Дишний

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шира тайпа
Дишний
Этноиерархи
Раса кавказан
Йукъара хаамаш
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Гуьржийчоь: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац
 ГӀалгӀайчоь: хууш дац
 ДегӀаста: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Дишнийн-Мохк
Дишна / Дишнийн-мохк (Диш-мерк)
Дишна / Дишнийн-мохк (Диш-мерк)

Дишний — тукхумашна йукъа ца догӀу нохчийн шира тайпа.

Мехкан эвланаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ахмадов Явуса ялийна Дишнийн махкара нах беха меттигаш: Авст-кхелли, Амкхелла, Барснаха, Бечига, Гучча-кхелла, Курш-пхати, Кхалтъа, Тержил-гӀала, Тусхара, Утан-кхелла, Цацах, Чоьнк-пхьеда, Юьрдаха[1].

Ткъа Сулейманов Ахьмада ялийна эвланаш: Амкхелли, Барснаха, Бассах, Бечига, Ботурча, Пиежиеда, Тиш-Цацах, Тусхара, Цацах, Чухушлана, Эзи, Юьрдаха[2], Авст-кхелли, Утан-Кхаьлли[3].

Дишний беха меттигаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дишний беха ярташ а, кӀотарш а: Таьшкичу, Амкхелли, Бассах, БелгӀата[4], Бена-Йурт, Берд-Йурт, БухӀан-Йурт, БӀачи-Йурт, ВаларгтӀе, Галне[5], ГихтӀа, Гуьмсе[6], ГӀойтӀа[7], ГӀулара, Девкар-Эвла[8], Доьлаке, Дуби-Эвла, Дуй-Йурт, Дишни-Ведана[9], Жима АтагӀа[10], Итон-Кхаьлла, Котар-Йурт[11], Курчалой, Лакха Невре[12], Лаха Невре[13], Соьлже, Тусхара[2], ТӀехьа-Марта, Устрада-ГӀала[14], Хьалха-Марта, Шела, Эвтара, Элистанжа, Эна-Хишка[15], Янди-КӀотар, Ӏалхан-Йурт[16].

Гараш, некъи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дишний бекъало гарашка а, некъешка а: Амкхелой, Бечигхой,Басхой, Ботарчи,Цацахой, Эзхой, Г1енаш гар, Хьачи гар, Узи гар, Хамаз гар, Ботакх гар, Куьшак гар, Тобар некъ, Чиркхи некъ, Чори некъ, Кхежги некъ, Темболт некъ, Г1ули некъ, 1ами некъ, Белакх некъ, Накар некъ, Цаги некъ, Гели некъ, К1олд некъ.

М.А.Мамакаевс чӀагӀдо, гӀалгӀайн тайпанаш АхриевгӀар, ЛьяновгӀар, БоровгӀар Дишнех бевлла хилар[17].

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кавказан тӀом[нисйе бӀаьра | нисйе]

1848 шарахь цхьаьна ломан нохчийн Дишнийн эвлахь орца кхайкхира, оцу хенахь иза сих-сиха хуьлура, масех минот ялале маьждиган майданахь герзашца нах гулбелира. Бежний лаьхкина боьлху зударий маьхьарца юхабирзира, эвла Ӏаьржа сюлий (лаьзгий) богӀу аьлла, боккъал а, масех минот яьлчи майдана баьхкира лаьзгий кхайкхамца: «Шун эвлана Шемалан лиира Махьма наиб хӀотто, иза кестта схьакхочур ву. Оха цуьнан цӀарах кхайкхадо шуьга, аша имаман богӀуш болу лерамца кечам бе». Иза аьлла лаьзгий бирзира хьешан цӀашка. Дукха гӀовгӀа йира нохчаша, цхьанне а омар кхочушдан боьлла боцучу, ткъа лаьзгийн – муххале а... ТӀаьххьара дӀакхайкхийра векалшна: «ДӀаала шеш хьовсийначу Махьме, тхан варраш йац цунна дуьхьала даха, зурманчаш бац шун лаьмнашкахь санна цунна лерамца дуьхьал даха. Тхо дуьхьал гӀурду цунна тӀеман говрашкахь, зурмийн меттана Ӏаьржа тоьпаш хьур ю, иштта сий дийр ду оха Ӏовдалчу лезгӀочунна; амма хазлур дац цунна иштта ша тӀеэцар, цундела ма вола ала кхуза... Шун некъ дика хуьлда, шун говраш кийча ю, юьзна а ю, юха гӀуо. Цкъан а диц ма де, нохчий даиман а маьрша хилла, маьрша лийр бу. Кюйран тӀехула наиб къиг муха хӀоттайо, иштта Махьма муха хӀоттор вара тхуна хьаькам».

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Ахмадов, 2009, с. 127.
  2. 1 2 Сулейманов, 1997, с. 116.
  3. Сулейманов, 1997, с. 117.
  4. Сулейманов, 1997, с. 281.
  5. Сулейманов, 1997, с. 566.
  6. Сулейманов, 1997, с. 538.
  7. Сулейманов, 1997, с. 454.
  8. Сулейманов, 1997, с. 568.
  9. Сулейманов, 1997, с. 266-269.
  10. Сулейманов, 1997, с. 445.
  11. Сулейманов, 1997, с. 392.
  12. Сулейманов, 1997, с. 558.
  13. Сулейманов, 1997, с. 559.
  14. Сулейманов, 1997, с. 493.
  15. Сулейманов, 1997, с. 529.
  16. Сулейманов, 1997, с. 457.
  17. Мамакаев М.А. «Чеченский тайп (род) в период его разложения» Грозный, ГУП «Книжное издательство», 1973.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]