Ламазан хенаш
ХІара таптар Википедийара ду
1 – Делкъа ламазан хан: Малх стигалан юккъера малхбузехьа жимма дехьабаьлча дуьйна дIайолалой, цхьана хIумана IиндагIан дахалла оцу хIуманан яхалле нисдаллалц ю.
2 – Малхбуза ламазан хан: Делкъа ламазан хан дIаяьллачул тIаьхьа дуьйна дIайолалой, цхьана хIумана IиндагIан дахалла оцу хIуманан шозза яхалле кхаччалц ю; малх цIий бала болалун хан а ю иза.
3 – МаьркIижа ламаз хан: Малх чубуьзчначул тIаьхьа дIайолалой, маьлхан цIе зIаьнарш а, малх чубуьзча хуьлуш йолу цIелла дIаяллалц ю.
4 – Пхьуйра ламаз хан: МаьркIижа хан дIаяларца дIайолалой, Iуьйра ламазан хан хиллалц ю.
5 – Iуьйра хан: ШолгIа сатасар дIадоладелча дIайолалой, малх гучубала болабаллалц ю.
Оцу хенашна тешалла ду IабдуллахI ибн Iамра – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хьадис, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Делкъа ламазан хан малх стигалан юккъера малхбузехьа жимма дехьабаьлча, адаман IиндагIан дахалла цуьнан дахалле кхаьчча дуьйна схьа, малхбуза хан кхаччалц ю. Малх буза хан малх цIий бала болабаллалц ю. МаьркIижа ламазан хан цIен зIаьнарш къайлайовллалц ю. Пхьуьйра ламазан хан буьйса юккъе яххалц ю. Iуьйра ламазан хан малх хьалабаллалц ю, нагахь санна малх хьалабалахь (суннат) ламаз ма де». (Муслим).