Компьютеран пиллигаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Компью́теран пиллигаш йа Компью́теран пилгу[1] — лерина йу хаамаш компьютер (чубоху гӀирс) чубаха. Цхьана билгалчу низамехь лаьтта кнопкаш йу уьш.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀинцалера пиллигаш кнопкаш латтарца а, чухулара а тера йу IBM PC- йогӀуш йолу компьютерца серих:

XT а, AT а пиллигийн омарш цхьана ца догӀу. Цхьана хенахь арахоьцура пиллигаш, ший а цхьана йогӀуш; уьш дехьатухучуьнца «XT — AT» йа «X — A» дехьа-сехьа яккхалора.

АТ-пиллигашна тӀиера кнопкаш йаздаран машенан тӀехь санна йу, иза йогӀу цхьатерра тӀеэцначу схемица, цуьнан проект йина ингалсан абатан элпаш йаздан атта хилийтаран чот йолуш.

105-элпийн пелиган IBM/Windows кеп
Esc F1 F2 F3 F4 F5 F6 F7 F8 F9 F10 F11 F12 PrtSc
SysRq
Scroll
Lock
Pause
Break
ТильдаВосклицательный знак@КавычкиЗнак решёткиЗнак номераСимвол доллараТочка с запятойЗнак процентаЦиркумфлексДвоеточиеАмперсандВопросительный знакЗвёздочка (типографика)Круглые скобкиКруглые скобкиПодчёркиваниеСложениеBackspaceМашинописный обратный апострофЁ (кириллица)1 (цифра)2 (цифра)3 (цифра)4 (цифра)5 (цифра)6 (цифра)7 (цифра)8 (цифра)9 (цифра)0 (цифра)ДефисЗнак равенстваBackspaceТабуляцияQWE (латиница)RT (латиница)Y (латиница)UI (латиница)O (латиница)P (латиница)Фигурные скобкиФигурные скобкиКлавиша вводаТабуляцияЙЦУ (кириллица)К (кириллица)Е (кириллица)Н (кириллица)ГШЩЗКвадратные скобкиХ (кириллица)Квадратные скобкиЪКлавиша вводаCaps LockA (латиница)SDFGH (латиница)JK (латиница)LДвоеточиеКавычкиВертикальная чертаКосая чертаКлавиша вводаCaps LockФЫВ (кириллица)А (кириллица)ПР (кириллица)О (кириллица)ЛДТочка с запятойЖМашинописный апострофЭОбратная косая чертаВвод (клавиша)ShiftВертикальная чертаZX (латиница)C (латиница)VB (латиница)NM (латиница)Угловые скобкиУгловые скобкиВопросительный знакЗапятаяShiftShiftОбратная косая чертаЯЧС (кириллица)М (кириллица)ИТ (кириллица)ЬЗапятаяБТочка (знак препинания)ЮКосая чертаТочка (знак препинания)ShiftCtrlWindows (клавиша)AltПробелAlt GrWindows (клавиша)Menu (клавиша)Ctrl
Ins Home PgUp NumLk / *
Del End PgDn 7 8 9 +
4 5 6
1 2 3 Ent
0 ,

ГӀирс[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кнопкийн тобанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

PC/AT стандартаца йогӀуш йолу пиллигаш. 104 Кнопка кнопка лаьтта QWERTY элпийн кепаца

Шайн белхашца пиллигашна тӀиера кнопкаш йекъало коьрта тобанашна:

Кхин тӀе тобанаш:

Цхьайолу (PC/AT-пиллигаш тӀехь — шийтта) функционалан кнопкаш лаьтта пиллигийн лакхарчу могӀанехь. Лахуо лаьтта абатан-терхьийн кнопкийн блок. Оцу блокан аьттухьа йу цамза лелоран кнопкаш, ткъа пиллигийн аьтту агӀора йисттехь — терхьийн у ду, схьадоккхуш а дан ло иза.


