ГӀиргӀа

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Ǵirǵa

Ǵirǵa, ГIиргIа — (en. Kite (bird)), (оьрсаша "Коршун" олу). ГIиргIанаш бес-бесара хуьла, таьIIана ал басахь тIемаш долуш, чукIело къорза йолуш а. Йоьххьера хадийчи санна нийса а, деха а цIога, готто тIемаш долуш. Уьш хуьлу ялтийн аренашца а, хин бердан йистошца а, хьаннашкахь а. Баннаш до дитташ тIехь, ламанан даккъашца тIулган чхарийн херонашкахь. Бен тобеш буха йохку бехчалгаш, кхакханан кердигаш, тIаргIа, кхин йолу кIеда хIумнаш.

  • ХIоьаш до апрель бутт чекхболлуш - май бутт болалуш. Шиъ я кхоъ хIоа до гIиргIано мокха тIедарчий а долуш. Цкъацкъа гIеранаш йой а лела гIиргIанаш. Декар терсаш ду. Генаро дека хезчи бокъан терсарх теро хета.
  • Ижо лахар лакхара охьа бIаьрг тухуш ду, наггахь бен тIам ца ластош, цхьана метта го туьйсуш. Иштта хIаваэхь го туьйсуш генна дIадоьду гIиргIа. Церан даар ду къиэелла хIума, хе юьстахтесна белла чIара. Цара дехкий а, моьлкъарчий а доу. Кхеллеш, нехаш дIакхиссанчохь а карадо царна напгIа.

Súrtaş[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажа. кхин[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]