ГӀарагӀули

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
ГӀарагӀули
Японин гӀарагӀули
Японин гӀарагӀули
Ӏилманан классификаци
Халкъашна юккъера Ӏилманан цӀе

Gruidae (Vigors, 1825)

Тайпанаш
Wikispecies-logo.svg
Викихаамашкара
систематика
Commons-logo.svg
Суьрташ
Викигуламехь
ITIS   176174
NCBI   9109
EOL   7586

Ǵaraǵuli, ГӀарагӀули — ( en. Grus grus ). Оьрсаша гӀарагӀулих "Журавль" олу. Хаза а, доккха а, когаш тӀехь лекха а олхазар ду иза. БӀаьста яьлча, апрель беттан деношкахь, вайна го стиглахь могӀанаш дина схьаоьхчу гӀарагӀулин гӀеранаш. Церан зевне а "къар-р-р-р! Къар-р-р-р!" бохуш гӀоргӀачу декаро адамийн дегнашка бӀаьстенан бовха кхаъ бахьа. Гуьйранна сентябрь кхилбехьа бовхачу махка юха дӀакхелха гӀарагӀулеш. Екхначу стиглахь Ӏаламан исбахьа сурт хӀоттадо могӀанаш хуьйцуш йоьдучу гӀарагӀулин гӀерано а, церан зевнечу аьзнаша а.

  • ГӀарагӀулин зӀок нийса а, еха а, ира а ю. ГӀортош еха ю. Настарш лекха а, юткъий а ю цуьнан. ЦӀога доца ду, месаш охьайирзина кхозуш а йолуш. ГӀарагӀулеш ялх тайпана ю вайн мехкашкахь. Церан дахар дӀай-схьай кхелхаш ду. БӀаьста бовхачу мехкашкара къилбаседехьа хьала йогӀу уьш, гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка юха йоьлху. ГӀарагӀулин коьрта туьтан тӀехь мас йоцуш меттиг ю. Нилхха чо а болуш. И ялхе а тайпа гӀарагӀули шен-шен беса ю. Масала, уггаре а йоккханиг мокхачу басахь ю тӀеман йоьхьигаш Ӏаьржа а йолуш. Цуьнан лаг а Ӏаьржа ду, бӀаьрга тӀера охьа шина а агӀор кӀайн сиз а долуш. И шиъ сиз гӀорта кхаччалучохь букъ тӀехь вовшаххоттало. Коьртан туьтанна тӀиэхьа цӀиэ тӀеда бу цунна. Когаш Ӏаьржа бу.
  • ГӀарагӀулин яхар тундрехь хьаннашкахь а, буц-аренашкахь а лаьмнашка кхаччалц ду. Боьршан, стен шиъ цхьана хуьлу гӀарагӀули. Баннаш дечу хенахь гӀеранаш хуьлу церан. Хиш, Ӏаьмнаш долчу меттехь совцу уьш. Баннаш лаьттахь до цара бацах, кхин йолчу соьналлехь, оьрзалахь а, шач йолчу тоьлгашкахь а, диттан кондаршлахь а. ХӀоа шиъ до гӀарагӀулино, вайн цӀерачу котаман хӀоьан кепехь. Баьццаро бос а бетталуш, цӀиэ тӀедарчий а долуш хуьлу цуьнан хӀоьаш. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху цо. ЧӀогӀа ларлуш Ӏедал ду гӀарагӀулин. Адам аьттехьа гӀоьртича бенара гӀоттий дӀайоьду иза. ТӀома гӀаьттина йоьдучу хенахь дӀаяхйина гӀорта а, тӀиэхьаша дӀахецна ши ког а цхьана могӀара нисбо цо. Цундела хӀавао доьхьало яр кӀезиг ду. Баннаш дечу хенахь масех гӀарагӀули цхьана а кхетий рогӀ-роггӀана охьахууш, хьалагӀоттий кхиссалуш, тӀемаш охьа а охкадой маьхьарий хьоькхуш "хелхар" до цара. ГӀарагӀулин даар борц а, горох а, кӀа а, бецан хӀу а, бецан соьналлаш а, садолу хӀуманаш а, цхьацца акха стоьмаш а ду. Ал-басахь а, кӀай а, Ӏаьржа а хуьлу гӀарагӀулеш. Ӏаламан хазна еш уьш хиларе терра гӀарагӀулеш ларо декхар ду адамийн.

Хьажа. кхин[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]