Къилбаседа Кавказ
Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Дlасахьажийна кху Къилбаседан Кавказ)
Къилбаседан Кавказ — Европийн малхбалера мохк бу. Iаьржa, Азов, Чеккхсаго хIорданашна юккъехь Iуьллуш йу. Кавказан лаьмнаш а, къилбседехь Дон a, Волга хиш къастош йу Къилбаседа Кавказ кхин йолчу метигах. Къилбаседа Кавказ, 14 миллион адам дехаш меттиг йу, царалахь уггуре доккха къам, Нохчийн къам ларалуш ду.
Чулацам |
Къилбасед Кавказан Мохкаш [нисйé]
- Нохчийчоь
- АьдгIой-Мохк
- ГIалгIайчоь
- ДегIeстан
- Къилбседан ХIирий-Мохк
- Краснодаран Йист
- Карчайн-Черказоймохк
- ГIаьбартлойн-Балкаре
- Ставропалан Йист
Къилбаседан Кавказан къаьмнаш [нисйé]
Къилбаседан Кавказехь ду 100 сов къаьмнаш. Уггаре даккхий къаьмнаш ду: нохчий (1.360.000 адам), суьйлий (760.000), хIирий (650.000), гIебартлой (500.000), даргинаш (500.000), лезгинаш (420.000), гIалгIай (400.000), карачай (160.000), гIазгIумкий (150.000), черказой (100.000). Дукхах долу кавказан къаьмнаш бусулба динехь ду (5,5 миллион), амма Кавказехь Iаш болу оьрсий а хIирий керст динехь бу (8 миллион).