Элпийн-терхьийн блок[нисйе бӀаьра | нисйе]

Элпийн-терхьийн кнопкех кхин а абатан-терхьийн кнопкаш а, хаамийн кнопкаш а, хаамаш чубоху кнопкаш а олу. Оцу блокан бух бу йаздаран машенан пиллигаш. Цхьана кнопканга тӀетесна масех элп, терахь, сацаранхьаьркаш, символаш. Муьлха элп ду чудаьккхина билгал доккху тӀетаӀийначу пиллигийн регистро — пиллигийн лелоран кнопкашца йа регистр дӀасатуху кнопкашца хӀоттийна йолчу белхан ражо.[3][4]

Абатан-терхьийн блокан йукъайогӀу элпаш а, терхьаш а, пунктуацин хьаьркаш а, арифметикан боларан коьрта[en] символаш а, кхин а башха символаш а. Стандартан PC/AT пиллигаш тӀехь ной оцу блока чуйогӀу 47 кнопка. Абатан тӀиера элпаш 26 сов долчу цхьадолчу меттанашна, арахоьцу пиллигаш абатан-терхьийн блок тӀехь кхин тӀе кнопкаш йолуш — масала, украинийн маттахь (33 элп) йолчу пиллигаш тӀехь уьш 48 (см.: Украинийн элпийн кеп) йу. Оьрсийн абатна шен 33 элпаца лерина пиллигаш ца йо — оьрсийн абатан массо а элпаш дехкина ду стандартан PC/AT пиллигийн кнопкаш тӀе.

Абатан-терхьийн блока тӀиера кнопкаш йекъало мог1анашца а, зонашца а. Блокан лахара могӀа лаьтта «йаьсса йуьту» кнопкийн а, кнопкаш-модификаторш Ctrl, Alt, AltGr тӀехула. Иза хьалхара лору. Лакхахь — шолгӀа, бӀаьрза итт пӀелган зорбанан кепехь кхин а олу «цӀера» могӀа. Кхин а лакхахь — кхоалгӀниг. Блокан уггар лакхара кнопкийн могӀа — биолгӀаниг — латинех латтарехь QWERTY элпаш чудоху кнопкаш йац, амма чуйогӀу терхьаш чудохуш йолу массо а кнопка. Оцу бахьнехь цунах дукха хьолахь терхьийн мог1а олу. Зона олу, бӀаьрза итт пӀелган зорбанан кепаца хӀора куьйган пӀелгашна дӀанисйинчу цхьана йолчу кнопканех. Зонин лоьмарш аьрру агӀонера аьтту агӀора йу.

Абатан-терхьийн кнопкийн белхан жамӀ дозу шена чохь и кнопкаш тӀетеӀон регистрех (лакхара а, лахара а) а, тӀегӀанах (хьалхара йа шолгӀа) а.

Лелоран кнопкаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лелоран кнопкаш (инг. control keys) лерина йу билгалчу белхан. Уьш лело таро йу шешша йа кхечу кнопкашца цхьана[3]. Уьш йу: Esc, Tab , Ctrl, Alt, ← Backspace, Enter, PrtSc, Ins, Num Lock, Del, Scroll Lock, Break[5], Win[3].

Кнопкаш-модификаторш

Кнопкашна-модификаторшна йукъайогӀу Shift, Ctrl, Caps Lock, Alt , AltGr (аьтту Alt). Уьш лерина йу кхечу кнопкийн болх хийца (модификаци). Лакхара кнопкийн регистр латайо (дӀайайина Caps Lock йолуш) Shift кнопка тӀе а таӀайой латтош. AltGr кнопка тӀе а таӀийна латтаяро пиллигийн шолгӀачу тӀегӀан дехьавоккху.

Кнопкаш-модификаторш дукха лелайо, цундела уьш яккхийра йина. Цу тӀе Shift а, Ctrl а кнопкаш йина кхин а абатан-терхьийн блокан кнопкашна шинне а агӀора.

Системан омрийн кнопкаш

Уьш йу: SysRq, Esc, PrtSc, Pause, Break, Menu.

Функционалан кнопкаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Иштта PC/AT пиллигийн лакхарчу декъехь лаьтта функционалан кнопкийн блок — F1 тӀиера F12 тӀе кхаччалц (PC/XT пиллигашна тӀехь йара 10 функционалан кнопка F1 тӀиера F10 тӀе кхаччалц, пиллигийн аьру агӀора шина бӀогӀамца лаьтташ). Оцу кнопкийн функцеш билгалйовлу системан йа прикладни ПЛ (программа латторах) доьзна: ненан акъарийн конфигурацин программица (Setup BIOS), тӀаккха тӀехьа, болх бан йолаялийтинчу операционан системица.

Цхьайолчу функционалан кнопкийн функцеш, функционалан кнопкийн Shift, Ctrl а, Alt а кхечу кнопкашца йолу комбинацеш, до цхьа дакъа интерфейс лелочуннна, дукха хьолахь ша лаьцна ПЛ кепана даиман а йу. Ю цхьа могӀа универсалан шуьйра лелош йолу билгалъйаьхнарш: дукха хьолахь F1 тӀетаӀийча экран тӀехь гучуйолу чухоттийна йолу программан справочник (дукхах дерг агӀон тӀехь дӀайиллина йолу, ша чохь йолу программан режимаца йогӀуш а йолу), ткъа ESC тӀета1йаро йолийна операци сацайо.

