехь, Кремлан генайоццуш, хилира «Седарчийн майдане» Леонтьев Валерийн цІарах седа буьллуш даздаран церемони. 2009 шарахь Леонтьевн цІарах седа гучубелира Витебскехь Славянийн базарахь «Седарчийн аллейхь».

1999 шарахь арайаьлла артистан 50 шеран лерина шоу «Фотограф сновидений» («ГІан-набарийн сурташдохушверг») (реж. Горнизов, художник Гримм), шена чохь дуккха а лазеран эффекташ, экран, артист «тІемаволуш» трюкаш йолуш. Проект йу композитор Евзеров Владимиран, цуо кховдийра А. Блокан, А. Ахматован, М. Цветаеван, Р. Бернсан байташ тІехь йаьхна эшарш.[8]

Коллектив[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 1974 шарахь Леонтьев Валерий «Мечтатели» («Сатуьйсарш) тобан солист хилира, дукха хан йалале цІе хийцира «Эхо» («Йилбазмохь») аьлла. Оцу коллективца Валерий тахана а болхбеш ву.
  • 1992 - 1998 шерашкахь болхбира Духова Аллин «Тодес» балетца.
  • 1998 шарахь дуьйна болхбеш ву шен «Опасные связи» («Кхераме уьйранаш») балетца.

Сцени тІехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 9 апрель 1972 — дуьххьара солон концерт Воркута гІалара ОЬЦІ «Шахтёр» (ОЬЦІШ) чохь[9]
  • 1973—1979 — Коми АССР Сыктывкаран филармонин солист;
  • 1978 — дуьххьара Йоккхачу Концертан «Октябрьски» залан сцени тІевалар
  • 1979 — Шайолусоюзан дика йиш лакхаран социалистийн доттагІаллин пачхьалкхашлара Ялтера «Крымские зори» («ГІирман зІаьнарш») къовсамехь толам баьккхина;
  • 1980 — XVI дуьненайукъарчу эстрадан эшарийн «Золотой Орфей» («Дешийн Орфей») фестивалан «Танцевальный час на солнце» («Малхехь хелхаран сахьт») (Д. Тухманов) эшарца 1 совгІатан лауреат;
  • 1980 — Москохара хьалхара концерташ (Лужники, Эстрадан театр, ЦІерпоштнекъахойн Центран оьздангаллин цІа)
  • 1981 — дуьххьарлера солон концерташ ЙКЗ «Октябрьски», Ленинград;
  • 1981 — «Шеран эшар» фестивалехь дуьххьала финалехь дакъалацар;
  • 1981 — «Ереван — 81» къовсаман фестивалехь дакъалацар;
  • 1983 — Ворошиловградан филармонин солист;
  • 1983 — «Я просто певец» («Со йишлакхархо бен вац») (18 аншлаган концерт Ленинградехь) цІе йолу концертан программа;
  • 1984 — «Бегу по жизни» («Дахарехь уьду») концертан программа;
  • 1985 — «Наедине со всеми» («Ша массаьрци а») концертан программа. Билеташна рагІ йехайолуш масех Ленинградан центран урамашкара транспорт лелар соцу.[10]
  • 1986 — «Звёздный сюжет]]» («Седарчийн сурт») концертан программа;
  • 1987 — «Избранное» («Хаьржинарш») концертан программа;
  • 1988, июнь — 1989, ноябрь — «Джордано» рок-опера, 50 сов концерт Москохахь а, Ленинградехь а. Леонтьевс ловзайо 3 коьрта роль — Бруно Джордано, забарча, шайтІа;
  • 1988 — «Дело вкуса» («Чоман гІуллакх») шоу, гастролийн тур ХӀиндиехула;
  • 1988—1989 — гастролан тур по ССРС гІаланашкахула. Масала, Новосибирскехь Леонтьевс ло 27[11], ткъа Алма-Атахь 33 солон концерт;
  • 1990 — «Мне кажется, что йа ещё не жил» («Суна хетта со ваьхна а воцуш санна») шоу СК «Олимпийскихь». Гастролаш АЦШ, ХӀиндие, Германие, Исраиле;
  • 1993 — «Полнолуние» («Бутт кхетар») шоу — Россера дуьххьара супер-шоу.
  • 1994 — «Красавица и Казанова» («Хаза йоІ а, Казанова а») шоу — Россехь дуьххьара поп-седан концерт симфонин оркестрца. Дакъалоцуш йара Джина Лоллобриджида;
  • 1996 — «По дороге в Голливуд» («Голливуде новкъа») шоу, гастролаш АЦШ, Германие, Исраиле, Канаде;
  • 1998 — Исраил (Тель-Авив, 14 май 1998) пачхьалкха 50 шо кхачарна лерина Седарчийн майданера солон концерт, гастролаш Германие, АЦШ, Іарбийн Цхьанатоьхна Эмираташ;
  • 1999 — «Фотограф сновидений» («ГІан-набарийн сурташдохушверг») цІе йолу шоу, гастролаш Украине, Россех, Беларусе, Исраиле, АЦШ, Канаде, Германие, Балтикайисте;
  • 2001 — «ЦІейоцу планета» шоу, гастролаш Украине, Россех, Балтикайисте, АЦШ, Германие;
  • 2002 — Золушка мюзиклехь паччахьан роль;
  • 2003 — «Шестая жизнь» («ЙалхолгІа дахар») концертан тур (Росси, Украина, АЦШ, Германи, Исраил);
  • 2004, 11-14 март — ЙКЗ «Октябрьски» чохь солон концерташ, гастролаш Россех, Украине, АЦШ, Исраиле;
  • 2004, 12 март — 300-гІа солон концерт Петарбухехь;
  • 2005 — концертан программа «Валерий Леонтьев представляет…» («Леонтьев Валерис гойту…») (Росси, Украина, Беларусси, Кхазакхстан, Эстони, Латви, Литва, Исраил);
  • 2006—2008 — гастролаш Россехула, Украинехула, Белоруссиехула, Латвиехула, Кхазакхстанехула, Узбекистанехула, ГӀиргӀазойчухула, Азербайджанехула, Исраилехула;
  • 2009—2010 — юбилейн шоу «Люблю, скучаю, жду» («Деза, сагатдо, хьоьжу»). Гастролаш Россехула, Украинехула, Белоруссиехула, Латвиехула, Кхазакхстанехула, Узбекистанехула, ГӀиргӀазойчухула, Азербайджанехула, Исраилехула,Австралиехула;
  • 21-22 октябрехь 2011 — юбилейн концерташ Кремлан гуламийн гІалахь («Лучший навсегда!» («Тоьлларг гуттаренна а») шоу);
  • 2012 — шен кхоллараллин 40 шо кхачаран лерина концертан («Лучший навсегда!» («Тоьлларг гуттаренна а») программица гастролаш (Росси, Украина, АЦШ);
  • 21-22 октябрехь 2012 — юбилейн концерташ Кремлан гуламийн гІалахь («По многочисленным просьбам…» («Дуккха а дехаршца…») шоу);
  • 2013 — гастролаш Россехула, Украинехула, Кхазакхстанехула.
  • 19, 21, 22 мартехь 2014 г. — юбилейн концерташ ЙКЗ «Октябрьски», Петарбух; 28 мартехь 2014 г. — юбилейн концерт Кремлан гуламийн гІалахь, апрелехь — тур Генара Малхбалехула, майхь — Исраилехула, июлехь-августехь — Краснодаран мехкахула а, ГІирмехула а.
  • 2015 — Леонтьев Валерин Сочехь хилла кхоллараллийн «Новая волна» («Керла тулгІе») цІе йолу суьйре.

