Вайн махкан олхазарш

Хlара гlирс Википедийа чура бу — маьрша энсихалпайде.
Дехьавала оцу: шавигар, лаха

Vayn mahkan olhazarş;

Чулацам

[нисйé] H́iyzina masaş yolu pelikan

Пеликан 03.jpg

H́iyzina masaş yolu pelikan ( Pelecanus crispus ). Хьийзина месаш йолчу пеликанах оьрсаша "Кудрявый пеликан" олу. Вукху цIиэ бос болчу пеликаначул хийцамаш дукха бац цуьнан. Месаш кIай ю, сиро бос а болуш.

ТIемаш мокха ду, жимма сиро бос а бетталуш. ГIортанна тIиэхьара месаш еха а, хьийзина а ю. ДIай-схьай даржичи тIемаш шина метре кхочу. Вукху цIиэ бос болчу пеликанан санна ду цуьнан дахар. Иза хуьлчу меттигашкахь хуьлуш а ю.

[нисйé] Ćién bos bolu pelikan

Pelican.great.white.arp.750pix.jpg

Ćién bos bolu pelikan ( Pelecanus onocrotalus ). ЦIиэн бос болчу пеликанах оьрсаша "Розовый пеликан" олу. КIеззиг цIиэ бос а бетталуш кIай ю. ТIемаш йоьххьера Iаьржа ду. Коьрта тIехь жима кIужал бу. Еха зIок ю цуьнан. ЗIакарна кIелахь тIаьрсиган тIоьрмиг бу. ТIемаш дIа-схьа даржийчи 2 метр ду. ХIурдан гIайрешца, бердащца, хишца, Iаьмнашца хуьлуш ю пеликан.

Iаьржачу хIурдан къилбаседа-малхбузехьа хIурдан йистошца а, Азов хIурдан йистошца а, Каспийски хIурдан къилбаседехьа йистощца а, ГIалмакхойн аренашкарчу Iаьмнашкахь а, Казахстанехь а, Малхбезехьа Сибрехахь а ю уьш. Дозанал арахьа Румынехь а, Африкехь а, Сирехь а, Иракехь а, Къилбаседа-Малхбузехьа, Индехь а ю пеликанаш. Вайн республикехь наггахь бен гучу ца йовлу уьш. БIаьста къилбехьара бовхачу махкара схьайогIуш а, гурахь юха цига дIайоьлхуш а вайн хиш, Iаьмнаш долчохь; цхьана кIезигчу ханна сеца уьш. ХIинцачул хьалха Теркан йистошца а, Iаьмнашкахь а баннаш дора цара. Дукха а чIерий долу меттигаш, буткъа эрз болу тогIеш еза царна.

Баннаш дечу хенахь яккхийра тобанаш хуьлу церан. Цара баннаш до Iаьмнаш долчохь, буькъа эрз болчу, адамашна тIекхача хала долчу меттигашкахь. Баннаш эрзах а, бацах а диттийн генех а до цара.Хоьаш апрель-май баттахь до. Шиъ до хIораммо хIоа. Тойнахь 33-38 дийнахь Iа. КIорнеш йоха июнь-июль баттахь. ТаьIна мокхачу басахь хуьлу уьш.

ЧIогIа ларлуш олхазар ду иза. Стаг юххе ца кхочуьйту цо. ГIаттар хала ду цуьнан. ТIемашца гIоттуш хи тIоьхула когаш а бетташ йоьду иза. Ядар чехка ду, генна охьа тIемаш а лестош. ТIоьхула хьийзаш Iедал а ду цуьнан. ГIеранца хIаваэхула могIа бой йоьлху уьш. ГIарагIулеш санна са бой а йоьлху. Хи тIоьхула нека до цара. Амма хи буха ца лечкъа уьш. ЧIерий доу цара, хи гомхачу дIа а лоьхкуш, зIакаршца каде схьа а луьйцуш.

[нисйé] Ǵurǵaz

Cygnus cygnus from zh.JPG

Ǵurǵaz ( Cygnus cygnus ). ГIургIезах оьрсаша "Лебедь" олу. ГIургIаз шина-кхаа тайпана ю. Юххехьара зIок можа ю уггаре а йоккхачу гIургIезан. Къоначийн зIакарш цIечу басахь хуьлу. Тундран Iаьмнашкахь хуьлу уьш. ДIай-схьай йоьлхучу хенахь хIорднашкахь а хуьлу. Баннаш шишша цхьана къастина до. ХIоьаш ма баттахь до 4-6. Жимма можа бос бетталуш къайн хуьлу хIоьаш. Хина бухахула ца лела иза. Кортий, гIортий хи буха оьхуьйту цо. ТIемашца гIаьттина йоьдуш гIорта хьалха дIаяхйо. Екар хаза ду цуьнан "гангго... ганг-го" бохуш. Iаламехь кIезиг ю уьш. Цундела царна таллар дихкина.

ЦIиэн зIок йолу гIургIаз. Цуьнан зIакаран бухехьа Iаьржа маIа ю. Можа зIаг ерш санна кIезиг ю уьш а. Хин берда йистошца эрзалахь до цара хIоьаш. Тойна май бутт чекхболлуш доккха 6-8 хIоа до цхьаммо. ТIемаш жимма хьала а айдой, хаза саттийна латтайо цо гIорта. ЗIок нисса охьаерзийна латтайо. Аз гIоргIа ду, йиш - хаьлчи санна. Хи буха кхийдаш ежа иза. Хин соьналлаш а цхьацца садолу хIуманаш а йоу цара.

[нисйé] Aqa ǵaz

Bean.goose.600pix.jpg

Aqa ǵaz ( Anser fabalis ). Акхачу гIезах оьрсаша "Дикий гусь" олу. Акха гIезаш масех тайпана ю, кIайн а, мокха а. ЦIахь кхобучу гIезийчулла ду церан догIмаш. Цхьаерш кегийро ю. ЗIакарш а, когаш а цIиэ хуьлу церан. Юткъа еха хуьлу церан гIортош. Iаьржа зIакарш йолуш а ду акхачу гIезийн тайпа.

Хиш, Iаьмнаш долчу меттехь, бецан а, ялтийн а аренашкахь, хьаннийн йистошкахь хуьлу уьш. ДIай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Шишша цхьана хIуттий до цара баннаш, хин бердан йистошкахь, Iаьмнашкахь, эрз болчу тогIешкахь, тоьлгашкахь, шачйолчу меттехь. Бен буха буц а юьллуш, месийн до а дуьллуш тобо цара. Можо бос а болуш 4-6 хIоа до гIезо. Аз чIогIа декаш ду акхачу гIезан. Тобанаш йой лела уьш. Адамах, экханах ларъяла хаьа царна.

[нисйé] Moqa aqa ǵaz

Anser anser 2 (Piotr Kuczynski).jpg

Moqa aqa ǵaz ( Anser anser ). Мокхачу акха гIезах оьрсаша "Серый гусь" олу. ЦIахь кхобучу гIезал дегIана жима ю иза. ГIорта жимма йоца а, стомма а цуьнан, вукху гIезачул. ЗIок, можо бос болуш, цIиэ а, йоца а ю. Когаш можо бос бетталуш цIиэ бу.

ХIурдан йистошца а, хищца а, Iаьмнашкахь а хуьлуш ю и тайпа гIезаш. ДIай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Боьршачой, стечой, шишша цхьана кхетий до баннаш. ХIурдан йистошца а, хин бердан йистошца а, оьрзалахь, шочалахь, тоьлгашлахь до цара баннаш. ХIоьаш июнь баттахь до 4-6. ТIема йовдар хала ду церан. ТIемаш доцийро хиларна чехка лесто деза. ТIома евдда лакхахула лела церан гIеранаш. ХIурда чохь, хиш чохь, Iаьмнаш чохь иштта берда йистошца а карош йолу садолу хIумнаш, кхоьбарчий, соьналлаш йоу цара.

[нисйé] Aqa bad

Anas platyrhynchos male female quadrat.jpg

Aqa bad ( Anas platyrhynchos ). Акхачу бедах оьрсаша "Кряква" олу. ЦIахь кхобучийл догIмаш долуш ю акха бедаш. Бедан-нIаьна хаза ю. Баьццаран бос лепаш бу цуьнан корта. Лог кIело ал бос бетталуш ю. ЗIок можа ю. ЦIоганан тIоьхуле Iаьржа ю. Когаш, можа бос а бетталуш цIиэ бу. Стиэ бад Iаьржа тIедарчий а долуш мокха ю. Акха бедаш дукху а мехкашкахь хуьлуш ю. ДIай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Iаьмнашкахь, хин бердан йистошкахь бецан тоьлгашлахь, оьрзалахь до цара банаш. ХIоьаш дан юьйлало апрель баттахь. 7-I2 хIоа до цхьана бедо. КIорнеш тIемашца гIовттало август баттахь. Екар цIахь кхобучу бедачух тера ду. Яжар хи чохь ду хина буха а ческъаш. ТIемашца йовдар чехка ду. Хи чохь карош йолу садолу хIуманаш а, кхоьбарчий а цхьацца соьналлаш а йоу цара.

[нисйé] Járźa aqa bad

Anas poecilorhyncha -Assam -India-8.jpg

Járźa aqa bad ( Anas poecilorhyncha ). Iаьржачу акха бедах оьрсаша "Черная кряква" олу. ЦIахь кхобучу бедачулла ду Iаьржачу бедан дегI. Бедан нIаьна а, стиэ бад а цхьана басахь ю, мокхачу месаш тIехь Iаьржа тIедарчий а долуш. Жимма сирло ю чукIело. ЗIок Iаьржа ю, можа йоьхьиг а йолуш. Хишца, Iаьмнашца хуьлуш ю Iаьржа акха бедаш. Баннаш дар а хин тогIешкахь ду. Май баттахь хIоьаш до 7-10.


[нисйé] Moqa aqa bad

Anas strepera pair.jpg

Moqa aqa bad ( Anas strepera ). Мокхачу акха бедах оьрсаша "Серая утка" олу. ЦIахь кхобучул дегIана жимо ю мокха акха бад. Бос мокха бу цуьнан, тIемаш ал басахь ду. Стиэ бад къорза букъ болуш ю. Некха тIехь Iаьржо бос бетталуш ю цуьнан месаш. ЗIок а, когаш а можа бу. Вуьш санна хишца, Iаьмнашца хуьлу мокха бедаш. Яккхийра гIеранаш ца хуьлу церан. Баннаш екъчу меттехь, хишна генахьо до цара.

Май бутт юккъе болуш до цара хIоьаш 7-11. ХIоьаш можа бос бетталуш, кIай хуьлу. ТIемашца йовдар чехка а, атта а ду. Яжар вукху бедийн санна хишца а, аренашца а ду.

[нисйé] Todaq

Dabao.jpg

Todaq ( Otis tarda ). Оьрсаша "Дрофа" олу тодакхах. Доккха олхазар ду иза. Корта а, гIорта а овкъаран басахь ю цуьнан. Букъ хьаьрса бу, пурхалхьаша Iаьржа сизаш - тIедарчий а долуш. ЧукIело сира ю, тIемаш кIай ду Iаьржачу месийн йист а йолуш. Боьршачу тодакхан лог кIел Iаьржа мас ю.

Тодакхаш хин тогIешкахь а, буц-аренашкахь а, хьаннийн йистошкахь а хуьлуш ю. Адамаш кIезиг лелачу меттехь до цара баннаш, жимма лаьттах кIаг а боккхий, буха хIума а ца юьллуш. Тойна апрель баттахь доккху. ХIоа шиъ я кхоъ до тодакъо. Баьццара бос а болуш, Iаьржа тIедарчий а долуш хуьлу цуьнан хIоьаш. Тойна доккхачу хенахь нIаьна юххехь ца соцу. Тойнахь Iеш йолу тодакх шен басца бецех дIаоьй хуьлу. Цундела адамийн а, акхаройн бIаьрг тIе ца кхуьу цунна. КIорнеш кхианчул тIаьхьа гIеранашца хуьлу тодакхаш. Лаьттара хьала гIовттар хала ду церан. ГIевттина евллачул тIаьхьа йовдар чехка ду. Генна хьалий, охьий кхочуьйтуш ластабо цара тIам. ХIаваэхь могIа бой ца йоьлху уьш. Даар соьналлаш а, садолу хIумнаш а, бецан хIу а ду. Уьш Iаламехь кIезиг йолу дела, царна таллар дихкина.

[нисйé] Ǵaraǵuli

Grus grus 2 (Marek Szczepanek).jpg

Ǵaraǵuli ( Grus grus ). Оьрсаша гIарагIулих "Журавль" олу. Хаза а, доккха а, когаш тIехь лекха а олхазар ду иза. БIаьста яьлча, апрель беттан деношкахь, вайна го стиглахь могIанаш дина схьаоьхчу гIарагIулин гIеранаш. Церан зевне а "къар-р-р-р! Къар-р-р-р!" бохуш гIоргIачу декаро адамийн дегнашка бIаьстенан бовха кхаъ бахьа. Гуьйранна сентябрь кхилбехьа бовхачу махка юха дIакхелха гIарагIулеш. Екхначу стиглахь Iаламан исбахьа сурт хIоттадо могIанаш хуьйцуш йоьдучу гIарагIулин гIерано а, церан зевнечу аьзнаша а.

ГIарагIулин зIок нийса а, еха а, ира а ю. ГIортош еха ю. Настарш лекха а, юткъий а ю цуьнан. ЦIога доца ду, месаш охьайирзина кхозуш а йолуш. ГIарагIулеш ялх тайпана ю вайн мехкашкахь. Церан дахар дIай-схьай кхелхаш ду. БIаьста бовхачу мехкашкара къилбаседехьа хьала йогIу уьш, гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка юха йоьлху. ГIарагIулин коьрта туьтан тIехь мас йоцуш меттиг ю. Нилхха чо а болуш. И ялхе а тайпа гIарагIули шен-шен беса ю. Масала, уггаре а йоккханиг мокхачу басахь ю тIеман йоьхьигаш Iаьржа а йолуш. Цуьнан лаг а Iаьржа ду, бIаьрга тIера охьа шина а агIор кIайн сиз а долуш. И шиъ сиз гIорта кхаччалучохь букъ тIехь вовшаххоттало. Коьртан туьтанна тIиэхьа цIиэ тIеда бу цунна. Когаш Iаьржа бу.

