КӀайн корта болчу аьрзу

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
КӀайн корта болчу аьрзу
КӀайн корта болчу аьрзу
Ӏилманан классификаци
Дуьне: Дийнаташ
Тип: Хордови
Класс: Олхазарш
Тоба: Лечан куц дерш
Доьзал: Куьйрийн
Тайп: Тилла гӀиргӀанаш
Куц: КӀайн корта болчу аьрзу
Латинан цӀе
Gyps fulvus
(Hablizl, 1783)
Ареал
сурт
ITIS 175487
NCBI 36247

КIайн корта болчу аьрзу — (en. Griffon Vulture), (оьрсаша "Сип белоголовый" олу) И тайпа аьрзунаш кIезиг ю. ДIайовш лаьтта уьш. Бос мокха бу цуьнан, чукIело хьаьрса ю. Лаг дерзина ду, кIайчу дон кач бу логехь. ТIемаш дIа-схьа даржичи 2,5 метр ду.

  • Уьш хуьлу меттигаш Дуьненан хIорд Юккъера а Жима Ази, Иран, Афганистан, Пакистан, Крым, Кавказ. Вайн лаьмнашкахь а хуьлу и тайпа аьрзу. Уьш дукху а йолчу хенахь гIеранаш хуьлура. ХIинца цера гIеранаш яц. Баннаш адам тIе ца кхачалучу меттигашкахь, ламанан лекхачу даккъашкахь, тIулган, мокхазан чхерашкахь до цара. Баннаш даккхийра хуьлу, дечиган синтарех дой. Мархи баттахь доккха кIай цхьа хIоа до цо. Тойнахь цхьана баттахь, кхаа кIирнахь Iа (50-52 дийнахь). КIорни кхаа баттахь эха баттахь кхуьу. Деллачу акхаройн, бежнийн дилх доу цара. ХIаваэхь тIам ца ластош гонаш туьйсу цо. ТIемаш хьалагIоттош хIаваэ хьала яллалц бен ца лестадо цо. ХIаваэхь дукха лакхахула кхерста иза тIам ца ластош. Шарой-Органехь, ЧIаьнти-Органехь бен гуш яц уьш. Цигахь гуш билгалъяьлларг иттех бен яц. Уьш доь ца дайта ларо езаш ю.

Суьрташ[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажа. кхин[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]