Википеди:Нисъе майра

ХӀара агӀо Википеди чура ю — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха

Википедин юкъаралло шен декъашхой дог ойу, царна эхь цахеташ майра хийцамаш бан а агӀонаш юьзза а магадо. Декъашхоша гӀалаташ нийса дича, грамматика, орфографи нийса йича керла хаамаш а суьрташ а тӀетоьхча Википеди сиха кхуьу. Масазза хьой цхьа хӀума доьшучу хенахь дага деана хӀара нийса дича ма дика хира дара аьлла? Википедис агӀонаш нисярал а тӀеюззарал а совнагӀ иза оцу Ӏалашонца кхоьллина ю.