ГIарагIулин яхар тундрехь хьаннашкахь а, буц-аренашкахь а лаьмнашка кхаччалц ду. Боьршан, стен шиъ цхьана хуьлу гIарагIули. Баннаш дечу хенахь гIеранаш хуьлу церан. Хиш, Iаьмнаш долчу меттехь совцу уьш. Баннаш лаьттахь до цара бацах, кхин йолчу соьналлехь, оьрзалахь а, шач йолчу тоьлгашкахь а, диттан кондаршлахь а. ХIоа шиъ до гIарагIулино, вайн цIерачу котаман хIоьан кепехь. Баьццаро бос а бетталуш, цIиэ тIедарчий а долуш хуьлу цуьнан хIоьаш. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху цо. ЧIогIа ларлуш Iедал ду гIарагIулин. Адам аьттехьа гIоьртича бенара гIоттий дIайоьду иза. ТIома гIаьттина йоьдучу хенахь дIаяхйина гIорта а, тIиэхьаша дIахецна ши ког а цхьана могIара нисбо цо. Цундела хIавао доьхьало яр кIезиг ду. Баннаш дечу хенахь масех гIарагIули цхьана а кхетий рогI-роггIана охьахууш, хьалагIоттий кхиссалуш, тIемаш охьа а охкадой маьхьарий хьоькхуш "хелхар" до цара. ГIарагIулин даар борц а, горох а, кIа а, бецан хIу а, бецан соьналлаш а, садолу хIуманаш а, цхьацца акха стоьмаш а ду. Ал-басахь а, кIай а, Iаьржа а хуьлу гIарагIулеш. Iаламан хазна еш уьш хиларе терра гIарагIулеш ларо декхар ду адамийн.


[нисйé] Moqa Ǵaraǵuli

Grus grus 1 (Marek Szczepanek).jpg

Moqa Ǵaraǵuli, Мокха ГIаргIули — ( en. Crane ), (Оьрсаша Мокха гIарагIулих "Серый журавль" олу). Хаза а, доккха а, когаш тIехь лекха а олхазар ду иза. БIаьста яьлча, апрель беттан деношкахь, вайна го стиглахь могIанаш дина схьаоьхчу мокха гIарагIулин гIеранаш. Церан зевне а "къар-р-р-р! Къар-р-р-р!" бохуш гIоргIачу декаро адамийн дегнашка бIаьстенан бовха кхаъ бахьа. Гуьйранна сентябрь кхилбехьа бовхачу махка юха дIакхелха мокха гIарагIулеш. Екхначу стиглахь Iаламан исбахьа сурт хIоттадо могIанаш хуьйцуш йоьдучу гIарагIулин гIерано а, церан зевнечу аьзнаша а.

[нисйé] Hin olhazar

Porzana porzana 3 (Marek Szczepanek).jpg

Hin olhazar ( Porzana porzana ). Хин олхазарш дукха ду. Вайн махкахь хуьлуш долчех ду алкханчал жимма доккха олхазар. Оьрсаша "Погоныш" олу цунах. ТаьIначу ал басахь ду иза, букъ тIехь къорза тIедарчий а долуш. ЧукIело стигал басахь ю кIай тIедарчий а долуш. Хенашкахь кIайн, Iаьржан пурх могIанаш ду. ЗIок юххехьара цIиэ ю, йоьххьера баьццара бос а бетталуш можа ю. Когаш а баьццара бос бетталуш бу. Баннаш хин тогIешкахь, Iаьмнашкахь, оьрзалахь, бецан тоьлгашкахь, толлан кондаршлахь до цара.

Тойна май-июнь баттахь доккху. 8-10 хIоа до цо, ал басахь тIедарчий а долуш. Сарахь а, буьйсанна а тIахъолий хуьлу иза. Лелар лечкъаш ду. ТIома дадарна тIиера дац. ГIаьттина дедчи а гена далале охьа а хоий, бацалахь, я эрзалахь лечкъий, тIап олий дов. Дадар чехка ду. Баца тIехула а, гIаш тIехула а ца лела. Хи тIехь нека дар кIезиг ду. "Уитъ... уитъ... уитъ" - бохуш ду цуьнан декар. НIаьний а, кхоьбарчий а, кхин садолу хIуманаш а йоу цо.

[нисйé] Moqa hin olhazar

Burhinus oedicnemus 070403 POT.jpg

Moqa hin olhazar ( Burhinus oedicnemus ). Кхин цхьа тайпа а ду хин олхазар, даккхийра можа бIаьргаш а долуш, гIамаран басахь къорза букъ а болуш, можа зIок а йолуш. Оьрсаша "Авдотка" олу цунах. И олхазар деддачу заманчохь гучу а йолуш цхьацца гучу а йолуш цхьацца кIайн моха ю тIемаш тIехь. Хиш, Iаьмнаш долчу меттехь хуьлуш ду и олхазар. Бен гIамарлахь а, тIулган жагIи тIехь а бо цо, буха хIума а ца тосуш, жимма кIаг а боккхий. Цуьнан бен атта карош бац, я жагIи а гIамарлахь а гуш а ца хуьлу. Ца хууш, тIе ког баккха а тарло цуьнан хIоьашна. Тойна апрель баттахь доккху 2-3 кIорни хуьлу цуьнан. Стен - боьршан шишша цхьана хуьлу уьш. Гурахь гIеранаш йо. "Тар-ли-и... тар-ли-и", бохуш хуьлу цуьнан декар.

[нисйé] Ḱayn lag dolu hin olhazar

Charadrius dubius 4 (Marek Szczepanek).jpg

Ḱayn lag dolu hin olhazar, КIайн лаг долу хин олхазар — (en. Little Ringed Plover), (Оьрсаша "Малый зуек" олу цунах). Кхин цхьакха жима олхазар а ду хин берда йистошца а, Iаьмнашкахь а хуьлуш. Нийса ира Iаьржа зIок ю цуьнан. ЗIакарна тIоьхлура коьртан хьалхе а Iаьржа ю. БIаьргашна гондахьа можа хIоз бу. Когаш жижиган басахь цIиэ бу. ТIемаш Iаьржа ду, чукIело кIайн ю. "Пиу-пиу" олий дека иза. Беса тIедарчий а долуш, кегийра хуьлу цуьнан хIоьаш. Тойна апрель баттахь доккху цо. Цуьнан даар садолу хIумнаш ю.

[нисйé] Kuź bolu h́oza

Kiebitz 050424ausschnitt.jpg

Kuź bolu h́oza — (en. Northern Lapwing) (Оьрсаша "Чибис" олу цунах) Йоца зIок а йолуш, боцийра когаш а болуш ду иза. ТIемаш шуьйра ду цуьнан. Букъ баьццарчу дарийн бос бетталуш бу. ЧукIело кIайн ю. Лога кIело Iаьржа ю. Корта а Iаьржа бу, бIаьргашна гондахьара кIайн ю. Хиш, Iаьмнаш долчу тIуьнчу меттигашкахь хуьлуш ду и олхазар. Къилбехьа бовхачу мехкашка дIай-юхий оьхучех иза. Бен лаьттахь бо бецан хаьлгехь. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху. ХIоа диъ хуьлу цуьнан, мокха тIедарчий а долуш. Дадар тIемаш ваьштадохкий охьадогIуш, чехка тIемаш тухий айлуш, хьалий-охьий ийлуш ду. Адам юххе гIоьртича цунна чу а хехкалуш бен чIогIа ларбо. Садолу хIумнаш йоу цо.

[нисйé] Ćiékogaşberg

Rotschenkel (Tringa totanus) 01.jpg

Ćiékogaşberg, ЦIиэкогашберг — (en. Redshank), (Оьрсаша "Травник" олу цунах). Кхин цхьа тайпа а ду вайн кхузахь хуьлуш хин олхазар. Хи чохь нека дан а хууш хин йистошка хуьлуш долчух олу хин олхазар. Царех ду кхин цхьакха тайпа олхазар цIиэ когаш а болуш. Ехийра ю цуьнан настарш. ЗIок ира а, нийса а ю цуьнан. Букъ мокха бу луьста Iаьржа тIедарчий а долуш. Чукъело кIай ю, цIога а тIоьхлара кIай ду цуьнан. Шина а тIома тIехь кIайн моханаш ю, гIаьттича гуш. ЗIок юххера цIиэ ю. Хин берда йистошкахь Iаьмнашкахь, тIуьнчу тогIешкахь ду цуьнан дахар. Бовхачу махка дIай-схьай доьлхачех ду иза а. Цхьайолчу меттигашкахь яккхийра гIеранаш хуьлу церан. Бецан тоьлгашлахь до цара баннаш. ХIоа диъ хуьлу тIехь тIедарчий а долуш. Тойна май баттахь, июнь юккхе кхаччалц а йолчу хенахь доккху. Декар "тю-ли, тю-ли", бохуш ду.

[нисйé] Ćoga lesto hin olhazar

Actitis hypoleucos 1 tb (Marek Szczepanek).jpg

Ćoga lesto hin olhazar, ЦIога лесто хин олхазар — (en. Sandpiper), (Оьрсаша "Перевозчик" олу цунах.) Бовхачу махка дIай-схьай кхелхачех кхин цхьакха а ду вайн махкахь хуьлуш хин олхазар. Букъ мокха бу цуьнан, чукIело кIайн ю. Кхоьчу хин олхазарийчул йоцо ю зIок. Когаш а церачийл боцийро бу. Хин тогIенашкахь Iаьмнашкахь хуьлуш ду и тайпа олхазарш. Хин берда йистошца, оьрзалахь а, гIамаран гIайреш тIехь а до цара баннаш, лохо кIаг а боккхий, цу чу екъа бецаш а йохкуш. Бен къайлехь хуьлу цуьнан я куллан кондарна кIелахь, я бецан тоьлга кIелахь. ХIоьаш жимма цIиэ бос а бетталуш, цIиэ тIедарчий а долуш хуьлу. 4 хIоа до цо. Додачу хенахь "ти-ти-ти-ти", "пюи-пюи" олий дека иза. Цхьаъ ша хуьлу иза, баннаш ден хан кхаччалц. Дукха хьолахь хи юккъерчу гоьрга тIе я чалхаш тIе хоий Iа иза, цIога а лестадеш. Хи тIоьхула дадар цкъа тIемаш ваьшта дохкуш, тIаккха чехка уьш ластош, хьалий-охьий ийлуш ду цуьнан. Садолу хIумнаш йоу цо .

[нисйé] Árzu

Aquila chrysaetos Flickr.jpg

Árzu, Аьрзу — (en. Aquila (genus)), (оьрсаша "Орел" олу), Аьрзу уггаре а доккха олхазар ду. Аьрзунийн ворхI тайпа ду. Вайн махкахь хуьлаш ю царех цхьаерш. Ламанан аьрзу. Йоккха аьрзу ю иза. Ал-Iаьржа бос бу цуьнан. МIараш яккхийра ю. Онда ю зIок а йоьххьера охьа а хьаьвзина. Ламанца а, охьанехьа хьаннашкахь а хуьлуш ю иза. Iер, дахар цхьана меттехь хуьлу. Я ижонна, я кхоьчу бахьнашца меттигаш а хуьйцу. ТIекхача аьтту боцчу ламанан даккъашкахь, диттийн генех бо ца бен. Чу мас а, кхин кIеда хIума а юьллуш тобо цо иза. Цхьаъ я шиъ бен ца до цо хIоа. Апрель баттахь тойна хоу. Екар-аз гIоргIа ду "кхекъ-кхеъ-кхеъ". Ижонна пхьагал а, цхьогал а, кхин долу экха а, олхазар а лоцу цо.

[нисйé] Arenaşkara árzu

Aquila nipalensis 4.jpg

Arenaşkara árzu, Аренашкара аьрзу — (en. Steppe Eagle), (оьрсаша "Степной орел" олу), Аренца а хуьлу аьрзу, Iаьржачу басахь. Бен синтарех бо цо. Бен кIадбеш чуйохкий хуьлу, кхакханан кердигаш, бехчалгаш, месаш. Бен чан я элан рогIа тIехь а, лекхчу гу тIехь а бо цо. Тойна апрель-май беттанашкахь доккху. Шиъ я кхоъ хуьлу кIорни. Телеграфни бIегIнашна тIехь а чан рогIа тIехь а хевшина Iаш хуьлу уьш. Адамех къахкар вукху аьрзунийн санна дац. Дикка герга гIортталц дIа ца йоду аренгара аьрзу. Ижонна таллар - гIаьттина йоьдуш а хиъна Iеш бIаьрг кхарстош а ду. Дехкий а, ялташна зуламе садолу хIуманаш а яарна пайдехь лерина аренгара аьрзош.

[нисйé] Ḱayn korta bolu árzu

Eagle beak sideview A.jpg

Ḱayn korta bolu árzu, КIайн корта болчу аьрзу — (en. Griffon Vulture), (оьрсаша "Сип белоголовый" олу) И тайпа аьрзунаш кIезиг ю. ДIайовш лаьтта уьш. Бос мокха бу цуьнан, чукIело хьаьрса ю. Лаг дерзина ду, кIайчу дон кач бу логехь. ТIемаш дIа-схьа даржичи 2,5 метр ду.

Уьш хуьлу меттигаш Средиземный хIорд Юккъера а Жима Ази, Иран, Афганистан, Пакистан, Крым, Кавказ. Вайн лаьмнашкахь а хуьлу и тайпа аьрзу. Уьш дукху а йолчу хенахь гIеранаш хуьлура. ХIинца цера гIеранаш яц. Баннаш адам тIе ца кхачалучу меттигашкахь, ламанан лекхачу даккъашкахь, тIулган, мокхазан чхерашкахь до цара. Баннаш даккхийра хуьлу, дечиган синтарех дой. Февраль баттахь доккха кIай цхьа хIоа до цо. Тойнахь цхьана баттахь, кхаа кIирнахь Iа (50-52 дийнахь). КIорни кхаа баттахь эха баттахь кхуьу. Деллачу акхаройн, бежнийн дилх доу цара. ХIаваэхь тIам ца ластош гонаш туьйсу цо. ТIемаш хьалагIоттош хIаваэ хьала яллалц бен ца лестадо цо. ХIаваэхь дукха лакхахула кхерста иза тIам ца ластош. Шарой-Органехь, ЧIаьнти-Органехь бен гуш яц уьш. Цигахь гуш билгалъяьлларг иттех бен яц. Уьш доь ца дайта ларо езаш ю.