ЭІаграфи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йишлакхархочун студийн альбомаш:

Шо[~ 1] Пачхьалкх ЦІе Формат Лейбл Хьажоргаш
1 1983  ССРС Муза LP Мелоди [12]
2 1984  ССРС Диалог (шинна къамел) LP Мелоди [13]
3 1984  ССРС Премьера LP Мелоди [14]
4 1986  ССРС Дискоклуб 16(Б) LP Мелоди [15]
5 1986  ССРС Бархатный сезон LP Мелоди [16]
6 1988  ССРС Я — просто певец (Со йишлакхархо бен вац) LP Мелоди [17]
7 1990  ССРС Дело вкуса (Чоман гІуллакх) СD, LP Мелоди [18][19]
8 1990  ССРС Грешный путь (Къинойн некъ) СD, LP Мелоди [17]
9 1993  Росси Ночь (Буьйса) СD, LP SNC records [20][21]
10 1993  Росси Полнолуние (Бутт бузар) СD, LP Аprelevka Sound Inc [20][22]
11 1994  Росси У ворот Господних (Делан кевнашкахь) LP Аprelevka Sound Inc [23]
12 1995  Росси По дороге в Голливуд (Голливуде новкъахь) СD APEX Records [24]
13 1998  Росси Санта-Барбара СD DANA Music [25]
14 1999  Росси Канатный плясун (Пелхьун) СD АРС Records [26]
15 1999  Росси Каждый хочет любить (Х1оранна а лаьа веза) СD VL-Studio [27]
16 2001  Росси Августин СD VL-Studio [28]
17 2003  Росси Кленовый лист (Леган гІа СD VL-Studio [29]
18 2004  Росси Ночной звонок (Буьйсенан гаргол) СD Grand Records [30]
19 2005  Росси Падаю в небеса… (Стигал вужу…) СD Grand Records [31]
20 2009  Росси Годы странствий (Лелаэхаран шераш) СD Аprelevka Sound Inc [31]
21 2011  Росси Художник СD Monolit Records [31]
22 2014  Росси Любовь-капкан (Безам-гура) СD Monolit Records [32]
23 2017  Росси Это любовь (Иза безам) СD Gamma Music [33]

Фильмографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шо ЦӀе Роль

хьажорг корта

1981 кор На чужом празднике (Нехачу Іидехь) Олег
1985 ф Не ходите, девки, замуж (Ма гІуо, маьхкарий, мааре) камео
1985 ф Страховой агент ресторанера кІант
1991 тф Экстрасенс Цийхо

Музыкин фильмаш а, мюзиклаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 1979 — Крымские зори (ГІирман зІаьнарш)
  • 1979 — ЦТ а, ETV а «Olümpiaregati tähed \ Олимпийн регатан седарчий» фильм-концерт
  • 1984 — Я с тобой не прощаюсь (Аса хьоьца Іадика ца йо)
  • 1984 — Ветры Балтики (Балтикан мехаш) ETV
  • 1985 — Витражных дел мастер (Витражан белхийн пхьар)
  • 1986 — Клоун с осенью в сердце (Кийрахь гуьйре йолу жугІардиг)
  • 1986 — Как стать звездой (Седа муха хилабеза)
  • 1987 — Валерий Леонтьев (фильм)
  • 1990 — Валерий Леонтьев. Дай мне уйти с тобой (Хьайца дІавахийтахьа со)
  • 1991 — Поёт Валерий Леонтьев (Леонтьев Валерис локху)
  • 1991 — Made in India
  • 1997 — Шотан суьйре Леонтьев Валерица — РТР телеканалан музыкин фильм
  • 1997 — Иштта тайп-тайпана Леонтьев Валерий
  • 1997 — Парадийн парад гойту Леонтьев Валерис — ТВ-6 телеканалан фильм
  • 2000 — Леонтьев Валерин важа агІо — ОРТ телеканалан фильм
  • 2003 — ЗолушкаПаччахь
  • 2003 — Леонтьев Валерин фильман кхо мелоди — Леонтьев Валерин студин фильм
  • 2004 — Фильм-концерт Мои корабли (Сан кеманаш)
  • 2009 — Леонтьев Валери Комиехь — РТК Коми фильм 5 декъехь
  • 2009 — Леонтьев Валери. Я ещё не жил (Со хІинца а ваьхна вац) — Хьалхарчу Каналан (ОРТ) фильм
  • 2009 — Больше, чем жизнь (Дахарал а сов) — Ткаченко Вячеславан фильм
  • 2009 — Леонтьев Валерий: Утерянный смех (Дайна самукъа) — Интер каналан фильм (Украина)
  • 2009 — Леонтьев Валерин «Книга судьбы» («Къадаран жайна») бенефис — НТВ каналан фильм-концерт
  • 2012 — Леонтьев Валерин юбилейн «Лучший навсегда!» (Гуттаренна а диканиг) концерт — Хьалхара канал
  • 2012 — «Мчится время будто всадник» (Зама йоьду бере санна) — ТВЦ каналан фильм-концерт

Видеоклипаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1980Там, в сентябре (Цигахь сентябрехь)
  2. 1981Маска
  3. 1981Кто виноват? (Мила ву бехке?)
  4. 1982Куда уехал цирк (Стенга йахана цирк)
  5. 1983Полёт на дельтаплане (Дельтаплан тІехь тІома валар)
  6. 1984Поющий мим (Йишлокху мим)
  7. 1985Пароходы (Кеманаш)
  8. 1986Арена
  9. 1986Маяк
  10. 1986Конь, мой конь (Говр, сан говр)
  11. 1987Выставка собак (ЖІаьлеш гайтар)
  12. 1987Старые афиши (Шира афишаш)
  13. 1988Маргарита
  14. 1989Рисунок (Сурт)
  15. 1990Санта-Мария
  16. 1990Чёрное море (Іаьржа хІорд)
  17. 1990Емеля
  18. 1991Ночь (Буьйса)
  19. 1992У ворот Господних (Делан эхартиен неІаршкахь)
  20. 1993Казанова
  21. 1994Исповедь (Дохковалар)
  22. 1995По дороге в Голливуд (Голливуде новкъа)
  23. 1997Hafanana
  24. 2000Вечная любовь (Гуттаренна а безам)
  25. 2000Августин[34]
  26. 2001Рыжий кот (Хьаьрса цициг)
  27. 2001Настройщик (Ниссориг)
  28. 2001Мишель[31]
  29. 2002Не такой (Иштта вац)
  30. 2003Ночной звонок[35] (Буьйсенан гаргол)
  31. 2004А ми удвох (Гордон Дмитрица)[36]

Лоруш ду, ССРС дуьххьарлера клипаш йукъайевлла 1980-гІа шераш чекхдовлуш. Ша Леонтьев Валерис шен интервьюх масийттаза цІе йаьккхира шен хьалхарчу клипан 1988 шеран «Маргаритин». Амма иза йукъайалале йаьхнера дуккха а студийн видеороликаш, царех а олура иштта клипаш: «Там, в сентябре» (Цигахь сентябрехь, 1980); «Маска» (1981), «Кто виноват?» (Мила ву бехке? 1981); «Куда уехал цирк» (Стенга йахана цирк, 1982), «Полёт на дельтаплане» (Дельтаплан тІехь тІома валар, 1982), «Муза» (1982), «Спасибо, любовь» (Баркалла безам хиларна, 1982); «Поющий мим» (Йишлокху мим, 1984), «Свидание в Юрмале» (Юрмалехь ирахьІар, 1984), «Пароходы» (Кеманаш, 1984), «Арена» (1986), «Маяк» (1986), «Конь, мой конь» (Говр, сан говр, 1986); «Венский вальс» (Венан вальс, 1987), «Верблюды» (Эмкалаш, 1987), «Заклинательница змей» (Лаьхьий караІамориг, 1987), «Выставка собак» (ЖІаьлеш гайтар, 1987). Дукхахъерш и видеоклипаш йаьхна музыкин программашна «Поёт Валерий Леонтьев» (Локху Леонтьев Валерис, 1982), «Я с тобой не прощаюсь» (Аса хьоьца Іадика ца йо, 1984), «Автограф» (1987).

В. Леонтьевс локху гІарайевлла эшарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Файл:Valery-Star vitebsk-7.jpg
Беларусь Республикин Президентан «Исбаьхьаллехула — машаре а, вовшех кхетаре а» цІе йолу лерина совгІат ан лауреатийн аллейра ЦІеран пилта (Витебск, 2009 шо)

Тайп-тайпана хит-парадашкахь радиохь, телевиденехь, ткъа иштта музыкин прессехь лакхара меттигаш бехира хІокху эшарш:

  1. 1980 — Кружатся диски (Хьийза эІанаш)
  2. 1980 — Там, в сентябре (Цигахь сентябрехь)
  3. 1981 — Ненаглядная сторона (Хьаьжчи кІорда ца до агІо)
  4. 1982Куда уехал цирк (Стенга йахана цирк)
  5. 1982 — Разноцветные ярмарки (Бес-бесара базараш)
  6. 1983Полёт на дельтаплане (Дельтаплан тІехь тІома валар)
  7. 1984 — Зелёный свет (Светофор) (Баьццара серло (Светофор))
  8. 1984 — Полюбите пианиста (Пианист везиша)
  9. 1984 — После праздника (Іидал тІехьа)
  10. 1984 — Вероока
  11. 1984 — Затменье сердца (Дог лацар)
  12. 1984 — Пароходы (Кеманаш)
  13. 1985 — Кабаре
  14. 1986 — Гиподинами[37]
  15. 1986 — Вернисаж, Вайкуле Лаймица дуэт
  16. 1986 — Исчезли солнечные дни (Дайра мелхан денош)
  17. 1987 — Белая ворона (КІайн къиг)
  18. 1988 — Афганский ветер[38] (ОвхІанан мох)
  19. 1988 — Доктор Время[39] (Доктор Зама)
  20. 1988 — Маргарита[40]
  21. 1989Примерный мальчик (Масалин кІант)
  22. 1989 — Птица в клетке (ЦІелиг чура олхазар)
  23. 1990 — Грешный путь (Къинойн некъ) (эшар йазйина 1989 ш.)
  24. 1990 — Белый снег (КІайн ло)
  25. 1990 — Память (Иэс)
  26. 1991 — Я — заводной (Со вуьйлина ву)
  27. 1992 — У ворот Господних[41] (Делан эхартиен неІаршкахь)
  28. 1992 — Мулатка-шоколадка
  29. 1993 — Казанова
  30. 1993 — Мадлен
  31. 1993 — Воздуха глоток (ХІаваах са даккхар)
  32. 1993 — Исповедь (Дохковалар)
  33. 1995 — Танго разбитых сердец (Дохийначу дегнийн танго)
  34. 1997 — Сокровища Чёрного моря (Іаьржа х1ордан жовхІарш)
  35. 1997 — Я позабыл твоё лицо (Хьан йоьхь йицъелла суна)
  36. 1997 — Один билет (Цхьа билет)
  37. 1997 — Санта-Барбара
  38. 1998 — Девять хризантем[42] (Исс хризантема)
  39. 1998 — Бездомная любовь (ЦІа доцу безам)
  40. 1998 — Ты меня не забывай (Ахьа со виц ма вие)
  41. 1999 — Каждый хочет любить (ХІоранна а лаьа веза)
  42. 2000 — Если ты уйдёшь (Нагахь хьо дІаводахь) (эшар йазйина 1999 ш.)
  43. 2000 — Августин[43]
  44. 2001 — Мишель
  45. 2003 — Ночной звонок (Буьйсенан гаргол)
  46. 2004 — Ягодка (ЦІазам)
  47. 2008 — Голуби (Кхокхарчий) (эшар йазйина 2006 ш.)[44]

Леонтьевс йазйина эшарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Леонтьев Валери ву шен репертуарера масех эшаран соавтор. Цхьацца композицешкахь иза хьакхало музыкин, ткъа кхечеран дешнех:

  • Монголия - Монголи (муз. Ю. Варум / деш. В. Леонтьев)
  • Знакомая сказка – Девза туьйра (Ю. Варум, В. Леонтьев / Н. Денисов)
  • Запомни их летящими – ТІома лелаш дагахь латтабе уьш (Ю. Варум, В. Леонтьев / Н. Денисов)
  • Выставка собак – Жаьлеш гайтар(Ю. Варум, В. Леонтьев / С. Осилашвили)
  • Игра № 1 - №1 ловзар(Ю. Варум, В. Леонтьев / Н. Денисов)
  • Костры – цІерш (Ю. Варум, В. Леонтьев / Н. Денисов)
  • Кукарача (Ю. Варум, В. Леонтьев / Н. Денисов)
  • Небоскрёбы – тІекІала гІаланаш(Ю. Варум, В. Леонтьев / Р. Давыдов, Е. Давыдов)
  • Продавец цветов – Зезагаш духкург(В. Леонтьев, Ю. Варум / С. Осиашвили)
  • Рождение дня – Де кхолладалар (Л. Квинт / В. Костров, В. Леонтьев)
  • Я вышел к микрофону – Со микрофоне веара (Ю. Варум, В. Леонтьев / Н. Денисов)
  • Я не люблю – Суна ца йеза (Ю. Варум, В. Леонтьев / М. Герцман)
  • Идол – цІу (Ю. Варум, В. Леонтьев / М. Танич)
  • Пусть будет – Хуьлийла (О. Газманов / О. Газманов, В. Леонтьев)
  • Таинственный магнит – Тамашийна магнит (Л. Квинт, В, Леонтьев / Н. Денисов)
  • Привет тебе, маска – Маршалла хьоьга, маска (Ю, Варум, В. Леонтьев / Н. Денисов)
  • Прикоснись – ТІеІоттало (А. Гарнизов / В. Леонтьев, Н. Денисов)

Музыкин совгІаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

1970-гІа[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • I совгІат Шайолу союзан дика эшар лакхаран къовсамехь социалистийн доттагІаллийн пачхьалкхашлахь Ялтехь (1979).

1980-гІа[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • I совгІат XVI Дуьненайукъарчу «Дешийн Орфей» фестивалехь Болгарехь (1980)[45].
  • «Звуковая дорожка» (Озан некъ) номинацехь «Певец года-1980»[46] (Шеран йишлакхархо-1980).
  • «ГІарваларан совгІат» музыкин фестивалехь «Ереван — 81» (1981)
  • «Певец-года-1981» (Шеран йишлакхархо-1981) «Эстрада-81» (номинаци «Солист года» (Шеран солист)) къовсаман жамІашца (Комсомольская правда (Комсомолийн бакъо) 05.02.1982)
  • «Певец года-1983» (Шеран йишлакхархо-1983) «Смена» («Звезды-83» (Седарчий-83) рубрикера)[47] (Хийцам) газетан дешархошка хеттаран жамІашца.
  • «Певец года-1984» (Шеран йишлакхархо-1984) «Смена» («Звезды-84» (Седарчий-84) рубрикера) газетан дешархошка хеттаран жамІашца.
  • «Певец года-1985» (Шеран йишлакхархо-1985) «Смена» («Звезды-85» (Седарчий-85) рубрикера)[48] газетан дешархошка хеттаран жамІашца.
  • «Звуковая дорожка» (Озан некъ) номинацехь «Певец года-1985»[48] (Шеран йишлакхархо-1985).
  • «Звуковая дорожка» (Озан некъ) номинацехь «Певец года-1986»[48] (Шеран йишлакхархо-1986).
  • «Лучшая песня 1987» (Уггар дика эшар 1987) ИТАР-ТАСС ССРС («Белая ворона»-КІайн къиг)[49] цІе йолчу диллинчу кхажтасаран жамІашца.
  • «Певец года-1988» (Шеран йишлакхархо-1988) ИТАР-ТАСС[50] кхажтасаран жамІашца.

