Іожалла я маршо
ХІара таптар Википедийара ду
Іожалла я маршо (Jożalla ya marşo) — нохчи кьоман гимн ю. Из язин ю XIX бIешерашкахь. Амма 1991 шарахь Абузар Айдамировс ва Али Димаевс и керлачу хийцамехь язъйина.
[xийца] Гимни текст
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла тхо,
Iуьйранна лом угIуш тхан цIераш техкина.
ЛаилахIа иллАллахI
Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна,
Тархаш тIехь дой хьийзо дайша тхо Iамийна.
ЛаилахIа иллАллахI
Халкъана, махкана наноша кхоьллина,
Цаьршинна эшначохь, майра дIахIиттина.
ЛаилахIа иллАллахI
Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна,
Халонех, бохамех курра чекхдийлина.
ЛаилахIа иллАллахI
Мокхаза ламанаш даш хилла лаларах,
Дахарехь, къийсамехь яхь оха дIалур яц!
ЛаилахIа иллАллахI
Бос Iаьржа ва латта молханах лелхарах,
Тхешасий сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац.
ЛаилахIа иллАллахI
Тхо цкъа а цхьаннена къарделла совцур дац,
Iожалла, я маршо - шиннех цхьаъ йоккхур ю!
ЛаилахIа иллАллахI
Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо,
Хьомсарчу бIаьргаша хьуьнаршна гIиттадо.
ЛаилахIа иллАллахI
Мацалло хьовзадахь, орамаш дуур ду,
Хьогалло тхаш бIарздахь, бецан тхин мийра ду!
ЛаилахIа иллАллахI
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду,
Халкъана, махкана, Далла а муьтIахь ду.
ЛаилахIа иллАллахI
[xийца] Зурма
| Европейн Гимнош |
|
Австри | Албани | Андорра | Белороссе | Бельге | Болгаре | Босни-Герцеговина | Ватикан | Великобритани | Венгре | Германе | Дани | Джелтимохк | Ирланди | Исланди | Испани | Итали | Кипр | Латви | Литви | Лихтенштейн | Люксембург | Македони | Мальта | Молдави | Монако | Нидерланд | Норвеги | Польша | Португали | Россе | Румыни | Сан-Марино | Серби | Словаки | Словени | Украина | Финлянди | Франце | Хорвати | Черногори | Чехия | Швейцари | Швеци | Эстони |
| Азийн Гимнош |
|
Азербайджан | Армени | Грузи | Казахстан | Турций |
|
Нохчийн |