[нисйé] Járźa árzu

Aegypius monachus.jpg

Járźa árzu, Iаьржа аьрзу — (en. Cinereous Vulture), (Оьрсаша "Черный гриф" олу), Шуьйра, дехий тIемаш а долуш, йоккха аьрзу ю иза. Коьрта тIехь мокха до ду цунна. ГIорта ерзина ю. Сийна бос болуш ду дерзина лаг. И лаг дегIах дIахотталучохь мокхачу месийн кач бу. Горга ю цуьнан зIакартIера мерIуьргаш.

Яхар ламанца а, ламанан лахенца а ду. Iер цхьана меттехь а, дIай-схьай кхалхарца а ду. Дукха яц и аьрзош. Елла бежна, я говр йолчохь цхьакIеззиг цхьана кхета уьш. Баннаш ламанан даккъашкахь до цара. ХIоа цхьаъ до март баттахь. Ижо лоху вуно лакхара охьа а хьоьжуш, тIам ца ластош, хIаваэхь го а туьйсуш. Церан коьрта даар еллачу хIуманан дилх ду. Цундела "декъий дуург" олу цунах. КIезиг уьш хиларна ларо хьакъ долуш ю и аьрзу.

[нисйé] Láh́arçiy duu árzu

Zoo 8.jpg

Láh́arçiy duu árzu, Лаьхьарчий дуучу аьрзу — (en. Short-toed Eagle), (оьрсаша "Змееяд" олу), Дехийра тIемаш а долуш, боккха корта а болуш олхазар ду иза. Букъ Iаьржа бу цуьнан, моккха бос а бетталуш. ЧукIело кIай ю Iаьржа хийцалуш томмагIнаш а долуш. ТIемийн йоьхьигаш а Iаьржа ю. Цуьнан цIоганан дохалла 3-4 сиз ду. БIаьргаш можа а, баккхийра а бу. Месаш нилха а до долуш а ю. ТIемаш дIай-схьай даржичи I,8 м.

И тайпа аьрзунаш ю Европан декъехь а Къилбаседехьа Ленинграде а, Рыбинске а, Казани а кхаччалц, Сибрехьа къилбаседа-малхбузехьа кхаччалц болчу мехкашкахь а, Юккъерчу Азехь а, Кавказехь а, Закавказехь а, дозанал дехьа къилбехьа Европехь а, Африкехь а къилба-малхбузехьа Азехь а. Вайн Нохч-ГIалгIайн республикехь и тайпа аьрзунаш ю ламанца а, лаха аренашкахь а, хьаннийн хотешкахь а, хин тогIешкахь а. Баннаш нилха синтарш а дохкуш , диттийн баххьашкахь до цара. Цхьа хIоа до апрель я май баттахь. Иза кIай хуьлу. Тойна 45 дийнахь доккху. КIорни хIоьачуьра схьаяьккхинчул тIаьхьа шиъ бутт баьлчи, тIемашца гIотту. Ядар атта ду цуьнан. ХIаваэхь тIам ца ластош готуьйсу цо. Ижонна лаьтта охьа хьоьжуш, тIемаш а лестош, цхьана меттехь лаьтта иза. ТIома гIаьттина иза йоьдучу хенахь, дика го некъа тIехь Iаьржа томмагI. Екаран аз дахдеш ду. Масала, иштта "хиий-о". Цуьнан коьрта даар лаьхьарчий ду. Наггахь моьлкъа а боу цо, пхьид а йоу. Уьш кIезиг хиларна ларо езаш ю.

[нисйé] Maź yolu árzu

Bartgeier Gypaetus barbatus front Richard Bartz.jpg

Maź yolu árzu, Маж йолчу аьрзу — (en. Bearded Vulture), (оьрсаша "Бородач" олу).

Йоккха аьрзу ю иза готтийро деха тIемаш а долуш, деха йIога а долуш. ЧIениг кIел морсачу месийн маж ю цуьнан. Настаршна тIехь а, пIелгашна тIе кхаччалц месаш ю. Букъ Iаьржа бу. ЧукIело сирло ю, ал бос а бетталуш. Корта кIай бу, бIаьргашна тIоьхула Iаьржа томмагI а долуш. Шок етташ санна ду цуьнан екаран аз.

Уьш хуьлу Кавказан лаьмнашкахь, Юккъерчу Азехь, Алтайхь, дозанал арахьа кхилбехьарчу Европехь, Африкехь. 5-6 шо кхаччалц кIорни ца доккху маж йолчу аьрзуно. Стен, боьршан ши аьрзу даиманна цхьана хуьлу. Баннаш адам тIе ца кхочехь, ламанан даккъашкахь, мокхазан, тIулган бердашкахь до цара.

Маж йолчу аьрзунан бен боккха хуьлу, цхьа метр стомма а ши метр го болуш а. Баннаш до диттийн генех, кердагех, тIергах. И цхьа бен дукху а шерашкахь лаьтта. ХIоьаш 1 я 2 хуьлу ал басахь, мокха тIедарчий а долуш. Шина, кхаа баттахь гIовтту кIорнеш. Ижонна таллар хIаваэхь го туьйсуш ду. Еллачу бежанан дилх а, даьIахкаш а, акхарой а, олхазарш а доу цо.

[нисйé] Ḱayn ćoga dolu árzu

Seeadler-flug.jpg

Ḱayn ćoga dolu árzu, КIайн цIога долу аьрзу — (en. White-tailed Eagle), (оьрсаша "Орлан-белохвост" олу).

КIайн цIога долу аьрзу яккхийрчех аьрзу ю. Цуьнан цIога дечиг йоькъачу зайлан кепехь ду. Бос мокха бу, кортий, лахара деггIий жимма сирло ду цуьнан. ЦIога кIайн ду, зIок можа ю.

Тундрера дуьйна есачу аренашка, лаьмнашка кхаччалц массо а мехкашкахь ю и тайпа аьрзунаш.

Церан дахар хIурдан йистошкахь, хин бердашкахь, тогIешкахь, ламанийн даккъашкахь ду. Iа доьлчи къилбаседехьара йовхачу метте охьайогIу уьш. Иштта ду церан дIай-схьай кхалхар. Яккхийра шелонаш йоцчохь цхьана меттехь ду церан дахар. Диттийн генех, синтарех боккха бен бо оцу аьрзуна доккхачу диттан боьххьехь. Дуккху а шерашкахь оцу цхьана бенахь йоху цо кIорнеш. Бен атта дIа ца тосу цо шена адамаша новкъарло ца йичи. Бен бар доладо март-апрель баттахь. ХIоа 2-3 до. КIайн хуьлу уьш. Ларлуш ю иза. Адама герга ца кхочуьйту. Дукъа лекха хьалайолий дац цуьнан хIаваэхь хьийзар. Лахахула хIаваэхь го туьйсуш лоху цо ижо: моьлкъарчий, дехкий, чIерий, пхьагалаш, акха бедаш, кхин долу олхазарш. Ламанан чхар тIехь, я дечиган юьхка тIехь хохий а Iа иза ижо ларош. Вукху аьрзунийчул ядар хала ду цуьнан. Екаран аз иштта ду "кра-кра-кра!" я "кий-кий-кий!". ЗIок йоккха хиларна а цIога кIай хиларна а, кхоьчу аьрзонех къаьсташ ю иза.

[нисйé] Moźa besnaş yolu árzu

Schmutzgeier (Neophron) 01.jpg

Moźa besnaş yolu árzu, Можа беснеш йолу аьрзу — (en. Egyptian Vulture), (оьрсаша "Стервятник" олу). Шуьйра, деха тIемаш а долуш йоккха аьрзу ю иза. МIараш аьрта ю. ЗIок кIезиг чухьаьвзина еха ю. Беснеш цIиэ бос а бетталуш можа ю, тIехь чо а боцуш. КIесаран кIог тIера гIортанна го боккхуш месийн кач бу. Аьрзу ша кIай ю, тIемаш - йоьххьера Iаьржа ду. ДIай-схьай даржийчи 1,7 м шуьйра ду.

Кавказан лаьмнийн къилбаседехьа йолчу агIор ю и тайпа аьрзунаш. Вайн махкахь наггахь бен гуш яц и тайпа аьрзу. Уьш хуьлу Юккъерчу Азехь а, Казахстанехь а, Закавказехь а. Дозанал арахьа Къилбехьа Европехь а, Жимчу Азехь а, Юккъерчу Малхбалехь а, Индехь а, Африкехь а. Вайн республикехь и тайпа аьрзу тосало Макажахь, Итон-Кхаьллахь, Ялхарахь, ГаланчIожахь, Таргимехь, Джейрахахь. - Баннаш до ламанан даккъашкахь шишша цхьана хIуттий. Бен тобеш, кхакханан кердигаш, тIаргIа я кхин йолу кIеда хIумнаш йохку буха. ХIоа шиъ до, мокха тIедарчий а долуш. ХIоьаш апрель баттахь до. Тойна май баттахь доккху. Июль бутт чекхболлуш гIовтту кIорнеш. Ижу лоху хIаваэхь тIоьхула хьийзаш, я ламанан даккъаш тIе хоий гондахьа бIаьрг кхарстош. Даар еллачу хIуманийн дилх, лаьхьарчий, моьлкъарчий ду.

[нисйé] Moźa t́úska yolu árzu

Kaiseradler Aquila heliaca 4 amk.jpg

Moźa t́úska yolu árzu, Кешнашкахь хуьлу аьрзу — (en. Eastern Imperial Eagle), (оьрсаша "Могильник" олу). Шуьйра тIемаш а долуш йоккха аьрзу ю иза. ЦIога доца ду цуьнан. Бос мокха бу. Бос таьIIана-мокха хиларна Iаьржо ю ала мегар долуш ю иза. Коьртан тIуьска можа ю цуьнан. Белашкахь кIайн тIедарчий ду. МIараш дартананчул кегийра ю. ТIемаш дIай-схьай даржийчи 2 метр гергга ду.

И тайпа аьрзунаш ю вайн мехкан хьаннашкахь, буц-аренашкахь Малхбалехьа Байкал Iома тIе кхаччалц йолчу меттигашкахь, Юккъерчу Азехь, цуьнан къилбаседехьарчу дазоне кхаччалц Закавказехь, Туркменехь, Таджикистанехь. Дозанал арахьа малхбузе Европехь, Къилбаседа-Малхбузехьа агIор Африкехь, Жимчу Азехь, Иранехь. Вайн республикехь и тайпа аьрзунаш лаха аренашкахь хуьлу. Шишша цхьана хуьлу уьш. Баннаш синтарех до, диттийн баххьашкахь. ХIоьаш апрель баттахь до I-3. Мекханан басахь ал тIедарчий а долуш кIай хуьлу хIоьаш. Тойна 45 дийнахь доккху стен а, боьршан а аьрзу рогI-роггIана тIе а хуьйшуш. КIорнеш бенара гIовтту июль бутт чекхболуш я август бутт болалуш. Церан даар: пхьагалаш, дехкий, олхазарш - еллачу хIуманийн дилх ду. Вайн республикехь кIезиг ю уьш. Шелковской, Наурский, районехь наггахь тосало и тайпа аьрзу.

Йолу меттиг билгал а йоккхуш ларо еза уьш.

[нисйé] Darta

GoldenEagle-Nova.jpg

Darta, Дарта — (en. Golden Eagle), (Оьрсаша "Беркут" олу). Готтийро тIемаш а долуш, деха цIога а долуш йоккха аьрзу ю иза. И тайпа аьрзунаш ю дозанал арахьа Малхбузехьа Европехь а, Азехь а, Гималайна къилбаседехьа агIор а, Къилбаседехьарчу Iамерикехь. Вайн Нохч-ГIалгIайн республикехь а ю дарта-аьрзунаш. Баннаш а дина тойна доккхачу хенахь ламанца хуьлу уьш. Цул тIаьхьа лаха аренашкахь а, хьаннашкахь, хин тогIешкахь массо а меттехь хуьлу. Наггахь бен гуш яц уьш.

Баннаш адам тIе ца кхочехь ламанан даккъашкахь, я лекхачу диттийн баххьашкахь до цара. Даимана шишша цхьана хуьла дарта - стен, боьршан. Дарта тойна даккха йолало 4-5 шо кхаьччи. Бен дакъаделлачу диттийн синтарех бо цо. ХIоьаш март-апрель баттахь до I-2. КIай хуьлу уьш, ал бос бетталуш цIиэ тIедарчий а долуш. Тойна 45 дийнахь доккху. 2 бутт баьлчи йовддург хуьлу кIорнеш. Даар котамаш, кхин долу олхазарш, пхьагалаш, цхьогалаш ду церан. Iай еллачу бежанийн дилх доу цара.

Вайн республикехь наггахь бен яц дарта. ЧIаьнтийн-Органе новкъахь шиъ тосаелла, Рошничохь цхьаъ, Эвтар юьртана лакххьа цхьаъ тосаелла. Теркал дехьа гIамаран аренашкахь шишша цхьана йолуш итт гина. Ламанан лакхенашкахь Таргим олучу меттехь шиъ тосаелла. Ламанца баннашкахь 10-12 тосаелла. Уьш кIезиг хиларна ларо езаш ю. Мегар дац и тайпа аьрзунаш йолчу метте дIовш дилла а гур богIа а.