1990-гІа[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • «Певец года-1990» (Шеран йишлакхархо-1990) ТАСС[50] хит-парадан.
  • «Лучшая песня 1990» (Уггар дика эшар 1990) ТАСС хит-парадан жамІашца «Грешный путь»[50] (Къинойн некъ) эшар.
  • World Music Awards 1991 — «Золотой скрипичный ключ» (Дешийн Іадхьокху пондаран догІа) ССРС-хь уггар дукха эІанаш дохкарна[51]
  • «Профи-1991» номинацехь «Певец года» (Шеран йишлакхархо)
  • «Певец года-1992» (Шеран йишлакхархо-1992) «Вечерняя Москва» газетан хит-парадан жамІашца
  • «Лучшая песня-1992» (Уггар дика эшар-1992) (У ворот Господних - Делан эхартиен неІаршкахь) «Вечерняя Москва» газетан хит-парадан жамІашца
  • «Оваци 1993». СовгІат — «цайовш йолу артистизм» (леррина Леонтьев Валерин кхоьллина)
  • «Звуковая дорожка 1996» (Озан некъ 1996) шеран уггар дика шоун — «По дороге в Голливуд» (Голливуде новкъа)
  • «Оваци 1996» шеран уггар дика шоу-ловзаранПо дороге в Голливуд» (Голливуде новкъа))
  • «Оваци 1996» номинацехь «Певец года-1996» (Шеран йишлакхархо-1996)
  • «Песня года 97» (Шеран эшар 97) — лерина совгІаташ «Певец года» (Шеран эшар) а, «За огромный вклад в развитие российской эстрады» (Российн эстрада кхиоран доккха дакъалацаран)
  • «Золотой Граммофон 1997» (Дешийн граммофон 1997) «Один билет» (Цхьа билет) эшарна
  • «Оваци 1998», совгІат «Живая легенда»[52] (Дийна туьйра) эшарна
  • «Стопудовый хит 1998» (БІе пуд хит 1998) — Хит FM радиостанцин совгІат «Девять хризантем» (Исс хризантема) эшарна
  • Москохахь ПЦКЗ «Российн» уллорчу Эстрадан Седарчийн майдан тІехь цІеран седа дІабеллар (1998).
  • «Звуковая дорожка 1999» (Озан некъ 1999) шеран уггар дика шоун — «Фотограф сновидений» (ГІан-набарийн суртдаккхархо)
  • «Оваци 1999» шеран уггар дика шоу-ловзарнаФотограф сновидений» (ГІан-набарийн суртдаккхархо))
  • «Золотой граммофон 1999» (Дешийн граммофон 1999) «Каждый хочет любить»[53] (Массарна а лаьа еза) хитан
  • «Стопудовый хит 1999» (БІе пуд хит 1999) — Хит FM радиостанцин совгІат «Каждый хочет любить» (Массарна а лаьа еза) эшарна

2000-гІа[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • «Стопудовый хит 2000» (БІе пуд хит 2000) — Хит FM радиостанцин совгІат «Августин» эшарна
  • «Золотой граммофон 2000» (Дешийн граммофон 2000) «Августин»[54] хитан
  • «Звуковая дорожка» (Озан некъ) 2001 шеран уггар дикачу шоун — супершоу «Безымянная планета» (ЦІейоцу планета)
  • «Муз-ТВ совгІат 2003» — леррина «За достижения в развитии популярной музыки»[55] (Поп-музыка кхиорехь бинчу кхиамашна) цІе йолу совгІат
  • «Золотой Граммофон 2005» (Дешийн граммофон 2005) — леррина «За вклад в развитие российской поп-музыки»[56] (Российн поп-музыка кхиорехь бинчу кхиамашна) цІе йолу совгІат
  • «Золотой Граммофон 2008» (Дешийн граммофон 2008) «Голуби»[57] (Кхокхарчий) эшарна
  • «Звуковая дорожка 2009» (Озан некъ 2009) — леррина совгІат «Легенда»[58] (Туьйра)

2010-гІа[нисйе бӀаьра | нисйе]

«Песня года (Шеран эшар)» фестивалехь дакъалацар[нисйе бӀаьра | нисйе]