Терхьан пиллигаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Оцу блокан бух бо калькуляторшкахь а, кассийн аппараташкахь а лелош йолчарех терра 17 кнопкано. Терхьийн пиллигийн кнопкийн коьрта Ӏалашо — абатан-терхьийн блокан кнопкийн функцеш лелаяр арифметикан белхан коьрта терхьаш а, символаш а чуйохуш. Оцу уьн кнопкаш терхьаш а, арифметикан хьаьркаш а чуйаха аьтту болуш йу, абатан-терхьийн блокан кнопканел а. ДӀаяйинчу режимехь цамза лелош йолчу кнопкан болх бо цуо.

Башха кнопкаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мультимедийн пиллигаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Машанехь компьютеран гӀиллакх а, аз тӀетохар а тергоян таро йолу мультимедийн компьютеран пиллигаш

Дукхаха йолу керла компьютерийн пиллигашна, стандартан 104 кнопкаш йоцуш а, тӀетоьхна кхин а кнопкаш (дукхах дерг, кхин барам а, кеп а йолуш), уьш лерина йу компьютеран цхьайолу коьрта функцеш лело атта хилийта:

  • аз лело: чӀогӀа, гӀийла, аз латадар йа дӀадаккхар;
  • компакт-экъан беначохь гӀопаста лело: экъа схьадаккха, экъа дӀаэца;
  • аудиолокхург лелор: лакха, сацийна латто, локхург сацо, аудиойоза хьалха йа тӀехьа татта, рогӀерчун йа хьалхалерачу аудиойозане дехьавала;
  • компьютеран машан таро лелор: поштан программа дӀайелла, браузер дӀайелла, цӀера агӀо гайта, хьо хиллачу агӀонаш тӀехула хьалха йа тӀехьа гӀо, лахаран система дӀайелла;
  • алсама лело программаш лелор: дӀайелла калькулятор, дӀайелла файлан менеджер;
  • операционан системан корийн хьал лелор: дӀакъовла кор, дӀахьарчаде кор, дехьавала рогӀерчу йа хьалхалерчу коре;
  • компьютеран хӀоттам лелор: дехьаяккха хьоьжучу роже, дехьаяккха йижинчу роже, самъяккха компьютер, латайе компьютер.

Оцу функцех дукхах ерш (аз лелор а, йаздина аз лакхийтар а, компакт-экъа лелор а, кхин а) мультимедиа сферан йукъайогӀундела, царех дукха хьолахь «мультимедийн пиллигаш» олу.

Оцу пиллигийн фирманан драйверш, дукха хьолахь, тӀейинчу кнопкашна шеш леринчу агӀора лело таро ца ло (башха тобанан «лелоран кнопкаш» йоцурш), ткъа иштта ца ло таро билгалъйаха масех кнопка цхьана таӀийча хуьлу функци (мультимедийнчара дакъалоцуш), кхин а царна керла лерина функцех хӀитто а. Амма и бала дӀабаккха таро йу кхечара йинчу йозуш йоцучу универсалан драйверийн гӀоьнца.

Программа хӀоттийна пиллигаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йина[6] пиллигаш, Ӏалашо а, тӀехулара куц а программин гӀоьнца хийцалуш йолу, уьш йозу хаьржинчу символийн гуламех, кхин тӀе хӀокху моментехь тӀетохамах а. ХӀора кнопка цуьнан хӀинцалера Ӏалашо гойту мини-дисплей йу. Уьш хила тарло тайп-тайпанчу абатийн символаш йоцуш, тӀетохаман «йовхачу» кнопкийн пиктограммаш а.

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Работа над англо-русско-чеченским словарём компьютерных терминов Архивйина 2015-05-05 — Wayback Machine
  2. What is pc/xt keyboard?
  3. 1 2 3 Использование клавиатуры. Справка Windows. support.microsoft.com. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 17 декабрь.
  4. С. И. Адян. Математический энциклопедический словарь. — Сов. энцикл., 1988-01-01. — С. 823. — 856 с.
  5. Brice Carnahan, James O. Wilkes. The IBM Personal Computers and the Michigan Terminal System. — UM Libraries, 1987-01-01. — 366 с.
  6. Студия Артемия Лебедева — Клавиатура «Оптимус Популярис»

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]