[нисйé] Ǵirǵa

Milvus migrans 2005-new.jpg

Ǵirǵa, ГIиргIа — (en. Kite (bird)), (оьрсаша "Коршун" олу). ГIиргIанаш бес-бесара хуьла, таьIIана ал басахь тIемаш долуш, чукIело къорза йолуш а. Йоьххьера хадийчи санна нийса а, деха а цIога, готто тIемаш долуш. Уьш хуьлу ялтийн аренашца а, хин бердан йистошца а, хьаннашкахь а. Баннаш до дитташ тIехь, ламанан даккъашца тIулган чхарийн херонашкахь. Бен тобеш буха йохку бехчалгаш, кхакханан кердигаш, тIаргIа, кхин йолу кIеда хIумнаш. ХIоьаш до апрель бутт чекхболлуш - май бутт болалуш. Шиъ я кхоъ хIоа до гIиргIано мокха тIедарчий а долуш. Цкъацкъа гIеранаш йой а лела гIиргIанаш. Декар терсаш ду. Генаро дека хезчи бокъан терсарх теро хета. Ижо лахар лакхара охьа бIаьрг тухуш ду, наггахь бен тIам ца ластош, цхьана метта го туьйсуш. Иштта хIаваэхь го туьйсуш генна дIадоьду гIиргIа. Церан даар ду къиэелла хIума, хе юьстахтесна белла чIара. Цара дехкий а, моьлкъарчий а доу. Кхеллеш, нехаш дIакхиссанчохь а карадо царна напгIа.

[нисйé] Járźa ǵirǵa

Milvus migrans govinda.jpg

Járźa ǵirǵa, Iаьржа гIиргIа — (en. Black Kite), (оьрсаша "Черный коршун" олу). Доккха олхазар ду иза, готтиро тIемаш а долуш. ЦIога йоьххьера жимма шалго дирзина ду, тукарца хадош юкх чу яьхьчи санна. Генара бIаьрг кхетчи Iаьржа хеталуш бу цуьнан бос. Цундела "Iаьржа гIиргIа" олу цунах. Амма цуьнан бос таьIна ал бу. ЧукIело хьаьрса ю, таьIна ал тIедарчий а долуш. Корта басна сирло бу. И тайпа гIиргIанаш хуьлу Европехь, Азехь, Африкехь, Мадагаскарехь, Индо-Австралийски архипелагехь, Австралехь. Вайн Нохч-ГIалгIайн республикехь а ду и тайпа гIиргIанаш, массо а меттехь бохург санна. Бакъду, ламанийн даккъашкахь ца хуьлу уьш. Хин тогIеш, Iаьмнаш долу меттигаш еза царна. ГIалина а, ярташна а гергахьа даан напгIа долчохь хуьлу уьш. ДIай-схьай кхелхаш олхазар ду иза. Вайн махка схьадогIу февраль-март баттахь. Баннаш диттийн баххьашкахь до. Бен тобеш тIаргIа а бехчалгаш а кхин тайпа кIеда хIуманаш а йохку. ХIоьаш апрель баттахь до 2-3. Мокха тIедарчий а долуш, кIай хуьлу хIоьаш. КIорнеш июль баттахь бенара гIовтта. Сентябрь, октябрь баттахь бовхачу махка дIакхелха уьш. Лаккха хIаваэхь готуьйсуш лоху цара ижу. Еллачу бежнийн, кхин йолчу хIуманийн дилх, кегийра олхазарш, дехкий, моьлкъарчий, лаьхьий доу цара. Ялтийн хасстомийн аренашка тухучу дIовшо хIаллакдо уьш. Юьртабахамна пайдехь а хиларна, кIезиг а хиларна ларо дезачех ду Iаьржа гIиргIа.

[нисйé] Ćiéna ǵirǵa

Milvus milvus R(ThKraft).jpg

Ćiéna ǵirǵa, ЦIиэн гIиргIа — (en. Red Kite), (оьрсаша "Красный коршун" олу). ЦIиэн гIиргIа вукха тайпанел онда ду. Букъ ал бу цуьнан. ЧукIело сирла лепаш цIиэ бос бетталуш ю. Цундела "цIиэ гIиргIа" олу цунах. ЦIога, йоьххьера тукарца хадош юкъ яьккхачи санна, шалга ду цуьнан.

Дахар хьаннашкахь, хьуьнан-кортехь ду, церан. Баннаш диттийн баххьашкахь до цара. ХIоьаш апрель бутт чекхболуш до шиъ я кхоъ. ТIедарчий долуш къорза хуьлу уьш. Декар хIокху кепара ду: "Къий-я!" "Къий-къий-къий-къий-я!". Цуьнан даар моьлкъарчий, лаьхьарчий, дехкий кегийра олхазарш ду. Къиэеллачу хIуманан дилх а доу цо.

[нисйé] Zjugarçiy yuu ǵirǵa

Trzmielojad Pernis apivorus.jpg

Zjugarçiy yuu ǵirǵa, Зlугарчий йуу гlиргlа — (en. Honey Buzzard), (оьрсаша "Осоед" олу). Деха цIога а долуш, готтий тIемаш а долуш, лечанах тера гIиргIа ду иза. Букъ мокхачу басахь бу цуьнан, чукIело сирло ю, ал тIедарчий а долуш. Декаран аз иштта ду: "кии-е!" я чахко "ки-ки-ки-ки! " Европехь хьаннаш йолчу меттехь а, буц аренашкахь а, Малхбузехьа Сибрехахь а, Жимчу Азехь а вайн лаьмнашкахь а, лахарчу аренашкахь а ду и тайпа гIиргIанаш. Баннаш лекхачу диттийн баххьашкахь до цара. Май бутт болалуш до цара баннаш, шен гIашца схьадаьхначу диттийн маргIалех. ХIоа I-2 до жимма цIиэ хеталуш ал басахь хуьлу уьш. КIорнеш дас, нанас шиммо а кхобу. Гурахь октябрь баттахь кхузара йовхачу метте дIакхелха уьш. БIаьста апрель баттахь юха догIу. Даар накхаран мозий, зIуганаш, церан кхоьбарчий.

[нисйé] Kúyra

Accipiter gentilisAAP045CA.jpg

Kúyra, Куьйра — (en. Accipiter gentilis), (оьрсаша "Тетеревятник" олу). Куьйранаш а хуьлу бес-бесара. Къийгал доккха, букъ тIера сиро бос болуш, мокха, корта таьIночу басахь болуш, кIай цIоцкъам долуш, чукIело сирла а, пурхалхьа луьстта Iаьржа сизаш долуш а ду цхьа шамайпа куйра. Дахар цхьана меттахь а, дIай-схьай кхелхаш а ду. Баннаш дечагийн баххьашкахь до цара.

  • ХIоьаш кIай хуьлу кхоъ я диъ. Диэкар зевне ду "къяк-къяк-къяк" я "хи-хи-хи". ТIемаш доцийро ду, цуьнан цIога деха ду. Оцо аьтту бо дадар сихдан а, дитташ юккъехулу дIай-схьай дерза а, дедда доьддушехь хьоза лаца а. Куьйрано котаман кIорнеш а луьйцу, кхокха а лоцу, беца-меъ а, лекъ а, кхин долу олхазарш а, дийнаташ а луьйцу. Адамех ларлуш а, къаьхкаш а ду иза.

[нисйé] Źima kúyra

Źima kúyra 1.jpg

Źima kúyra (en. Accipiter brevipes), (оьрсаша "Тювик" олу). Кхокханалла ду иза. КIай ю цуьнан логакIело. БIаьргаш цIиэ ду. Хаьндарг йолчуьра дуьйна чукIело албасехь ю, пурхалхьа юткъий Iаьржо моханаш а йолуш. Дахар буц-аренашкахь а, хьаннийн хотешкахь а, хин тогIешкахь а, бошмашкахь а ду цуьнан. Цхьана меттера кхоьчахьа кхелхаш ду иза. Бен дитта тIехь бо цо. ХIоьаш жимма сийна бос а бетталуш кIай хуьлу.

Тойна май бутт чекхболуш, июнь бутт болалуш доккху. Кхоъ я диъ кIорни доккху цо. Декар дахдой хуьлу "тью-ю-вик, тью-ю-вик" бохуш. Цундела аьлла цунах оьрсаша "тювик". Дехкий, моьлкъарчий, кхин йолу садолу хIуманаш йоу цо. Ялташна зуламе, садолу хIумнаш цо яарна пайдехь лоруш олхазар ду иза. Цундела уьш хуьлучу меттехь дIовш тийсар дика дац. ДIовшо бийна дахка а кхин йолу садолу хIума а йиъчи иза ле.

[нисйé] Q́orza kúyra

Spurvehoeg.jpg

Q́orza kúyra ( Accipiter nisus ). Къорза чукъело йолу куьйра кхокханал жима ду.Оьрсаша "Малый перепелятник" олу цунах. Боьршачуьнан букъ овкъаран басахь бу, чукIело хьаьрса ю, пурхалхьаша кIай сизаш а долуш. ЦIога а пурхалхьа шуьйро моханаш йолуш ду. БIаьргаш можа ду цуьнан. Дахар хин тогIешкахь ду. ДIай-схьай кхелхаш а, кIезгачех а олхазар ду иза. ХIоьаш июньехь до диъ я пхиъ. ХIоьаш цIиэ тIедарчий а долуш кIайн хуьлу оцу олхазаран. Цуьнан даар кегийра олхазарш ду. Кхин цхьа тайпа а ду куьйра. Оьрсаша "Перепелятник" олу цунах. ТIемаш таьIначу ал басахь ду. Логера дуьйна охьа накха а чукIело а, пурхалхьа кIайн, хьаьрсан сизаш а долуш къорза ю цуьнан. Стечуьнан таьIна ал бос болуш ю. БIаьргаш можа ду.

Дахар хин берда йистошкахь, хин тогIешкахь, хьаннийн кортошкахь ду. Бакъду, луьста юькъа хьаннаш ца еза царна. Цхьана меттехь ду церан дахар. Цхьацца новкъарлонаш йичи дIай-схьай а кхелха уьш. Баннаш дитташ тIехь до цара. ХIоьаш кхаанне тIера ялхан тIе кхаччалц до. ХIоьаш кIай хуьлу, цIиэ тIедарчий а долуш. Тойна июнь баттахь доккху. Даар вукха куьйранийн санна ду. Декар чIогIа зевне ду: "къив-къив-къив-къив!" Кегийра хьозий цо дайарна зуламе лоруш олхазар ду иза.

[нисйé] Ḱayn kúyra

Ḱayn-kúyra-1.png

Ḱayn kúyra, КIайн куьйра — (инглс. Pallid Harrier, оьрс. Степной лунь). Ялтийн аренашкахь, буц-аренашкахь хуьлуш ду иза. Бен латтахь, я бецан тоьлга тIехь бо цо. ХIоьаш апрель-май баттахь до 4-6 стиглан бос бетталуш кIай. Додуш чехка дац иза. Боьрша куьйра хIаваэ лекха хьала а долий агIу а берзабой бен болчухьа чухахкало. Аз декаш ду: "пир-р-р", "гик-гик-гик".

Цуьнан даар дехкий, моьлкъарчий, кхин йолу садолу хIуманаш ю.

[нисйé] Leça

Falco peregrinus nest USFWS.jpg

Leça ( Falco peregrinus ) Оьрсаша лечанах "Сокол" олу. Вай ламанан леча олу, лаьмнашкахь леча хуьлу дела. Амма леча лахарчу аренашкахь а, хьаннашкахь а хуьлуш ду. Ира а, деха а ду цуьнан тIемаш. ЦIога деха ду цуьнан. Когаш тIехь месаш яц. ЗIок хIотталучохь чохчаман шед бу. Ядар сиха ду, чехка тIам а тухуш. ХIаваэхь накха тухий дожадо цо муьлхха а олхазар, къиг а, бад а, кхокха а. Бен ламанан даккъашкахь тIулган бердашкахь бо лесано. Дукха хьолахь кхоьчу олхазаран бен схьабоккху цо. ХIоьаш апрель-май баттахь до я шиъ, я кхоъ, я диъ. ХIоьаш, цIиэлла а етталуш, ал басахь хуьлу. Iаьржа а, сира а, бероза а, ал а бос болуш хуьла лечарчий. БIаьргаш кIелахь Iаьржа томмагI хуьлу цунна микх ду а моьттур долуш. Когаш можа бу. Леча - олхазар зуламе лерина дац. Цундела иза ларор вайн декхар ду.

[нисйé] H́arǵa

Common raven by David Hofmann.jpg

H́arǵa ( Corvus corax ). ХьаргIа Iаьржа ю. Оьрсаша "Ворон" олу цунах. Вай Iаьржачу хIуманна олуш ду "хьаргIа санна Iаьржа". Сийна кIур билличи санна Iаьржа бас лепа цуьнан. Цхьана меттахь а, дIай-схьай кхелхаш а ду церан дахар. Баннаш дечу хенахь шишша цхьана хуьлу уьш. Важа йолчу хенахь гIеранашца хуьлу. Яжар лаьттахь ду церан. Баннаш дитташна тIехь до. ХIоьаш 4-5 до хьаргIано. Баьццара бос а бетталуш, мокха тIедарчий а долуш, сийна хуьлу уьш. Аз гIоргIа ду церан "къар-р-р" бохуш. ХIоьаш март-июнь баттахь до.

[нисйé] Qallaq́

Corvus cornix -perching-8.jpg

Qallaq́ ( Corvus cornix ). Кхаллакъ олу корта а, хаьндарг а, тIемаш а, цIога а, Iаьржа а долуш, дегI сира а долуш йолчу йоккхачу къийгах. Оьрсаша "Ворона" олу цунах. ЗIок стомма а, еха а ю цуьнан. Ялтийн аренашкахь а, хьаннашкахь а хуьлу уьш. Iаьнан заманчохь ярташна, гIалина гергахь еха уьш. Цхьана меттехь ду церан дахар, гена дIай-схьай ца кхелхаш. Яжар лаьттахь ду. Баннаш дитташна тIехь до. ХIоьаш 5-6 до апрель-май баттахь. Баьццаро бос а бетталуш стигалан басахь хуьлу уьш, мокха тIедарчий а долуш. Екар зевне ду "кра-а, кра-а" бохуш.