шо Финал
1981 «Ненаглядная сторона»(Хьаьжчи кІорда ца до агІо)
1983 «Полёт на дельтаплане» (Дельтаплан тІехь тІома валар), «Сердце человека» (Адаман дог)
1984 «Затмение сердца» (Дог лацар)
1985 «Три минуты» (Кхо минот), «Наедине со всеми» (Ша массаьрца а)
1986 «Сожалею» (Дохко ваьлла), «Лето, прощай» (Аьхке, марша Іолда)
1987 «Белая ворона» (КІайн къиг)
1988 «Афганский ветер» (ОвхІанан мох), «Доктор Время» (Доктор Зама)
1989 «Грешный путь» (Къинойн некъ), «Маргарита»
1990 «Память» (Иэс), «Белый снег» (КІайн ло)
1991 «Я заводной» (Со вуьйлина ву)
1993 «Воздуха глоток» (ХІаваах садаккхар), «Казанова»
1994 «Исповедь» (Дохковалар)
1995 «Танго разбитых сердец» (Дохийначу дегнийн танго)
1996 «Человек дождя» (ДогІан стаг), «Сокровища Чёрного моря» (Іаьржа хІордан жовхІарш)
1997 «Санта-Барбара», «Один билет» (Цхьа билет)
1998 «Канатный плясун» (Пелхьун), «Ты меня не забывай» (Ахьа со виц ма вие)
1999 «Мой двадцатый век» (Сан ткъолгІа бІешо), «Каждый хочет любить» (ХІоранна а лаьа еза), «Зелёный свет» (Баьццара серло), «Вернисаж» (Л. Вайкулеца)
2000 «Казанова», «Волчья страсть» (Берзан марзо), «Августин»
2001 «Кленовый лист» (Леганан гІа), «Настройщик» (Нисдийриг)
2002 «Миллионы ангелов» (Миллионашкахь маликаш), «Шери»
2003 «Ночной звонок» (Буьйсенан гаргол), «Танцуй со мной» (Соьца хелха вала),
2004 «Ягодка» (ЦІазам), «Я улетаю» (Со тІома дІавоьду)
2005 «Исчезли солнечные дни» (Дайна мелхан денош)
2006 «Воздушные замки» (ХІаваан гІаланаш)
2007 «Криминаль Танго» (Танго Криминаль)
2008 «Помоги» (гІодие)
2009 «Музыка Кубы» (Кубан музыка)
2010 «А любовь жива» (Безам дийна бу)
2011 «Маргарита»
2012 «Попурри»
2013 «Любовь капкан» (Безам гура)
2014 «Уполномочена небом» Стиглара векал вина)
2015 «Паромщик» (Бурамхо)
2016 «Это любовь» (Иза безам)

Номинацеш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 1997 — 1996 ш. исбаьхьаллин областера РФ Пачхьалкхан совгІат даларе теттина, «Полнолуние» (Бутт бузар) а, «По дороге в Голливуд» (Голливуде новкъа) а концертан программаш бахьнехь;
  • «Звуковая дорожка 1980» (Озан некъ 1980) «Песня года (Шеран эшар)» номинацехь («Там, в сентябре» (Цигахь сентябрехь)) 2-гІа меттиг баьккхина
  • «Звуковая дорожка 1981» (Озан некъ 1981) «Певец года» (Шеран йишлакхархо) номинацехь (кхажтасаран жамІашца) 3-гІа меттиг баьккхина
  • «Звуковая дорожка 1982» (Озан некъ 1982) «Певец года» (Шеран йишлакхархо) номинацехь (кхажтасаран жамІашца) 2-гІа меттиг баьккхина
  • «Звуковая дорожка 1984» (Озан некъ 1984) «Диск года» (Шеран эІа) номинацехь (альбом «Диалог» дохкаран жамІашца) 3-гІа меттиг баьккхина
  • «Звуковая дорожка 1986» (Озан некъ 1986) «Песня года» (Шеран эшар) номинацехь («Гиподинамия») 9-гІа меттиг баьккхира
  • «Звуковая дорожка 1986» (Озан некъ 1986) «Диск года» (Шеран эІа) номинацехь («Бархатный сезон» (Бархатан шеран зама) 5-гІа меттиг баьккхина, ткъа «Дискоклуб-16» (ЭІаклуб-16) 8-гІа меттиг; шина альбомо цхьаьна Леонтьев хьалхаваьккхира йохкаран жамІашца
  • «Звуковая дорожка 1987» (Озан некъ 1987) «Певец года» (Шеран йишлакхархо) номинацехь (кхажтасаран жамІашца) 3-гІа меттиг баьккхина
  • «ИТАР-ТАСС Хит-парад 1988» номинацехь «Песня года» (Шеран эшар) («Доктор Время» (Доктор Зама) а, «Афганский ветер» (ОвхІанан мох) а 5-гІа а, 6-гІа а меттигаш бехира)
  • «ИТАР-ТАСС Хит-парад 1988» номинацехь «Песня года» (Шеран эшар) «Маргарита» эшаро 3-гІа меттиг баьккхира)
  • «Звуковая дорожка 1990» (Озан некъ 1990) «Певец года» (Шеран йишлакхархо) номинацехь (кхажтасаран жамІашца) 5-гІа меттиг баьккхина[61]
  • «Золотой граммофон (Дешийн граммофон) 1999» «Русское радио» (Оьрсийн радио) цІарах «Каждый хочет любить» (Массарна а лаьа еза) эшарна
  • «Золотой граммофон 2000» (Дешийн граммофон) 2000» «Русское радио» (Оьрсийн радио) цІарах «Августин» эшарна
  • «Звуковая дорожка 2001» (Озан некъ 2001) «Певец года» (Шеран йишлакхархо) номинацехь (кхажтасаран жамІашца) 3-гІа меттиг баьккхина
  • «Золотой Граммофон 2004» (Дешийн граммофон) 2004» «Русское радио» (Оьрсийн радио) цІарах «Ягодка» (ЦІазам) эшарна
  • «Золотой Граммофон 2004» (Дешийн граммофон) «Русское Радио Украина» (Оьрсийн радио Украина) цІарах «Ягодка» (ЦІазам) эшарна
  • 2017-гІа шарахь номинацие велла дукха шерашкахь исбаьхьаллин а, оьздангаллин а сферехь цІена болх барна а, говзаллина а Къоман "Сийлахь Российн Сийлахь адамаш" Москохан Правительствон совгІатца

СовгІаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Пачхьалкхан совгІаташ а, даржаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

ССРС совгІаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Российн совгІаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кхечу пачхьалкхийн совгІаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йукъараллин совгІаташ
  • «Росси денйарна. XXI бІешо» орден (2003 шо).
  • Ломоносов Михаилан орден (2007 шо)
  • Везчу Петран I тІегІанера орден (2007 шо)

Пародеш а, кавер-версеш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Евровидени-87[нисйе бӀаьра | нисйе]

1987 шарахь йоьдуш «перестройка» йолуш ССРС Серлонан министраллехь дийца долийра Советийн Союзо сий хиллачу европин эшаран «Евровидени» къовсамехь дакъалацар. ССРС Серлонан министра Веселов Георгис Леонтьев Валерин цІе йаьккхира цига хьажо. Амма Веселов Георгин ойла къобал ца йира ССКП ЦК а, Горбачёвс а. Серлонан министраллехь а бара дукхахберш ССРС кийча йац иштта йаккхийра гІулчаш йаха[75].

