Лаьттан пхьагал

Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
Дехьавала оцу: шавигар, лаха
Лаьттан пхьагал

нох. Лаьттан пхьагал (оьрс. Тушканчик) олу. Жима экха ду иза. Лергаш доцийра а, кегийра а ду цуьнан. Лергаш дӀай-схьай саттадо цо. ТӀаьхьара ши ког беха а, ницкъ болуш а бу. Хьалхара ши ког боца бу. ЦӀога деха ду лаьттан пхьагала, боьххье месала кӀайн кӀуж а болуш. Дийнахь шен бенахь Ӏа иза. Бен лаьттах боккху цо. Буьйсана яжа арайолу иза. Бецан орамаш а, ялта а доу цо, буц а йоу. Болар шен тӀаьхьарчу шина кога тӀехь кхиссалуш до цо. НогӀийн махкахь дукха хуьлу уьш.


Хьажа. кхин

Вайн махкан акхарой

Хьажоригаш

Долахь болу гlирсаш
Цlерийн ана

Кепараш
Дийраш
Шавигар
дакъалацар
Гlирсаш
Кхечу маттахь дерш