[нисйé] Q́ig

Corvus frugilegus -Dartmoor, Devon, England-8.jpg

Q́ig ( Corvus frugilegus ). Оьрсаша къийгах "Грач" олу. Бос Iаьржа бу цуьнан, сийна кIур биллачи санна лепаш. ЗIакарна юххехь кIай томмагI хуьлу цуьнан. Буц-аренашкахь, ялтийн аренашкахь, нилхачу хьаннашкахь ду церан дахар. Iаьнан заманчохь ярташна, гIалина гергахь хуьлу уьш, яккхийчу кIеранашца. Цхьана меттахь еха уьш гена дIай-схьай ца кхелхаш. Яжар лаьттахь ду. Баннаш дитташна тIехь до. ХIоьаш апрель-май баттахь до 5-6 баьццаро бос а болуш, стигалан басахь, мокха тIедарчий а долуш. Екаран аз гIоргIа ду "крааа-крааа" бохуш. Ялташна зуламе йолу садолу хIуманаш а, кхоьбарчий а цара яарна пайдехь лору къиг.

[нисйé] Çovka

Jackdaw - up close and personal (552502080).jpg

Çovka ( Corvus monedula ). Човканах оьрсаша "Галка" олу. Коьрта тIера а, гIорта а сира ю цуьнан. Важа долу дегI Iаьржа ду кIур биллича санна сийна бос а лепаш. Нилхачу хьаннашкахь а, хин бердашкахь а, аренашкахь а хуьлу уьш. ДIай-схьай кхелхаш ду церан дахар. Цхьана меттехь совций а еха уьш. Яккхийра гIеранаш йой а лела уьш. Баннаш дитташ тIехь а, дичиган харанаш чохь а до. Бердах а доху цара баннаш. ХIоьаш апрель-июнь баттахь до 4-6. Стигалан басахь, баьццара бос а бетталуш, мокха тIедарчий а долуш хуьлу уьш. Екар "кха-а, кха-а" бохуш ду.

[нисйé] Q́orzaq́ig

Sroka Pica Pica II.jpg

Q́orzaq́ig ( Pica pica ). Къорзакъийгах оьрсаша "Сорока" олу. Киртигаш а йолуш, деха ду цуьнан цIога. ДегI вукха къийгийчулла ду. Корта а, гIорта а, некха хьалхе а Iаьржа ю. Букъ а, цIога а, тIемаш а Iаьржа ду, кIур биллича санна лепаш. ЧукIело а, тIемаш долчу тIоьхлара а кIай ю.

Кегийрачу хьаннашкахь, диттийн кондаршкахь, бошмашкахь хуьлуш ю кърза-къийкаш. Нехан бошмашкахь а, некъаца доьгIначу дитташца а хуьлу уьш. Яккхийра хьаннаш ца еза царна. Цхьана меттехь Iер долуш а, дIай-схьай кхелхаш а ду церан дахар. Цхьаъ ша а, шишша цхьана а хуьлу уьш. Ядар хала ду къоркъийган, чехка доцийра тIемаш а лестош. Лаьттахула цIога ирах а дохийтий йолало иза. Баннаш дитташна тIехь а, диттан кондаршна тIехь а до цара, тIоьхула тхов а беш. ХIоьаш апрель-июль баттахь до 5-8. Сийно-баьццара бос а болуш, мокха тIедарчий а долуш хуьлу церан хIоьаш. Екаран аз зевне гIаргIаш беш ду.

[нисйé] Buh̗a

Long-eared Owl-Mindaugas Urbonas-1.jpg

Buh̗a ( Asio otus ). БухIанах оьрсаша "Сова" олу. Вайн махкахь I2 тайпа ю бухIанаш. Куц а, хатI а, бос а хилар I8 кепар ду. БухIанаш яккхийра а, кегийра а ю. ТIемаш шуьйра, цIога доца ду церан. Мас нилха а, кIеда а ю. Когаш баьлла бу, мIараш тIе кхаччалц. ЗIок йоца а, йоьххьера цIеххьана охьахьаьвзина а ю. МIараш ира а, чухьаьвзина а ю. БIаьргаш даккхийра ду. Цхьайолчу бухIанийн лергаш тIоьхула ирах йоьлхий маIанаш санна, месаш хуьлу ("Лергаш"). Хиъна Iер, дегI нисса ирах дирзина а долуш хуьлу цуьнан. БухIа буьйсанна сема хуьлу. Дийнахь наб еш санна, тап олий тийна Iа иза. ХIоьаш, котаман хIоьан кепехь доцуш, царел доцийро хуьлу. Котаман хIоьал кегийра, кхокханан хIоьал даккхийра. Бос хьаьрса бу Iаьржа тIедарчий а долуш.

Баннаш, ламанан даккъашкахь, юькъчу хьаннашкахь, боьранашкахь до цара. ХIоа 2-3 до бухIано. Тойна апрель баттахь доккху. Ижо тIома тIаьттина йоьдуш а хиъна Iечу заманчохь, гондахьа бIаьрг кхарстош а, лоху цо. ТIома ядар меллаша а, гIар-тата доцуш лахахула а ду цуьнан. Екар сингаттаме ду: "бу-у-х" бохуш. БухIано пхьагал а, беца-меъ а, лекъ а, кхин долу олхазар а лоцу. Хьозий а, дехкий а доу цо. И тайпа олхазарш цо хIаллакдеш хиларна зуламе лерина ю бухIа. Бакъду, бухIнаш кIезиг хиларна, Iаламан хазна ларор доьхьа, уьш яйар магош дац.

[нисйé] Źima buh̗a

Mochuelo Común ( Athene noctua )(1).jpg

Źima buh̗a ( Athene noctua ). Жимачу бухIанах оьрсаша "Домовой сыч" олу. Вукха бухIанийн басахь ю иза. Даккийра бIаьргаш а, бIаьрган хIазарш а ду цуьнан. Амма лергаш дац. Къора а, тийна а еса меттигаш еза царна.

ТогIешкахь, боьранашкахь, адам ца дехаш дIатесна йитначу гIишлошкахь ду церан Iер-дахар. Бердах охкуш а доху цара баннаш. Тойна апрель-май баттахь доккху. ХIоа 4-8 хуьла. Даар вукха бухIанийн санна ду. ЗIенан бIогIашна тIехь Iеш а хуьлу уьш. ТIома ядар чехка ду. Екар "ку-вить, ку-вить" бохуш ду.

[нисйé] Lergaş dolu źima buh̗a

Otus scops ab cropped.png

Lergaş dolu źima buh̗a ( Otus scops ). Оьрсаша "Сплюшка" олу жимачу бухIанах. Бос вукха бухIанийн санна бу цуьнан а. Йоккхачу бухIанан санна ши лерг а ду. Яхар ширчу, дIатесна йитначу бошмашкахь, тогIешкахь, хьаннийн хотешкахь ду цуьнан. ХIоьаш дечиган хари чохь, я бердах баьккханчу бенахь до цо. Тойна май баттахь доккху. ХIоа 4-6 до. КIай хуьлу цуьнан хIоьаш. Ижо, садайначул тIаьхьа, буьйса йоьлчи лоху цо. Дийнахь, диттан гIодах дIа а таьIий, Iадда Iа иза. Екар сингаттаме ду цуьнан "сплю-ю" бохуш. Цундела аьлла хила а там бу цунах оьрсаша "сплюшка".

Дехкий а, кегийра хьозий а доу цо. Кхин йолу садолу хIуманаш а йоу.

Ялташна зуламе садолу хIуманаш цо яар бахьана долуш пайдехьчу олхазарех лерина иза.

[нисйé] Aqa njána

Phasianus colchicus 2 tom (Lukasz Lukasik).jpg

Aqa njána ( Phasianus colchicus ). АкханIаьнех оьрсаша "Фазан" олу. ЦIахь кхобачу нIаьнин дегIахь ю иза. ЦIога, нисса дIадахана, деха ду. БIаьргашна гондахьара йоьхь, мас йоцуш, ерзина а цIиэ а ю. Коьрта тIехь шина а агIор жимма еха месаш йохку. Деши а, цIеста а санна лепаш хаза бу акханIаьнин бос, букъ тIехь а, некха тIехь а, хенашкахь а Iаьржа тIедарчий а долуш. Корта сийна а, баьццара а бос лепаш хаза бу. Логах гобоккхуш доьхка санна кIай сиз ду. Котаман бос мокха бу Iаьржа тIедарчий а долуш. ЦIога нIаьничул доца ду.

Коьллашкахь, хин тогIешкахь еха уьш. Дахар цхьана меттахь ду. ДIай-схьай кхелхаш, Iедал дац церан. Цхьацца йолий лела уьш. Цкъацкъа вовшахкхетий кIезиг гIера а йо. КIохцалан куллах а, эрзалахь а, цанашлахь а до цара баннаш. Лаьттахь екъчу меттехь, я кулла кIел, я кондаршлахь къайлехь хуьлу церан баннаш. Апрель баттахь до котамо хIоьаш. Баьццара бос а бетталуш хуьлу уьш. 8-I2 хIоа. Тойна котамо доккху. Тойнахь Iаш йолу котам сарахь а, Iуьйранна а тойнара гIоттий, гена ца йолуш, ежа.

ЧIогIа лечкъана, ларлуш хуьлу акханIаьна. ТIома гIаьттича гучуер йолу дела, лаьттахула лела иза. ГIаш ядар чехка ду цуьнан. Дитта тIе хоий а Iа иза. ТIемаш тоьхна йодачу хенахь цкъа ирах хьала а йоьдий, тIаккха раз дIайоду. Охьахаале хьалха гонаш туьсу цо. Екар чIогIа ду цуьнан "Ва-а кIант!", "Ва-а, кIант!" бохуш санна. ТIемаш а тухуш ека иза. Яжар вукха котамийн санна ду. Бецан хIу а, ялта а доу цо, соьналлаш а, садолу хIуманаш а йоу.

[нисйé] Became'

Perdix perdix (Marek Szczepanek).jpg

Became' ( Perdix perdix ). Бецамеъ оьрсаша "Куропатка" олу цунах. Iай кIай бос болуш хуьлу иза. Аьхка нIаьно а, мео а хьаьрса бос оьцу пурхалхьа Iаьржа томмагIнаш а долуш. ТIемаш а, чукIело а кIай хуьла. ЦIоцкъамаш цIиэ ду. БIаьста шишша цхьана хуьлу уьш, нIаьни, меъ. Гурахь а, Iай а цхьанакхетий гIеранаш йо цара. Баннаш лаьттахь, екъчу меттехь коьллаш кIел до цара. Тойна май баттахь доккху. Ялх а - шийтта хIоа до цхьана мео. Ал тIедарчий а долуш, хуьлу бецамеан хIоьаш. Котам тойнахь Iеш йолчу хенахь нIаьна а, котам а лаьттахь хуьлу. Дитта тIе а йолу и шиъ. Ядар, чехка тIемаш а тухуш, сиха ду. Яжар цIерачу котамийн санна ду. Диттийн чIенигаш а, соьналлаш а, бецийн хIу а доу цара.

[нисйé] Bayt́akuskaz

Tetras du caucase jogo 0g.jpg

Bayt́akuskaz ( Tetrao mlokosiewiczi, Lyrurus mlokosiewiczi ). Оьрсаша, "Тетерев" олу цунах. Бос кхокханчух тера бу. ЦIога шина агIор дIа-схьа хьаьвзина ду. Котам хьаьрса бос болуш ю пурхалхьа Iаьржа сизаш а долуш. Лаьмнашкахь хуьлаш ю уьш. Iаф хьуьн чу охьайогIу. Цхьана меттахь ду церан дахар. ДIай-схьай кхелхаш меттигаш а йо цара, Iаламан хьелашка хьаьжжина. КIезиг ю уьш. Цундела наггахь бен гуш яц. Баннаш къайлехь до цара, диттийн кондаршлахь, тIулган чхара кIел йисначу херонехь. Тойна май баттахь доккху. ХIоьаш 5-8 до, мокха тIедарчий а долуш. Бецаш, дечагийн чIенгаш, бецан хIуш доу цара. Лечкъий хуьлу байтIакусказ. Бацалахь къайлайолий, адамана ца тосалуш, когаш кIелхьара, цIеххьана хьалаэккха иза. Аьхка цхьацца йолий хуьлу уьш. Iай цхьанакхетий гIеранаш йо. котамаш, нIаьнеш шаьш-шаьш къаьстий лела. Iаьнан заманчохь акха стоьмаш лоу цара. Уьш кIезиг йолу дела, царна таллар дихкина ду.

[нисйé] Къоракуотам

Tjädertupp och tjäderhöna, Iduns kokbok.jpg

Q́orakuotam, Къоракуотам (инглс. Tetrao urogallus, оьрс. Глухарь) — НIаьна лог кIело Iаьржа а йолуш, къокханан басахь накха а болуш, ал тIемаш а долуш ю. ЧукIело кIай тIедарчий а долуш, къорза ю цуьнан. ЗIок кIай бос болуш ю. Котам Iаьржа тIедарчий а долуш хьаьрса ю. КIезиг ю уьш. Ламанца а, лахенца а хьаннашкахь хуьлуш ю уьш. Шишша цхьана кхеташ Iедал дац церан. Баннаш диттийн кондаршна кIелахь до. Тойна май баттахь доккха. ХIоьаш ал тIедарчий а долуш хуьлу 5-9. ДIай-схьай кхелхаш дац церан дахар. Цхьана меттехь хуьлу уьш. Котам тойна хиъначу хенахь меттах а ца йолу. Бос дIадаханчу шеран екъчу бацах, гIах дIатарлой хуьлу цуьнан. Цундела атта бIаьрг тIе ца кхуьу цунна.