Шен дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]

2009 шарахь къаьстина зудчунца.

Хилла зуда — Исакович Людмила, йеха АЦШ, говзалла — грумер[76][77][78].

Факташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Машанашкахь сих-сиха хаамаш хуьлу Леонтьев къоман - манси йа жугти ву бохуш, артисто ша боху, шен да помор хилла, ткъа нана украинхо[79] хилла.
  • Леонтьев Валерин чоьтехь йу Путин Владимирца дуэт: 2006 шеран августехь Сочиехь хилира концерт ЛПД куьйгалхошна, цигахь Леонтьевс гайтира йеа эшаран программа. Шен эшар лакхаран чеккхенгахь, артист бисе кхайкхинчу хенахь, цунна дагадеара гайта «Надежда» (Дог дохийла) композици. ЦІеххьана цунах кхийтира Путин Владимир, тІаккха Леонтьевс микрофон цуьнга кховдийра[80].

Notes[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Указаны годы выхода альбомов, а не годы их записи и сведения.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Награждён указом президента России № 366 от 9 марта 1996 года Архивйина 2012-01-05 — Wayback Machine
  2. Продюсер Валерия Леонтьева опроверг информацию об уходе певца со сцены | Культура и шоу-бизнес | Лента новостей «РИА Новости»
  3. Московский комсомолец.«секс, шампанское и рок-н-ролл»"
  4. Комсомольская правда.«В Саратове Валерий Леонтьев скрывался от поклонников»(ТӀе цакхочу хьажорг)
  5. Вечерняя Москва.«„Валерий Леонтьев. Книга судьбы“» Архивйина 2012-01-05 — Wayback Machine
  6. Валерий Leoнтьев в Архангельске: два взгляда на звезду
  7. Панов, Влад. Поп-стар вопреки // Аргументы и факты. — 2014. — № 12 (1741) за 19 марта. — С. 37. (Хьаьжина 11 июнехь 2016)
  8. 1 2 3 4 5 6 Уварова Е. Д. Эстрада в России. XX век. Энциклопедия. — Олма-Пресс, 2004. — ISBN 5-224-04462-6.
  9. http://www.liveinternet.ru/users/5205575/post269812360/
  10. Валерий Леонтьев | СПЛЕТНИК
  11. Виниловое видео: «Маргарита» — 1989 год. Обсуждение на LiveInternet — Российский Сервис Онлайн-Дневников
  12. Муза Архивйина 2016-12-20 — Wayback Machine
  13. Диалог Архивйина 2017-03-28 — Wayback Machine
  14. Премьера Архивйина 2017-03-30 — Wayback Machine
  15. Дискоклуб Архивйина 2016-12-20 — Wayback Machine
  16. Бархатный сезон Архивйина 2016-08-18 — Wayback Machine
  17. 1 2 Я - просто певец Архивйина 2018-04-08 — Wayback Machine
  18. Дело вкуса Архивйина 2017-03-28 — Wayback Machine
  19. Дeлo вкуca Архивйина 2016-12-20 — Wayback Machine
  20. 1 2 Ночь Архивйина 2017-03-28 — Wayback Machine
  21. Нoчь Архивйина 2017-03-28 — Wayback Machine
  22. Пoлнoлуниe Архивйина 2017-03-28 — Wayback Machine
  23. У ворот Господних Архивйина 2017-03-28 — Wayback Machine
  24. Пo дopoгe в Гoлливуд Архивйина 2016-12-20 — Wayback Machine
  25. Сaнтa-Бapбapa Архивйина 2016-12-20 — Wayback Machine
  26. Кaнaтный пляcун Архивйина 2017-03-28 — Wayback Machine
  27. Кaждый xoчeт любить Архивйина 2017-03-28 — Wayback Machine
  28. Авгуcтин Архивйина 2016-12-20 — Wayback Machine
  29. Клeнoвый лиcт Архивйина 2017-03-30 — Wayback Machine
  30. Нoчнoй звoнoк Архивйина 2017-03-28 — Wayback Machine
  31. 1 2 3 4 нoвинки Архивйина 2016-12-20 — Wayback Machine
  32. «Любовь-капкан» (Валерий Леонтьев) в Apple Music
  33. «Это любовь» (Валерий Леонтьев) в Apple Music
  34. Грымов.ру Валерий Леонтьев Архивйина 2014-01-02 — Wayback Machine
  35. Леонтьева упекут за решетку — Комсомольская правда от 10.09.2003
  36. Спешите видеть! Руслана ПИСАНКА вручила Валерию Леонтьеву и Дмитрию Гордону гарбуз Архивйина 2014-01-02 — Wayback Machine
  37. В первой десятке всесоюзного хит-парада «Звуковая дорожка» в 1986-87 гг. По итогам за 1986 г. 9 место
  38. В первой десятке всесоюзного хит-парада «Звуковая дорожка» в течение 1988 г. По итогам 6 место
  39. В первой десятке всесоюзного хит-парада «Звуковая дорожка» в течение 1988 г. По итогам 5 место
  40. В первой десятке всесоюзного хит-парада «Звуковая дорожка» в течение 1989 г. По итогам 3 место
  41. «Лучшая песня 1992 года» по итогам всероссийского хит-парада газеты «Вечерняя Москва»
  42. В первой и второй десятке хит-парада «Стопудовый хит» более 4-х месяцев
