Ков:Эшарш
ЧУЛАЦАМ; Халкъан исбаьхьаллин хазна. Барта кхолларалла Нохчийн халкъан исбаьхьаллин оьздангалла мехала дакъа ларало. Вайн халкъан ширачу заманахь хиллачу lер-дахарах, цуьнан лехамех, кхетамца лаьцна йозанан а, кхин долу а тоьшаллаш къен хиларе хьаьжча, барта кхолламаш хаалуш долу генна хьалха д1адаханчуьн зов шена тlе тидам бохуьйтуш ду. Цунна, lилманан лехамашка диллича, ондда тlетовжа йиш яцахь а, амма бlешерашкахь халкъан синкхетам, гlиллакх-оьздангаллин доьша меттигаш и. дl. кх. кхуьуш, заманан йохаллехь хийцалуш схьа муха еана боху маьlна дан таро ю. И мехала гlуллакх гуттар тидамехь латтадора оха хlара книга вовшахтухуш. Цундела хlокху сюжето ешархо цецвоккхур ву аьлла, иза хьалха а ца йоккхуш, цуьнан лергана аьхна хир яц аьлла, тlаьхьа а ца тоттуш, цо тlекхуьучу тlаьхьенна хьалха д1адаханчун мелла а суртхlоттор ду боху илли, шира дийцар, кица, хlетал-метал, халкъан тидам юкъабалийна оха. И lалашо мелла а юьззина кхочушъян гlертарца доьзна ду хlокху юкъа массо а аьлла нохчийн халкълоран куц шуна йовзийта гlертар а.
- Хlокху гуламна юкъа мел яхана барта кхолламаш дуьххьара дlа а язйина, дуьххьара зорбане ара а йоккху боху хlума мел деза хеттехь а, цунна т1е а ца гlиртина тхо. Ешархочун синкхетам "самабаккха", цуьнан шен халкъан культуран мехаллех дозалла дан таро йолу некъ шорбан lалашо йолу хlинцалца зорбане арайийлла, я цхьацца бахьанехь арайийла йиш йоцуш лаьттина хlумнаш шуьйра юкъаялийна оха, цкъа делахь, уьш карла а евр ю, шолг1а делахь, церан шатайпа шовкъо кхин цкъа а мехала тlеlаткъам а бийр бу аьлла.
Шена тlе ондда тидам бахийта безаш гlуллакх хета тхуна вайн оьздачу, дикачу lадатийн а, халкълоран а уьйр хадар. Халкъан иэсехь я тайпан lилманехь цхьацца хаамаш бисина вайнехан деле догlа дехарца, зуда ялор йигарца, берийн ловзаршца, кхидолчуьнца, амма цаьрца цхьаьна леллачу эшарийн лар яйна. Тlепаза яйна аьлла догдилла ца лаьа, уьш лахар вайн массеран а гlуллакх а хилла дlахlоьттича, карор яра аьлла хета. Цу декъехь тхайн дан аьтто баьллачунна оха зорбатуху "lадатийн иллийн" бохучу декъехь.
- Дийцарца адаман уггаре а ширачу заманан синкхетам бовзуьйту. Цуьнца доьзна дийцарш lаламат дукха хилла вайнехан. Амма уьш д1аяздина охьадехкина вуно кlезга ду, ткъа зорбане ара кхин кlезгох девлла. Халкъан оьздангалан боккха иэшам бу и.
Иллеш д1аяздаран гlуллакх вуно чолхе а, жоьпаллин а болх бу. И мехала хазна гулъеш а, lилманца толлуш а гlуллакх дина волчу Вагапов Якъуба а, Эльмурзаев Сираждис а, Джамалханов Зайндис а, Мунаев Исмаьlила а диначунна тlе шайн хазна йиллина къоначу lеламна Кадиев Руслана а, Цуцаев lалавдис а, кхечара а. Царна баркалла ала лаьа тхуна. Чаккхенехь оха далийначу тайна хетаршкахь хьаьжча шуна хуур ду хlара иттанаш, иттанаш адамаша цхьана бина болх буйла. Тlейог1учу заманахь а халкълораца уьйр-шовкъ йолу нах вовшах а тухуш, вайн халкъан барта хазна гулъяран а, зорбане кечъяран а гlуллакх кхин а жигарадаккха 1алашо а ю тхан.
Чулацам |
Éşarş loqu ǵirsaş
Nohçiyn éşar loqu nah
- Dimaev Jela
- Sagaipova Makka
- Taşaeva H́ava
- Taşaeva Marem
- Dadaşeva Tamara
- Rasaev H́usayn
- Aydamirova Aymani
- Alimsultanov Imam
Éşarş
- Безаман эшарш
- ТАЙМИН БИБОЛАТАН ИЛЛИ
- Iадатийн кхоллам
- Дийцарш
- Кьинхьегаман эшарш
- Тийжамаш
- Сардамаш
- Наьрт-аьрстхойн дийцарш
- Туьйранаш
- Дийнатех лаьцна туьйранаш
- Iep-дахаран хьокъехь долу туьйранаш
- Берийн халкълор
- Шира дийцарш
- Кицанаш
- Хlетал-металш
- Халкъан тидамаш
- Чечанарчу Мадин Жаьммирзин илли
- Гlебартойн Курсолтин илли
- Къеначу Дадин илли
- Ваша воцчу Сайлахин илли
- Эла Монцин, Жерочун кlентан илли
- Ненан Кlентан, Дадин Йоьlан илли
- Бос хазчу Мусан илли
- Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли
- Къеначу Адин илли
- Жерочун Кlентан, Гуьржийн Кlентан илли
- Таркхойн Кlентан, Жерочун К1ентан, Жумин Акхтулин илли
- Таркхочун Кlентан, Жерочун Кlентан илли
- Анзоран Зазин илли
- Таймин Биболатан, дог майрачу Чlегин илли
- Гуьржийн Анзоран, Хlирийн Йоьlан илли
- Исмайлин Дудин илли
- Эла Къахьармин илли
- Зайтан Шихмирзин илли
- Таймин Биболатан илли
- Эвтархойн Ахьмадан илли
- Несархойн Малсакан, Бетакан Саlдуллин илли
- Обарг Варин илли
- Дади-юрт яккхаран илли
- Девлатгирин-эвла йоккхуш даьккхина илли
- Зеламха Гlизларехь латаран илли
- Дестечун илли
- Бос хазчу Тахун илли
- Бежун илли
- Бектамаран Зайнапан илли
- Узамаш
- Халкъан хаамаш
- Лийрикхан
- Iep-дахаран хьокъехь эшарш
- Безаман эшарш
- Забаре эшарш
- Сатиран эшарш
- Хелхаран эшарш
- Лийрикхан тийжамаш
- Сатира а, забар а
- Аларш
- Хетарш дуьйцу заманан халкълор