[нисйé] Лекъ

Wachtel in Haltung clipped.jpg

Leq́, Лекъ (инглс. Common Quail, оьрс. Перепел) — Котамийн тайпанах уггаре а жимах дерг лекъ ду. Iаьржа тIедарчий а долуш, ал бос бу цуьнан. ЦIога доца ду. ЧукIело сирла ю. НIаьнин лог кIело Iаьржа ю. Меан хаьндарг къорза ю. Лекъаш ялтийн аренашкахь, цанашлахь хуьлуш ду. Шиъ цхьана кхетий ца лела уьш. Бен бацалахь а, ялташна юккъехь а бо лекъо, жимма ор а доккхий, чу бецаш а йохкий. Тойна май баттахь доккху. ХIоьаш даккхийра тIедарчий а долуш хуьлу 7-I5. Дукхах йолу хан лаьттахь йоккху лекхаша. Бацалахь лечкъий хуьлу уьш. Дитташ тIе ховшуш Iедал дац церан. ТIома гIаьттича гена далале охьахоу лекъ. ТIемаш тохар чиха а, дадар чехка а ду. Декар иштта ду боьршачу лекъан "пит-пипить, пить-пипить". Лекъийн даар коьртачу декъана бецан хIу ду. Садолу хIумнаш а йоу цара.

[нисйé] Кхокха

Orsopapera-colombo 002.JPG

Qoqa, Кхокха (инглс. Rock Pigeon, оьрс. Голубь) — Горга, дуьзна дегI а долуш, луьста, шера дегIа тIе йийшина месаш а йолуш ду кхокхий. Кхаа тайпана а, шийтта беса а ду уьш.

Оьрсаша "оьрс. сизый голубь" олуш бу вайн цIахь, адамаш дехачохь гIаланашкахь а, ярташкахь а хуьлуш болу кхокха. И тайпа кхокхий дукха а ду. Яккхийчу гIеранашца хуьлу уьш ялташ лелочу меттехь. Элеваторшкахь, амбарашкахь, хьаьттанашкахь. Букъ тIе кхаччалц гIорта а, хаьндарг а, таьIно сийна а, баьццара а бас бетталуш, арий санна лепаш хуьлу кхокханан. "Кхокханан басахь" лоу вай цуьначух тера бос болчу хIуманах. Шина а агIор тIома тIехь шалха Iаьржа мозанаш ю цуьнан, тIомана пурхалхьа, тIам буткълучу меттехь. Кхокханан когаш а, бIаьргаш а цIиэ ду. ЗIок хотталучохь чохчам ю цуьнан. Кхин бос болуш а хуьлу адамаш дехачохь долу кхокхий.

Цхьана метта дехаш а, дIай-схьай кхелхаш, Iен меттиг хуьйцуш а хуьлу кхокхий. Ах акха а, ах адамех доьлла караIемина а ларалуш ду уьш. Кхокхаша баннаш до тIулган я сацкъаран бердашца, дIатесна йитначу тишчу гIишлош чохь, цIенойн тхевнашкахь, карнизашкахь. Кхокханан бен башха лерина бой а ца хуьлу. Цхьа кIеззиг синтарш а гулйой, буха масс а тосий бо кхокхано бен. Февраль, март баттахь болало кхокха хIоьаш дан.Кхокхано шиъ до хIоа. КIорнеш шарахь кхузза, доьазза йоху цо. Кхокханан бадар чехка ду. ТIемаш сиха детта цо. Бекар "Кхур-кху-у-кх, кху-у-кх" бохаш ду цуьнан. Цкъацкъа "къу-у-у, къу-у-у", бохуш, узарш деш санна бека иза. Дитта тIе хууш

[нисйé] Keçalqoqa

Woodpigeoncloseup.jpg

Keçalqoqa ( Columba palumbus ). Оьрсаша "Вяхир" олу кечал-кхокханах. ЦIахь хуьлуш болчу кхокханах тера бу иза, цхьа кIеззиг башхонаш хилар бен кхин хийцамаш боцуш. Кечал-кхокханан гIортан тIехь а, тIемашна тIехь а кIай томагIнаш ду. ТIемашна тIехь вукха цIахь хуьлачу кхокханан санна шолха, Iаьржа моханаш яц цуьнан. ЦIоганна тIоьхула дIайоьдуш шуьйро Iаьржа моха ю. ЗIок можа ю цуьнан, когаш цIиэ бу. ЦIахь хуьлуш болчу кхокханал дегIана боккха бу иза. Бос а цуьначух тера бу. Кечал-кхокхийн дахар хьаннашкахь, бецан аренашкахь, ялтийн аренашкахь ду. Цхьана меттехь дац церан дахар. ДIай-схьай кхелха уьш. Баннаш стен, боьршан - шишша цхьана а кхеташ дитташ тIехь до цара. Чекх са а гуш сиргIатех бой хуьлу церан бен. Тойна апрель баттахь доккху. КIайн шиъ хIоа до кечал-кхокхано. Баннаш ден хан дIаяьлчи гIеранашках лела уьш. Бадар вукха кхокханан санна чехка ду. Аьхка де дохделлачу хенахь дитта тIехь набарш еш Iеш хуьлу уьш. Бекар чIогIа ду цуьнан гIоргIачу озанца "кху-у-ру-ра... кху-у-рура" бохуш. Дажар ялтийн аренашкахь, кхаш тIехь ду церан. Ялта а, бецан хIу а доу цара.

[нисйé] Qoraqoqa

Streptopelia turtur01.JPG

Qoraqoqa ( Streptopelia turtur ). Оьрсаша "Горлица" олу къор-кхокханах. Вукха кхокханал дегIана жима бу иза. ДегI цуьначул куьцехь ду. Хаьндарг жимма цIиэ бос а бетталуш овкъаран басахь ю цуьнан, чукIело сийно бос бетталуш сира ю. ТIемаш ал бос болуш ду, Iаьржа тIедарчий а долуш. ЦIоганна йоьххьера месаш кIай ю. Когаш цIиэ бу цуьнан. ГIортан тIехь Iаьржа а, кIай а раз-пурх сизаш ду.

Дахар хьаннашкахь, хин тогIешкахь, стоьмийн бошмашкахь ду церан. Стен боьршан шишша цхьана а кхеташ до цара баннаш хьаннийн йистошца а,бошмашкахь а. Баннаш дитташ тIехь до цара. Нилхха синтарш а йохкуш, чекх са а куш. Тойна май баттахь доккху. ХIоа 2 хуьлу цуьнан. Бадар вукха кхокханан санна ду. Амма цуьначул атта ду. Лечкъана лелаш бац къор-кхокха. Ардаш юккъехула дIабоьдачу некха тIехь а, телеграфни сераш тIехь а хоий Iеш хуьлу къор-кхокха. Бекар хаза ду цуьнан, эшаран аз санна дагах кхеташ. "Къур-кхурр... кхур-кхурр..." бохуш.

Бажар лаьттахь ду цуьнан, ардаш тIехь, некъаш тIехь а. Ялта а, бецан хIу доу цо.

[нисйé] Ottyoq

Kuckuck (Cuculus canorus) by Tim Peukert.jpg

Ottyoq ( Cuculus canorus ). Кхокханал жимо олхазар ду оттйокх. Оьрсаша "Кукушка" олу цунах. Деха цIога а, дехийра тIемаш а долуш хаза олхазар ду иза. Бероза ю цуьнан чукIело, дегIана пурхалхьа Iаьржан, кIайн могIанаш а долуш. Жимма охьахьаьвзана ю цуьнан зIок. Букъ а корта а, лаг а, логан кIело а сира бос болуш ю цуьнан. ЦIоганна тIехь кIайн тIедарчий ду. Церан яхар хьаннашкахь, коьллийн кондаршкахь ду. БIаьста бовхачу махкара схьайогIу уьш, гурахь юха дIайоьлху. Цхьацца ша йолий лела уьш. Цкъацкъа шиъ цхьана а хуьлу. ХIоьаш цIир-цIир-хьозанан а, хIуьрцIилдиган а, хьуьна хьозанан а, иштта кхоьчу олхазаран а бенахь до цо. ХIоьаш церачех тера а хуьлу цуьнан. Бакъду, церачул жимма даккхийро хуьлу уьш. Оттйокхан екар иштта ду:"Ков-кук! Ков-кук!" Екачу хенахь цIога жимма ай а деш, тIемаш охьа хоьцу цо. Стечу оттйокхан екар шатайпа ду "кли-кли-кли" бохуш. Садолу хIуманаш йоу оттйокхо.

[нисйé] Çob

European roller.jpg

Çob ( Coracias garrulus ). Оьрсаша чIоьбах "Сизоворонка" олу. Кхокханалла олхазар ду иза. Баьццаро бос бетталуш стигалан басахь ду цуьнан дегI. ТIемаш таьIночу басара сийна ду. ЦIога а оццу басахь ал ду цуьнан. ЧIоьбан дахар аренашца ду. Къилбехьа довхачу мехкашка дIай-схьай кхелхачех ду иза. ЧIоьбаша баннаш диттийн харанаш чохь а, хин тогIийн кортошкахь а, хин бердашца а до. ЗIакарца а, мIарашца а охкуш бердах а боккху чIоьбо бен. ХIоа 4-6 до цо. Тойна май-июнь баттахь доккху. Цхьаъ ша а, шишша цхьана кхетий а хуьлу уьш. Телеграфан сераш тIехь, я диттан дакъаделлачу гена тIехь цхьаъ ша Iеш го чIоб дукха хьолахь. Гуьйранна къилбехьа бовхачу мехкашка дIакхелхаш, цхьанакхетий, гIера йо цара. Церан даар моьлкъарчий, дехкий, кхин йолу садолу хIумнаш ю. ЧIоб буьйсанна дека "ЧIо-об, чIо-о-об" бохуш, цхьана эшарехь шиъ-кхоъ секунд юкъаюлуьйтуш.

[нисйé] H̗uttut

Common Hoopoe (Upapa epops) preening at Kolkata I2 IMG 6985.jpg

H̗uttut ( Upupa epops ). ХIуттутах оьрсаша "Удод" олу. Кхокханал жимо хаза олхазар ду иза. ЗIок юткъа ю, еха а, жимма охьасеттина а ю цуьнан. Коьрта тIехь, мох ласториг санна могIара пелагаш а долуш, кIужал бу. ТIемаш шуьйра ду. ТIемаш Iаьржан, кIайн могIарш долуш къорза ду цуьнан. КIужалан йоьххьехула Iаьржа сиз доьду, аьлчи а кIужалан хIора мас йоьххьера Iаьржа ю. Цунах зIакар тIера дуьйна кIесаркIог тIе кхаччалц хьаьвзина Iаьржа ах хIоз хIутту. Корта а, гIорта а, чукIело а можа ю. Яхар еса аренашкахь, бошмашкахь, хин тогIешкахь ду. Къилбехьа бовхачу махкара бIаьста схьа а йогIу, гурахь дIа а йоьду. Бен дечиган хари чохь а бо, бердах а боккху. ХIоьаш 3-9 до. Тойна апрель-июнь баттахь доккху. Цхьаъ ша а лела, шиъ цхьаьна а хуьлу. Цхьа кIеззиг цхьанакхетий гIера а хуьлу церан. Адамаш долчохь ярташкахь а хуьлу уьш. Яжар лаьттахь ду цуьнан, садолу хIумнаш йоу цо. Екар "хIуп-хIуп-хIуп-хIуп, пIиж-ж-жакъ" бохуш ду.

[нисйé] Selast

Oriole 2.jpg

Selast ( Oriolus oriolus ). Оьрсаша селасатах "Иволга" олу. Боьршачу селасатан тIемаш а, цIога а зIакара тIера дуьйна бIаьрга тIе кхаччалц, дехьий, сехьий шиъ сиз а Iаьржа ду. Важа долу дегI къеггина можа ду. Стечу селасатан букъ, можа бос а бетталуш, баьццара бу. Чукъело, можа бос а бетталуш, кIай ю, мокха тIедарчий а долуш. Нилхочу хьуьн чохь а, стоьмийн бошмашкахь а хуьлу уьш. Селсаташ дIай-схьай кхелхаш ю. БIаьста яьлчи апрель баттахь, бовхачу махкара вай долчу схьайогIу уьш, гурахь сентябрь баттахь къилбехьа бовхачу махка дIайоьлху. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а лела уьш. Лаьтта охьахууш, гIиллакх дац церан. Цхьана дитта тIера гIевттича кхоьчу дитта тIе ховшу уьш. Екар зевне ду церан. Цкъацкъа "чIий-и-йкъ" "пIаьв-плаьв" олий ека. Цкъацкъа "плю-тиу-лиу" бохуш ека. Бен дитта боьххьехь бо селасата. ХIоьаш май-июнь баттахь до 3-4. Бос кIайн бу хIоьийн, Iаьржа тIедарчий а долуш.

[нисйé] Járźa korta bolu selast

Járźa korta bolu selast.jpeg

Járźa korta bolu selast, Iаьржа корта болу селаст — (en. Black Oriole), (Оьрсаша "Черноголовая иволга" олу цунах). Изза бен кхин башхо йоцуш, вукху селасатах тера ю иза. Башхо цхьаъ ю, зIакарна тIера дуьйна бIаьргашна юххехула гIортанна тIиэхьа кхаччалц Iаьржа ю месаш. Вуьш санна цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу. Баннаш дитта боьххьехь до. ХIоьаш май-июнь баттахь до 3-4. КIай хуьлу уьш, жимма цIиэ бос а бетталуш, ал тIедарчий а долуш. Садолу хIумнаш йоу цара.

[нисйé] Źalin q́órg

Merops pusillus 2.jpg

Оьрсаша жIалин-къоьргах "Щурка" олу. Цхьацца йолчу яртийн бахархоша "къоьрг" олу цунах. "Къоьр, къоьрг" бохуш ду цуьнан декар а. ДегIана алкханчалла ду и хаза олхазар, жимма охьахьаьвзина юткъа еха зIок а йолуш, деха ира тIемаш а долуш, деха цIога а долуш. ЦIоганна тIера къаьсташ дIаяхна ю, юнаш санна, ира, шиъ мас. Когаш боцийра бу цуьнан. ЗIакар тIера бIаьрга тIоьхула коьрта туьтан тIе кхаччалц Iаьржа сиз ду цуьнан. Логан го а Iаьржа бу. Лаг можа ду. Корта а, букъ а дешин бос бетталуш хьаьрса бу, жимма сийна бос а бетталуш. ТIемаш сийна, цIога баьццара ду, хьаж кIайн ду. ЧукIело стигалан басахь ю. Хаза олхазар ду иза.