  43. В первой и второй десятке хит-парадов «Золотой Граммофон» и «Стопудовый хит» более 20 недель
  44. В первой десятке хит-парада «Золотой Граммофон» более 20 недель.
  45. http://pesnyagoda.by.ru/zolotoj_orfei.htm Архивйина 2007-10-20 — Wayback Machine
  46. ПЕСНЯ ГОДА. 1980-82
  47. ПЕСНЯ ГОДА. 1983-84
  48. 1 2 3 ПЕСНЯ ГОДА. 1985-87
  49. «Новини кіно екрана» за 1988 г.
  50. 1 2 3 ПЕСНЯ ГОДА. 1988-91
  51. The World Music Award — Monte Carlo — Leontiev — YouTube
  52. Валерий Леонтьев Живая Легенда — YouTube
  53. TubeChop — (05:30) Архивйина 2017-10-03 — Wayback Machine
  54. TubeChop — Золотой граммофон 2000. Часть 2 (07:15) Архивйина 2017-10-03 — Wayback Machine
  55. Шери — В. Леонтьев. Обсуждение на LiveInternet — Российский Сервис Онлайн-Дневников
  56. Валерий Леонтьев — Ягодка. Обсуждение на LiveInternet — Российский Сервис Онлайн-Дневников
  57. Золотой граммофон 2008 — В. Леонтьев. Обсуждение на LiveInternet — Российский Сервис Онлайн-Дневников
  58. Звуковая дорожка — 2009. Обсуждение на LiveInternet — Российский Сервис Онлайн-Дневников
  59. Валерий Леонтьев — Попурри (Звуковая дорожка) — YouTube
  60. Первая Российская национальная премия. Награждение Валерия Леонтьева - YouTube
  61. Популярность и авторитет «Звуковой дорожки» в начале 1990-х резко снизились. В 1990 г. за каждого из номинантов пришло всего несколько сотен голосов, так что разница между обладателем 1-го и 10-го места была минимальна. В Хит-Параде ИТАР-ТАСС в 1990 г. за победившего Валерия Леонтьева проголосовало около 24 000 человек — на 12 000 больше чем за обладательницу 2-го места Аллу Пугачёву.
  62. Указ Президента РФ от 19 марта 2005 г. № 307
  63. Награждение орденом. Обсуждение на LiveInternet — Российский Сервис Онлайн-Дневников
  64. Награждён указом Президента РФ Д. Медведева 20 марта 2009 года Архивйина 2009-03-29 — Wayback Machine
  65. Указ Президента Российской Федерации от 31 марта 2014 года № 186 «О награждении государственными наградами Российской Федерации»
  66. Глава Республики Коми Владимир Торлопов побывал на концерте Валерия Леонтьева и вручил ему почётный знак и удостоверение «Народного артиста Республики Коми». Архивйина 2016-04-03 — Wayback Machine
  67. Валерий Леонтьев стал почетным гражданином Якутии — Общество, Светская жизнь — МК
  68. За аншлаги в Сибири Леонтьева наградили медалью
  69. Валерий ЛЕОНТЬЕВ — XXIV Международный фестиваль искусств «Славянский базар в Витебске» Архивйина 2015-07-22 — Wayback Machine
  70. Славянский базар в Витебске — национальная гордость белорусов
  71. КВН — Пародия на Валерия Леонтьева (Федор Двинятин 1/4 высшей лиги) — на Яндекс. Видео Архивйина 2011-08-19 — Wayback Machine
  72. Максим Галкин — пародия на Валерия Леонтьева‏ — YouTube
  73. Видео@Mail.Ru: Алексей Пауэл : Валерий Леонтьев — Синий лён : Александр Песков — пародии на В.Леонтьева — смотреть онлайн
  74. Алексей Чумаков спародировал Валерия Леонтьева в шоу «Один в один» Архивйина 2013-04-27 — Wayback Machine
  75. Леонтьев должен был представлять СССР на Евровидение-87 :: NoNaMe Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
  76. Жена Валерия Леонтьева
  77. Жена Валерия Леонтьева: «Если Леонтьев хочет иметь детей, пусть имеет!»
  78. Валерий Леонтьев о творчестве и жизни — Популярность … Архивйина 2012-01-05 — Wayback Machine
  79. «МАНСИ — ОДНА ИЗ НАРОДНОСТЕЙ, НАСЕЛЯЮЩИХ КРАЙНИЙ СЕВЕР, НО НИКАКОГО ОТНОШЕНИЯ К НЕЙ НЕ ИМЕЮ: МАМА — УКРАИНКА, А ОТЕЦ — ПОМОР». // Фрагмент передачи «В гостях у Гордона» (2012 шеран 13 март).
  80. Путин спел дуэтом с Валерием Леонтьевым — Новости шоу-бизнеса

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 1998 г. А. П. Юриков. «Валерий Леонтьев. Биография». Изд. И. В. Захаров, 192 стр., тираж 20000 экз., ISBN 5-8159-0002-8; ISBN 9785815900028.
  • 1990 г. Валерий Леонтьев, А. Юриков. «Сколько стоит Валерий Леонтьев?». Изд. «Советский композитор», 48 стр.
  • 2009 г. Татьяна Федоткина. «Грешный ангел: В. Леонтьев». Изд Дума, 425 стр., ISBN 5915460062, ISBN 9785915460064.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]