Будённовскан рейд

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шамиль Басаев

Будённовскан рейд —- 14.6.1995 ш. Шамиль Басаеван куьйгаллица нохчийн тӀемалоша, Будёновск олу гӀаскхийн гӀалийна тӀелатар дира. Билгал доцчу хьосташа дийцарехь, нохчийн тӀемалой Москох боьлхуш хилла, оцу ниетна новкъарло йина бахьана хууш дац.

Шаьш динчу тӀелатарехь тӀемалоша гӀалан лазартне дIа а лоцуш, закъалт нах лецира. Баси Шемалс дуьнене кхайкхам беш дIахьедар дира: «ТӀом ца сецча, амал дайна, сайн къоман тӀехь йаллош йолу къизалла сацо Iалашо йолуш йаьккхина гӀулч ю! Нохчийчуьра тӀом саца бе, эскарш ара даха!».

ГӀаскхийн Ӏедало, Шемал а, цуьнца болу тӀемалой «террористхой» бу аьлла кхайкхийна, закъалт лаьцна нах маьрша баха лерина операци дIахьур ю шаьш аьлла, хазийтира ТВ чухула. ШолгӀачу дийнахь гӀаскхийн Ӏедалца хиллачу къамел тӀехь нохчийн тӀемалой, шайца 150 закъалтхо а вуьгуш, Нохчийчу баха новкъабойлира.

Кхин хьажа[нисйе бӀаьра | нисйе]