Дахар ламанан лахенашкахь, аренашкахь, хин бердан йистошкахь, хинтогIешкахь, боьранашкахь,баьрзнашкахь ду церан. ЖIаьлин-къоьргаш дукха ю. БIаьста яьлчи апрель баттахь Къилбехьарчу бовхачу мехкашкара схьайогIу уьш, гурахь цига юха дIакхелха. Баннаш дар гIеринашца ду. Баннаш берд охкуш доху цара. Дукха хьолехь бердан лакхарчу чкъурах доху цара Iуьргаш. Цхьа метар ца кхоччуш кIорга цу охку жIаьлин-къоьрго. ТI аккха кIеззиг охьаохкий, горга ор доккху. Цу чу бецан хаьлгаш, месаш йохкуш мотт кечбо. 5-8 кIай хIоа до цо. Тойна май-июнь баттахь доккху. Дадар чехка а, атта а ду. ГIеранаш йой лела уьш. ЗIенан сераш тIе а дечиган декъачу генаш тIе а ховшу уьш. Декаран аз терсаш ду. "Къорг-къорг" бохуш. ХIаваэхь едда йоьддушехь лоцу цо садолу хIума, чуьрк а, моз а. Накхараш лелочарна зенаш до цара. Уггаре а церан мерза даар накхаран мозий ду.

[нисйé] Báccara źálin q́órg

Blue cheeked bee eater.jpg

Баьццара а хуьлу жIалин-къоьрг. Оьрсаша "Зеленая щурка" олу цунах. Вукха жIалин-къоьргах тера ю иза. Бос жимма хийцабелла баьццаро хилар бен кхин бошхо йоцуш. ЗIакарна тIера дуьйна бIаьргана тIоьхула кIесаран кIог тIе кхаччалц Iаьржа сиз доьду цунна. Хьаьжа юкъ а, бIаьргана лакхара а стигалан басахь ю. Логан кIело хьаьрса ю можо хеталуш.

Хинбердан йистошкахь, тогIешкахь, буц-аренашкахь хуьлу уьш. Дахар дIай-схьай кхелхаш ду. Баннаш бердах доху цара. ХIоьаш май-июнь баттахь до 5-8. ГIеранаш йой лела жIалин-къоьргаш.

[нисйé] Henaḱur

Buntspecht Dendrocopos major.jpg

ХенакIурах оьрсаша "Дятел" олу. Боций когаш а болуш, сто санна ира зIок а йолуш, шиъ хьалхаша дIай, шиъ тIехьа бирзиний биъ-биъ пIелг а болуш олхазар ду иза. ТIемаш шуьйра ду цуьнан. ЦIога чIогIа а, декъа а, йоьххьера ира а ду.

ХIоьаш, хIоьа кепел доцийра ду. Боьршачу хенакIеро декъачу диттан гIодах зIок етта, автомат санна чехка. Вайн махкахь 5 тайпа , I4 беса ю хенакIур. Хьаннашна зуламе йолу садолу хIуманаш цара хIаллакъеш хиларна пайдехь лерина уьш.

[нисйé] Báccara henaḱur

Grünspecht Picus viridis.jpg

Баьццарчу хенакIурах оьрсаша "Зеленый дятел" олу. Букъ баьццара бу цуьнан, цIога тIоьхалара деши басахь можа ду, лахара дегI баьццара бос а бетталуш кIай ду. ТIемаш а, цIога а мокха ду пурхалхьа моханаш а йолуш. Хьаж а, мекхаш а Iаьржа ду (боьршачуьнан цIиэ тIедарчий хуьлу), коьрта тIера а, логера а месаш цIиэ ю. ЗIок Iаьржа ю.

Дахар хьаннашкахь, тогIешкахь бошмашкахь ду. Баннаш дечиган хари чохь до. ХIоа 3-6 хуьла. Тойна апрель-июнь баттахь доккху. Цхьацца а, шиъ цхьана кхетий а хуьлу уьш. Охьахаар доккху. Цхьацца а, шиъ цхьана кхетий а хуьлу уьш. Охьахаар лаьттахь а, диттан гIодца а ду. Церан коьрта даар зингатий ду.

[нисйé] Q́orza henaḱur

Dendrocopos major 2 (Marek Szczepanek).jpg

Оьрсаша къорзачу хенакIурах "Пестрый дятел" олу. Iаьржан, кIайн, цIиэн кхаа басара ду цуьнан дегI хазчу куьцехь, иза къарзъеш, Iаьржачу тIома тIехь кIайн тIедарчий ду цхьа хаза зезаган куц а хIоттош. Боьршачуьнан кIесара-кIаг болу меттиг цIиэн ю, корта Iаьржа бу. ЗIакарна тIера коьрта тIехьа кхаччалц Iаьржа сиз ду шина а агIор. Цу тIера хенашка кхаччалц охьадогIу Iаьржа га. БIаьргашна тIера охьа кIайн беснеш ю.

ТIиэхьа агIор чукIиэло а цIиэ ю цуьнан. Вукха хенакIуран санна ду цуьнан дахар. Вукха хенакIуро санна бен диттан хари чохь бо. Тойна апрель-май баттахь доккху, 4-6 хIоьах. Дадар чехка ду. Цхьаъ ша а хуьлу иза, шиъ цхьаьна а хуьлу. Декар "кик-кик-кик" бохуш ду. Садолу хIуманаш йоу цо. Iай акхачу стоьмийн хIуш доу.

[нисйé] Alqanç

Sturnus roseus.jpg

Оьрсаша алкханчах "Скворец" олу. Хьозанал доккха олхазар ду иза. Бос Iаьржа бу сийна кIур биллича санна лепаш. ТIемаш а, цIога а кхоьлано ду. Гурахь кIайн тедарчий хIуьтту цуьнан дегIа тIе. Ярташна аьттехьа, ялтийн аренашца ду алкханчийн дахар. БIаьста, апрель баттахь бовхачу махкара схьайогIу уьш вай долчу. Гурахь, октябрь баттахь къилбехьа бовхачу махка дIайоьлху уьш.

Церан яжар лаьтта тIехь ду. Дитташ тIера стом а, садолу хIума а йоу цара. Алкханчаш гIеранаш йой лела. Баннаш бердах доху цара. Дечиган хари чохь а до цара баннаш. Адамаша бошмашкахь аннех баннаш до царна. ХIоьаш апрель-июль баттахь до 5-7. Стигалан басахь сийна хуьлу уьш. Аз кхоьчу олхазарийнчух тардеш ду декар.

[нисйé] Şorşal

Blue Whistling Thrush (Myophonus caeruleus) at Jayanti, Duars, West Bengal W Picture 462.jpg

Оьрсаша шоршалах "Синяя птица" олу. Амма цуьнан бос ша-шах сийна бац. Генаро хьаьжчи Iаьржа хетало цуьнан бос. Юххера хьаьжчи кIур биллича санна лиэпаш сийна бос беттало. Къийгалла олхазар ду иза. ЦIога деха ду цуьнан, тIемаш доцийра ду.

Лаьмнашкахь а, охьанехьа хьаннашкахь а ду и тайпа олхазар. Цхьаъ ша хуьлу иза дукхах йолчу ханна. Шиъ цхьана а хуьлу. Екар зевне ду "къи-къи-къи-къи!" шок тухуш санна. Ша хьалаэккхаш туху цо и мохь. Хьаннаш кIелахула ду цуьнан ядар. Едчи а гена ца йолуш охьахоу иза. Бен диттан Iеханах, бецах бо цо. ХIоьаш 4-5 до. Жимма баьццара бос а болуш кхоьллано цIиэ тIедарчий а долуш хуьлу цуьнан хIоьаш. ХIоьаш май-июнь баттахь до.

[нисйé] Súylin çjeǵag

Garrulus glandarius B Luc Viatour.jpg

Суьйлин-чIегIагах оьрсаша "Сойка" олу. Кхокханалла олхазар ду иза шуьйро хьаж а долуш, доцийро тIемаш а долуш. ЦIога нийса а, шера а ду. ЛогакIело кIайн ю цуьнан. ЗIакарна бухехьара схьа бIаьрга кIелахула лога тIе кхаччалц Iаьржа томмагI ду. ТIемийн юьхкаш тIехь кIайн тIедарчий а долуш сийна месаш ю. "Куьзга" олу цунах. ДегI, хьаьрсо бос болуш, ал ду. Хьуьн чохь хуьлуш ду и тайпа олхазарш.

Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а гIера йой а лела уьш. Охьахийшар диттийн генаш тIехь а, лаьттахь а ду. Ядар хало ду цуьнан. Бен диттийн генаш тIехь бо. ХIоьаш 5-7 хуьлу, баьццаро бос а болуш, мокха тIедарчий а долуш. ХIоьаш апрель-май баттахь до. Декар зевне ду "чIие-чIикеъ" бохуш.

[нисйé] Kukmjáv

Kukmáv olhazar.png

Буьйсанна дитта тIе а хоий декаш ду кукмIаьв олхазар. Иза декар адамашна дезаш дац. Уггаре а иза гергахь декначу цIенна тIе сингаттам богIу олуш ду, чуьра доьзалхо кхелхина. Дийнахь атта гуш дац и тайпа олхазар. Наха "Олхазарх тарделла деъна са оьцу малик ду" олу цунна.

Можа чукIело а йолуш, Iаьржа тIемаш а долуш селасатах тера олхазар ду иза. Цуьнан дахар муха ду, иза хуьлуш йолу меттиг зийна яц.

[нисйé] H́oziy

Passer domesticus m.jpg

H́oziy, Хьоза — Ингалсан а оьрсийн маттаь олу (en. Sparrow), (ru. Воробей). Хьозий тайпа олхазарш вайн махкахь 3I2 беса а, кепа а ду. Церан тайпанаш 96 ду. Кхоъ хьалха, цхьаъ тIиэхьа биъ пIелг хуьлу оцу тайпанех долу олхазарийн. ХIоьаш кхин долчу олхазарийн кепара ду. ТIедарчий долуш а, доцуш а. КIайн а кхоьчу басахь а. Церан дахар тайп-тайпанарчу хьелашкахь, мехкашкахь, меттигашкахь ду, адамаш дехачу ярташкахь, гIаланашкахь, лаьмнашкахь, хьаннашкахь хин-бердан йистошкахь, Iаннашкахь, тогIешкахь, цанашкахь, ялтийн, бецан аренашкахь. Ялташна зуламе садолу хIумнаш цара хIаллакьярна, пайдехь лерина уьш. Аса хIинца дуьйцар ду вайн кхузахь Къилбаседа Кавказехь долчех лаьцна.

[нисйé] Hjávla

Alauda arvensis 2.jpg

Hjávla, НIаьвла — (en. Lark), (Оьрсаша "Жаворонок" олу цунах). НIаьвларчий а бес-бесара ю. Царех цхьа тайпа ардашкахь, ялтийн аренашкахь хуьлуш ю. Цундела оьрсаша "полевой жаворонок" олу цунах. ЦIахь хуьлучу хьозанал жимма йоккха ю иза. Бос сира бу цуьнан. Букъ тIера кхоьлина чукIелара сирла, мокха тIедарчий а долуш. Коьрта тIехь кIужал бу.

Дахар хьаннийн кортошкахь аренашкахь ду. Дажар лаьттахь ду. Наггахь дитта тIе а, диттан кондар тIе а хоу. Шишша цхьана а хуьлу, гIеранашца а хуьлу. ГIаш-некъахочунна тосало нIаьвларчий новкъахь ежаш. ТIома хIаваэ хьала а юьйлуш ека нIаьвларчий. НIаьвланан екар иштта ду: "юьли-юьли-юьли, юьл-юьлу-юьлу". Бен лаьттахь бо нIаьвлано. 5-6 хIоа до цо. ХIоьаш кIайн ду, цIиэ тIедарчий а долуш. Тойна а апрель-июнь баттахь доккху. КIужал боцуш а ю нIаьвларчий. Церан дахар а кIуж болчийн санна ду. Амма екар жимма кхечу азанца ду. "Витти-витти, витти, тирий-ти-ти-ти" олий ека и. Цунах терра кхин цхьакха а ю нIаьвла. Басна а иштта ю. Делахь а, цхьа кIеззиг башхо ю цуьнан. ТIам хотталучу хьалха, хаьндарг йолччохь шина а агIор томмагI ду.

[нисйé] Búysanan moqa h́oza

Caprimulgus europaeus 1200x855.jpg

Búysanan moqa h́oza, Буьйсанан мокха хьоза — (en. European Nightjar), (Оьрсаша "Козодой" олу цунах). Деха цIога а долуш, деха тIемаш а долуш, кхокханал жимо мокха хьоза ду вайн махкахь хуьлуш. ТIера мас нилха а, кIеда а ю цуьнан, когаш боций, бIаьргаш баккхий бу. ЗIок йоца ю, бат шуьйра ю цуьнан. ЗIакара юххехь шина а агIор ча санна юткхий месаш ю. Буьйсанна ду цуьнан кхарстар, лелар. Дийнахь диттан гаьн тIехь, я лаьттахь Iадда хоий Iа иза. Коьрта тIехь а, белаш тIехь а, дегIан дохалла а Iаьржа могIанаш ду цуьнан. Дахар хьаннашкахь, буц-аренашкахь, лаьмнашкахь ду цуьнан. Цхьаъ ша а, шишша цхьана а хуьлу уьш. ДIай-схьай кхелхачу хенахь гIеранаш хуьлу церан. Баннаш лаьттахь до цара буха хIума а ца тосуш. Тойна май-июнь баттахь доккху. ХIоа 2 хуьлу цуьнан сирчу басахь, беса тIедарчий а долуш. ТIома дадар раз лелхаш, хьийзаш ду, "кувык, кувык" бохуш ду цуьнан декаран аз. Буьйсанна полларчий а, чуьркаш а кхин йолу садолу хIуманаш а йоу цо, дедда доьддушехь хIаваэхь схьа а лоьцуш.

