Зу

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Зу
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Erinaceus concolor Martin, 1838
Ареал
сурт
Ларйен статус

Зу' (оьрс. Еж) олу. Цунна дукхаеза бошмаш, хьаннийн йистош, дечагийн кондарш.

  • Зуно бен бо дечиган хари чохь, дечигийн кондаршлахь, кхеллешна йуккъехь, гӀан патаршлахь, коьллийн керта кӀел, йакъухашлахь таьӀначу меттехь. Буха кӀеда мотт буьллу цо, йекъа буц, гӀаш, иштта кхин йолу кӀеда хӀума буха а тосуш.
  • Зуно кхаанна тӀера бархӀанна тӀекхаччалц кӀорнеш йо. Зунан кӀорнеш ирча хуьла, са а ца гуш, тӀехь чо а боцуш, йерзина. Нилхха кӀайн, кӀеда кӀохцалий хуьлу цунна тӀехь. Шен бен цхьанна тосабелчи кӀорнеш кхоьчахьа дӀахьо зуно. КӀорнеш дукха ца Ӏа шайн ненаца. Ши бутт кхаьччи шаьш йовлий йуьйлало уьш. Ӏаьнна кечам бан ца хууш Ӏай ледарчу хьелашкахь йуьсу кӀорнеш. Цундела уьш дукхах ерш шелонна ле. Шийла Ӏа деъчи йаккхийрнаш а ле шелонна, Ӏаьнна чукъовлаелла йацахь.
  • БӀаьста, Ӏаьнан хӀусамера арайолий, йолало зу, шелонаш дӀаевллачул тӀаьхьа. Итт градус йовхо хиллалц бенахь йижина Ӏуьллу зу.
  • Дийнахь, малхехь йох а луш йижна Ӏуьллу зу, буьйсанна ижу лохуш йолало. Ижо лахар бен гондхьа долчуьнан бала кхочуш йац иза. БӀаьраса дика дац цуьнан. Меттах а ца вуьйлуш Ӏадда лаьтташ волчу стагана когаш кӀел схьайолу иза. Шен и муцӀар когарчу мачех дӀаӀоттаелчи хьоршам а тухий, муцӀар кӀел а хьош, дӀахьаьрчий кӀохцалийн уьйриг хуьлу. Вист а ца хуьлуш стаг Ӏадда сецчи йуха а йолало иза. Толлачу хенахь нисса дӀайоьду зу шена хьалха нисъелл-еллачу хӀуманах хьожа а йоккхуш, йай йорт а йетташ. Зуно садолу хӀумнаш йоу, кхаьсттина чхьаьвригаш. Текхарг а, моьлкъа а боу цо лаца ка йаьлчи. Текхарг шех лата доьхьалбаьлчи, иза кхеро, ша лаьттачохь кхисса а луш, маторо санна, гӀовгӀа йо цо. ТӀаккха иза дӀаболалушшехь, катухий, цӀога схьалоцу. ДегӀ зунна тӀе детташ, кӀохцалий Ӏитталуш текхарг ле. КӀохцалах хӀума хьакхаелчи кхоссало зу. Буьйсанна къаьсттина оьгӀазе хуьлу иза, лата доьхьал а уьдуш.

Хьажа. кхин[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]