[нисйé] Ḉeǵardig

Wiretailedswallow brm.jpg

Ḉeǵardig, ЧIегIардиг — (en. Wire-tailed Swallow), (Оьрсаша "Ласточка" (Нитехвостая ласточка) олу чIегIардигах). Букъ Iаьржа сийна бу цуьнан. ЦIога кIелахула хаьндарга тIоьхула пурх шуьйра Iаьржа моха ю цунна. ТIемаш а, цIога а лиэпаш сийна-Iаьржа ду. Хьаж а, лаг а мекханан басахь ал ду. Накха, чукIело кIайн ю. ЦIоганан шалгу - ши мас еха а, юткъа а ю. Дахар ярташкахь, гIаланашкахь а, ярташна, гIаланашна юххехь а ду. ГIеранца хуьлу чIегIардигаш. ЗIенан серашна тIехь йоккха гIера хуьлу церан Iеш. Баннаш поппарх до цара юккъе (бен вовшах ца балийта) чемхалгаш а дохкуш. Баннаш, нехан сеннеш чохь, рагIош кIелахь, тIай кIелахь, догIа ца кхетехь до. 4-6 кIайн хIоа до чIегIардиго, цIиэ тIедарчий а долуш. Тойна май-июнь баттахь доккху. КIорнийн когаш вовшахбоьхку чIегIардиго, уьш бенара охьа ца эгийта, говран кхесах я цIоганах боьжна мерз бахьа цо церан когаш бехка. ЧIегIардиган кIорнеша бен ца бехбо. ТIиэхье бенал арахьа а йоккхий бехло уьш. ЧIегIардиган декар иштта хуьлу: "Цхьа-коьна, ши коьна-коьна-коьштара , чIамаргIана чIиж-ж-жикъ" бохуш санна.

[нисйé] Durgli

Apus apus -Barcelona, Spain-8 (2).jpg

Durgli, Дургли — (fr. Martinet), (Оьрсаша дурглех "Стриж" олу). ЧIегIардигах тера ду иза. Лог-кIело кIайн ю цуьнан. Ша мокхо бос бетталуш Iаьржа. Азехь Iаш 4 тайпа (Hemiprocnidae) йа дечиг дитташ тIехь Iаш долу Дурглеш ду, (Apodidae) — 74 тайпа даьржина ду массанхьа, шийла меттиг йоцучехь. Уьш ду декъалуш, цхьадерш тIема а довле дIадоьлхурш ду, амма йох елча йуха схьадогIу. ТIе хьаьжча чIогIа чIегIардигех тера а ду уьш. Дахар хьаннашкахь, есачу аренашкахь, г1аланашкахь, ярташкаадамаш дехачу кхин йолчу меттигашкахь ду. Б1аьста бовхачу махкашкара схьадог1у дурглеш, гурахь цига юха кхелха уьш. Баннаш дар яккхийрачу г1еранашца ду церан. Баннаш дечигийхаранаш чохь а, т1улга даккъийн херонашкахь а, саз-лаьттан бердах а хуьлу церан. Тойна июнь баттахь доккху. Х1оа 2-3 хуьлу. Дадар чехка ду, чехка т1емаш а детташ. Декаран аз "виз...виз-з-з" бохуш ду. Мозий, чуьркаш йоу цара, дойдда доьлххушехь х1аваэхь схьа а лоьцуш. Ц1ога ч1ерачух тера шалгу доьрзуш хаьдда ду. Т1емаш марс санна чоьхьа хьаьду. Цара садолу х1умнаш юу дела пайдехь лерина уьш.


[нисйé] H̗úrćáldig

Motacilla alba alba cropped.JPG

H̗úrćáldig, ХIуьрцIалдиг — (en. Wagtail), (оьрсаша "Трясогузка" олу). Можа а, кIайн а хуьлу хIуьрцIалдиг. Шен дегIалла деха ду можачу хIуьрцIалдиган цIога. Боьршачунан корта я сира, я Iаьржа хуьлу. Букъ баьццара бос а бетталуш можа бу. ТIемаду. ЦIога нисса дIа догIаделла ду шина агIор кIайн сизаш адолуш. Стечуьнан дегI можа ду, букъ тIера бос кхоьлано бу. Можачу хIуьрцIалдиган дахар цанийн аренашкахь а, Iаьмнашкахь а, хин тогIешкахь а, лаьмнашкахь а ду.

Цхьайолчу меттигашкахь дуккха а ду и тайпа олхазарш. Дажар лаьттахь ду церан. Куллан кондар тIе а, дакъаделлачу синтар тIе а ховшу уьш. Адам шен бенна аьттехгIоьртича дека а декаш тIоьхула хIийза хIурцIалдиг, я цхьана кондар тIера вукха кондар тIе хуьйшуш, синтем байна хьийза. Баннаш лаьттахь до цара, я бецан тоьлгакIеллахь я бецан кондаршлахь. Х1оьаш 5-6 до баьццара бос а болуш, кхоьлано тIедарчий а долуш. Тойна май-июнь баттахь доккху.


[нисйé] Ḱayn H̗úrćáldig

White Wagtail 001.jpg

Ḱayn H̗úrćáldig, КIайн ХIуьрцIалдиг — (en. White Wagtail), (оьрсаша "Белая трясогузка" олу). Шашах к1ай а дац иза, сийно бос беттало цунах. Коьртан туьта а, букъ а, кога к1ело а, накха а, ц1ога а, т1емаш а 1аьржа ду цуьнан. Букъ овкъаран басахь сира бу. З1акарна т1ера дуьйна б1аьрга т1оьхула г1ортан т1е кхаччалц 1аьржа сиз ду. Шина аг1ор ц1оганан йистехула а, т1емаш т1оьхула а к1айн моха ю, бухара дег1 а, к1ай ду. Дахар вукха х1уьрц1алдиган санна ду. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу уьш. Б1аьста къилбехьа бовхачу махкара схьакхелхаш а, цига юха кхелхаш а цхьанакхетий г1еранаш хуьлу церан. Баннаш дечигийн харанаш чохь а, ц1еной тхойнашкахь а до. Х1оьаш к1айн хуьлу таь1но сира т1едарчий а долуш 5-6. Тойна апрель-июнь баттахь доккху. Декар "жижиг-датта , жижиг-дата" бохуш санна ду.


[нисйé] H́únan éşar h́oza

Song thrush.jpg

H́únan éşar h́oza, Хьуьнан эшар хьоза — (en. Song Thrush), (Оьрсаша "Певчий дрозд" олу цунах). Б1аьста дитташна г1а даьллачу хенахь, хьаннийн кортошкахь хаза декаш хуьлу хьуьнан хьоза. Эрза шедаган аз санна зевне хуьлу цуьнан аз. "...Чукаричу-у-къ" "х1инц-х1инц". Ира йоца з1ок а йолуш, мокха хьоза ду иза, чук1ело къорза а йолуш. Хьаннашкахь а, аренашкахь а, лаьмнашкахь а хуьлу и тайпа хьозий. Б1аьста баннаш дечу хенахь шишша цхьана хуьлу уьш стен, боьршан. Важа йолчу хенахь г1еранашца хуьлу. Лаьтта а, диттан кондарш т1е ховшу уьш. Баннаш дитта т1ехь а, диттин кондарш т1ехь а до цара. Х1оьаш стигалан басахь сийна хуьлу, 1аьржа т1едарчий а долуш. Тойна апрель-июнь баттахь доккха. 4-5 к1орни доккху цо.


[нисйé] Járźa h́oza

Blackbird (male).jpg

1АЬРЖА ХЬОЗА

Járźa h́oza, Iаьржач хоза — (en. Common Blackbird), (Оьрсаша "Черный дрозд" олу). оцу Iаьржачу олхазарх. Вукха хьозанел доккха ду иза, алкханчал жима ду. Боьршачу хьозанан з1ок а, б1аьрган х1азарш а можа ду ц1иэ бос а бетталуш, дерриге а дег1 1аьржа ду. Стечу хьозанан таь1на мокха бос бу, з1ок 1аьржа ю.

Дахар хьаннашкахь, хьаннийн хотешкахь, тог1ешкахь стоьмийн бошмашкахь ду 1аьржачу хьозанан.

Гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка д1акхелха 1аьржа хьозий, б1аьста, апрель баттахь вай долчу юха дог1у. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу уьш. Г1еранахь лелар к1езиг ду церан. Лаьтта а, куллан кондарш т1е а, диттан генаш т1е а ховшу уьш. Когаш т1ехь кхиссалуш ду цуьнан болар. Боьрша хьоза дитта боьххье хьала а долий дека, дег1 меттах а ца доккхуш. Декар сингаттаме ду цуьнан "чок-чок" "терре-чок-чок". Бен лаьттахь, я диттан кондаршлахь бо. 4-7 х1оа до 1аьржачу хьозано баьццаро бос а бетталуш, мокха т1едарчий а долуш, стигалан басахь сийна. Тойна апрель-июнь баттахь доккху.


[нисйé] T́ulga ǵayranaşkara h́oza

Northern wheatear male09.JPG

T́ulga ǵayranaşkara h́oza, Iулга гIайренашкара хьоза — (en. Wheatear), (Оьрсаша "Каменка" олу) тIулган гIайрешца иза хуьлу дела. Лаьмнашкахь а, лаха аренашкахь а, хин бердан йистошца, т1улгийн г1айренашца хуьлуш ду, т1оьхлара корта а, букъ а цизаьрканан чим санна, сира а болуш, з1акарна т1ера б1аьрга т1оьхула д1а корти, г1орти хотталучу кхаччалц 1аьржа томмаг1 долуш хьоза.

Т1емаш 1аьржа ду цуьнан. Ц1оганна шина аг1ор к1ай моханаш ю чекхъяла герга яххалц. Ц1ога йоьххьера хадийчи санна нийса а, 1аьржа а ду. Цунах хотталуш ц1оганна юккъе кхаччалц дег1 долчу аг1ор схьадог1а 1аьржа сиз. Чук1ело а лаг а к1ай ду цуьнан. Цхьаъ ша а, шиъ цхьана а хуьлу и тайпа олхазарш. Х1оьаш 4-7 до.


[нисйé] Qor bjelig

Ficedula parva.jpg

Qor bjelig, Кхор-б1елиг — (en. Red-breasted Flycatcher), (Оьрсаша кхор-б1елигах "Малая мухоловка" олу). Кхор-б1елиг жима хьоза ду. Вайн ярташкахь хуьлучу стечу хьозанах тера ду иза. Цул жима доца дег1 ду цуьнан. Дитташ т1ехь цхьана гена т1ера вукха гена т1е а хуьйшуш лела иза. Чуьркаш, мозий луьйцу цо. Х1оьаш апрель-май баттахь до. Бен диттан генаш т1ехь бу. Г1а меттах даьккхина а ша долу меттиг билгал ца йоккху цо. Дека хезаш а дац иза. Тилкхазбелла б1аьрг ца кхетчи, иза дитта т1ехь ду дац а ца хаьа.



[нисйé] Ćik-ćik h́oza

Acrocephalus schoenobaenus 1 (Marek Szczepanek).jpg

Ćik-ćik, Ц1ик-ц1ик — (en. Sedge Warbler),(Оьрсаша "Камышовка барсучок" олу). Генарчу малхбалехь Хьасан 1оман берда йистошца ду Ц1ик-ц1ик хьоза. Кхин иза хуьлуш меттиг яц билгалъяьлла Ша1ми-Юьртана къилбаседехьа 1аьсан тог1ий йоцург. Оцу 1аьсан тог1и чохь 1аьржачу толлан кондаршна т1ехь декаш хуьлура и тайпа хьозий. Дакъаделлачу синтарна т1е а хоий декара иза иштта. "Ц1ик-ц1ик-ц1ик-ц1ир-р-р-р!" олий. Дуткъа дег1 а долуш, мокха хьоза ду иза. Баннаш толлан кондаршна юккъехь, бацалахь до цара. Х1оьаш к1айн хуьлу ал т1едарчий а долуш 4-5. Х1оьаш апрель-май баттахь до. Чуьркаш а, мозий а кхин йолу садолу х1умнаш йоу цара. 1аьсан тог1ийна лаххьа Шалажца йолчу Далинтог1и чохь а, Бекшан тог1и чохь а хуьлуш ду и тайпа хьозий.


[нисйé] Ćir-ćir h́oza

Luscinia svecica tom (Marek Szczepanek).jpg

Ćir-ćir, ЦIир-цIир — (en. Luscinia), (оьрсаша "Соловей" олу). Цуьнан бос таь1на мокха бу. Иза хуьлу хьаннашкахь, бошмашкахь, хин тог1ешкахь, хиш долчу меттехь. Дег1 вукха хьозанчулла бен дац цуьнан. Ц1ога дехо ду. Декаран аз хаза ду. Бен лаьттахь бо цо. Х1оьаш 4-5 до май-июнь баттахь. Цуьнан х1оьаш ал бос болуш хуьлу.


[нисйé] Beşara h́oza

Beşara h́oza.jpg

Beşara h́oza, Бешара хьоза — (оьрсаша "Лазаревка" олу). Т1емаш а ц1ога а сийна ду букъ баьццара бу, хьаж к1ай ду цуьнан, беснеш а к1ай ю, лаг 1аьржа ду, хандаргана т1оьхула а 1аьржа мас ю. Накха можа бу, чук1ело а можа ю. Хьуьн чохь а бошмашкахь а хуьлуш ду и тайпа хьоза. Баннаш дечу хенахь цхьана хуьлу стен боьршан шиъ. Диттан гаьннаш т1ера каде ду г1аттар, кхечу гаьн т1е хаар. Бен диттан хари чохь бо. Х1оьаш апрель-май баттахь до 5-10. Х1оьаш к1ай хуьлу, ц1иэ бос бетталуш, ал т1едарчий а долуш. Декар иштта ду: "Ци-ци-ц1ир-р-р".

[нисйé] Ḣaźa. qin

[нисйé] Билгалдаккхар

[нисйé] Ḣaźorigaş

Долахь болу гlирсаш
Цlерийн ана

Кепараш
Дийраш
Шавигар
дакъалацар
Гlирсаш